ХІокху деношкахь Зорбанан цIийнахь меттигерчу журналисташна пресс-конференци елира вевзаш волчу яздархочо, экономически Iилманийн доктора Ибрагимов Кантас. «Грозный-информ» зала чохь гулбеллачара тидам тIебахийтинарг дара яздархочун «Берийн дуьне» роман Нобелан совгІатана хьалхататтар. Журналистийн хаттаршна жоьпаш луш Кантас билгалдаьккхира: – Суна доккха сий ду Нобелан совгІатан номинант со хилар. Россин Федерацехь дукха бу иштта хила хьакъболу яздархой, амма сан цIе цу юкъаяхар нохчийн литература ларар а, дуьненаюкъарчу тIегIана тIе и ялар а ду. И коьртаниг а ду. Сан араяьллачу ялх романах «Берийн дуьне» къастор Бексултанов Мусан, Яричев Iумаран, Абдулаев Лечин лаам бара, схьахетарехь, царна гIолехь хаьа, суна-м сайнпроизведенеш ерриш а цхьабосса ю, делахь а «Берийн дуьне» чIогIа хала язъелла, ас итт шарахь дагца кхаьбна, сица язйина ю иза. Цуьнан хала хилар чаккхе хаар дара. Коьртачу турпалхочун кIентан валар сан сина тIеIаткъам беш дара. Цуьнан  валаран къахьалла – соьга сайн къиношна даредайтар, дохковалар, со царах цIанвалар, нислучу кепара бехказавалар. Со – адам, къонах – бехке ву, со бахьнехь дуьнентIе даьллачу беран дуьне дохарна. Ала лаьа, романан чулацамна тIехь суьрташ дехкинчу Даудова Фатимин корматаллин кхиам а кIезиг цахилар.

– Нагахь и роман совгІатана магийна, чекхъяьлча (Дала мукъ лахь и ер ю!) хьаьнца доькъур дара ахь цуьнан сий? – аьлла, шега деллачу хаттарна Кантас иштта жоп делира:

– И иштта нисделча – кIантаца, романан турпалхочуьнца а, сайн деца-ненаца а доькъур дара. Дуьненахь а, доьзалехь а нислучу дуккха а долчу галморзахаллех ларвина со цара .

ДIадаханчу бIешаран 20-чу шерашкахь кхоллаелла нохчийн литература цхьана хийца ца лучу хоршахь кхуьуш ю, олий, билгалдоккхуш хуьлу

дукхахьолахь, цу тIедоьгIна а шена хетарг элира Кантас:

– Билггал бакъдолуш ду Ошаев Халид, Мамакаев Мохьмад, Гадаев Мохьмад, Сулейманов Ахьмад, Айдамиров Абузар, церан могIарера кхиболу яздархой а къовламечу хьелашкахь яздан дезаш хилла хилар, царал тIаьхьа яздинчеран а юхахьожуш яздан дезна хилар, цхьабакъду, церан литература ца хиллехь, нохчийн таханлера литература хир яцара. Луларчу республикийн литературан   кхиамашка ладоьгIча, исбаьхьаллин агIор дуккха а лакхарчу тIегIанна тIехь лаьтташ ю вайн литература. Тахана а кIорггерчу чулацаман хазна – 60 киншка – чекхъяьлла, зорбане кечйина Iуьллуш ю вайн меттигерчу авторийн, арахеца таро хилчахьана.

Вевзаш волчу яздархочо Берсанов Хожа-Ахьмада олуш ду: «Нохчийн яздархочо нохчийн маттахь яздо». Ткъа Кантас оьрсийн маттахь яздахь а, нохчийн яздархо и хилар шеко яц, цуьнан турпалхойн дог-ойла, дуьнене хьежар, гIиллакх-гIуллакх, амалш, дерриг а орамашцанна нохчийн ду, ткъа нохчийн маттахь цаяздар хIун ду аьлла, шега хаьттича, Кантас элира:

– Муьлххачу а къоман культурина тIеххьа лаьтташ къоман юкъаралла хила еза, суна и тоса ца елла. Нохчийн яздархоша яздо къоман лазам шайн лазам болу дела, амма  иштта дукха дIадахалур дац. Вайн юкьаралло а, Iедало а  вешан поэташ,  яздархой, Iилманчаш Iалаш ца бича, церан терго ян цхьа а вогIур вац. Хууш ма-хиллара, уьш эхье, экаме амалш йолуш хуьлу. Суна халахеташ ду, дуьненна а вевзаш волчу поэтан Арсанукаев      Шайхин Iер-дахар ледара хилар, оцу могІарера кхидерш а. ТIаьхьа байтамаллин дешнаш ца дитархьама, тахана вайн декхар кхочуш дан деза вай. Муьлххачу а хIуманна а бахьана деза, цхьанна дуьхьа деш хила а деза, ткъа нохчийн литература хьовха, муьлхха а литература кIезиг йоьшу дуьнен тIехь, дукха хьолахь телевизоршка, киношка марзбелла нах, вайн литературе марзо кхолла цунах лаьцна исбаьхьаллин фильм яккха еза. Коьртаниг киншка яц, – искусство ю. Сан «Къоьжа Кавказ» цIе йолчу романна тIехь кечйина опера ю, «Мосфильмехь» кино яккха дина кечдарш а дара, делахь а тахне хийцам болуш яц. Оьрсийн маттахь ас язъяхь а, со ешархошна вовзахь а, Россин юкъаралло мотт кхобу сох лаьцна. Ткъа нохчийн маттахь ас яздина ши дийцар ду, кхин дIадерг а хено гойтур ду.

  Кантин кхоллараллина тIехь тидам латточарна билгалдаьлла, иза Россин Имперехь нохчех дуьххьарлера  суртдилларан Академик хилла волчу Пётр Захаровх  лаьцна роман язъеш хилар. Цунах лаьцна яздархочо дийцира:                        – ТIаьххьарчу тIулга тIекхаччалц йохийначу Дадин-Юьртах дуьнен тIехь дисна зов ду Захаров. Иза турпаллин къонахалла йолуш стаг хилла. Дагна чIогIа тIеIаткъам болуш тема ю иза. Ас масийттазза а язйинарг хIаллак а йина, амма Шахбиева Мадинин къардайна хиларо яхье воккху со. Архивашкахь бан безаш дукха белхаш бу. Цу гIуллакхан корматалла йолчу наха ца бича со а, вайх муьлхха а тIаьхьа кхуьур волуш хIума дац, ткъа цу нахана там бан беза. Сан таро йолчу кIеззигчу хIумнах тоам беш, суна, хIан-хIа вайна, нохчийн къомана, вайн истори юхаерзо гIо до Московски архиван белхалоша Карпеев Игора, Якушкин Геннадис, Молева Иринас. Царна вайн къоман цIарах баркалла ала догIу. Кхин цхьа хIума а ду билгалдаккха дезаш: вешан къоман искусствон хазна Iалашъян а, цунна дола дан лаам а, таро а хила еза вайн. Захаровн произведенийн каталог арахеца еза. Хууш ду, цуьнан дукха произведенеш гIаличуьрчу музейхь хIаллакьхилла хилар. Ткъа бухайисинчийн а дола ца дахь, вайх нохчийн къам  ала деза?

 Схьахетарехь, мел дукха Iийча а кІордийна, я дийца хIума ца карийна къаьстар дацара яздархочух,  ткъа  массарна а лууш дерг цхьаъ дара: Делан комаьршонца, Нобелан совгІатана а хьалхатеттина  Ибрагимов Кантин «Берийн дуьне» роман беркате хуьлийла а, и бахьана а долуш,  нохчийн литература дуьненаюкъарчу лакхене кхочийла а.

Т.САРАЛИЕВА.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2