доллар    56.45 $
евро 63.13 €
29 мая, 22:15
Погода в Грозном +16 в Грозном

Туьйранаш доцуш диса ца деза бераш

22 марта в 12:29 (2010 г.)
Хууш ма-хиллара, шайн балхаца доьзна журналисташ ца кхочуш цхьа а меттиг ца юьсу. Кест-кеста хуьлу уьш, масала, дешаран а, социальни а, культуран а, кхийолчу а учрежденешкахь, довзуьйту цигара диканаш а, кхачамбацарш а. Бакъду, шен белхан декхарш кхочушдарца доьзна дацара дIадаханчу оршотдийнахь «Вести республики» газетан корреспондентан Нохчиева Мареман ТIехьа-Мартан районан Бумтарчу юккъерчу ишколе яхар. Цигарчу библиотекина совгIатана нохчийн а, оьрсийн а маттахь киншкаш а, журналаш а дIадалар яра Iалашо. Бумтарчу ишколан библиотекина дIаяла киншкаш гулъеш со хиларх лаьцна республикан яздархошка а, поэташка а, ткъа иштта кхиболчу нахе а дийцира ас, – бохура М.Нохчиевас. – Билгалдаккха деза, дукхахболчара шайн таронашка хьаьжжина гIо а лецира. Уггар хьалха сан дехар кхочушдинчех вара хIинца вайна юкъахь воцуш волу «Даймохк» газетан политикин отделан редактор Алиев Iалви. «Святая лезгинка» а, «Орлиная высота» а цIерш йолу шен киншкаш дешархошна совгIатана елира оцу вевзаш волчу поэта. «Бумтарчу хьомечу дешархошна кханене сатуьйсуш» аьлла, шегара дешнаш яздира Iалвис.
ЮьстагI ца Iийра вевзаш волу поэт Мамакаев Эдуард а. Цуьнан ден Мамакаев Iарбин нохчийн маттахь «Нохчийн лаьмнашкахь», оьрсийн маттахь «Я был твоим, Кавказ» киншкаша хьокъала йоллу меттиг дIалоцур ю ишколан библиотекехь. Уггар кегийчу дешархошна ма-хетта хир ю берашна лерина Мамакаев Эдуарда ша язйина йолу киншкаш.
Москварчу бакъонашларъярхоша а дакъалецира М.Нохчиеван Iалашо кхочушъярехь.
– ДIадаханчу шарахь «Гражданское содействие» комитетан куьйгалхочун Ганнушкина Светланин гIоьнца нохчийн матте а яьккхина, арахийцира дуьненан халкъийн туьйранийн кхо том, – билгалдаьккхира журналиста. –Дукха хан йоццуш ша кхуза еана йолчу хенахь сан Iалашонах лаьцна шена хиъча, дешархошна дIало аьлла, нохчийн матте гочдинчу туьйранийн кхо том елира Светлана Алексеевнас. Иштта цу гIуллакхехь дакъалаца лиира С.Ганнушкиница кхуза веана хилла волчу профессорна Ройтберг Михаилна. Юьртарчу хьехархошна эша мега аьлла, математикехула ЕГЭ-на кечамбаран методичка елира Iилманчас.
Кхин а М.Нохчиевас билгалбехира «Орга», «Вайнах», «СтелаIад» редакцийн белхахой. Дешархошна дIадахьийта журналаш делира цара.
«Бумтара ишкол хIунда яра ахь хаьржинарг?», – аьлла, оха шега динчу хаттарна Марема делла жоп бух болуш дара.
– Бумтарчу бахархошна хаа деза, шайна сагатдеш республикан куьйгалхой хилла Iаш цахилар, – элира цо. – ТIом болуш алсам зенаш дарна билгал ю иза. Ишкол цу юьртан маьрша дахар дIахIуттуш хиларан билгало ю. Шайна лерина яздина дийцарш, туьйранаш доцуш хила ца деза бераш.  Соьга хаьттича,  Бумт кхиарца дуста деза вайн республикан кхиар а.
– Даггара баркалла ала лаьа Нохчиева Маремана а, ишколе киншкаш йохьуш гIо мел лаьцначарна а, – бохура Бумтан ишколан директора Мержуева Луизас. – Схьахетарехь, ишттачу гIуллакхаша гIиллакх-оьздангалла кхиайо вайн бахархошлахь, хIунда аьлча, къинхетамца доьзна ду уьш. Теша лаьа, журналистах Нохчиева Маремах кхечара а масал оьцург хиларх.
Э.ДАВЛЕТБАЕВ.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет