БисмиллахIиррахьманиррахьим. Ас тоьшалла до: АллахІ цхьаъ хиларан а, шеца декъашхо воцуш и хиларан а, юха а ас тоьшалла до: боккъал а Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) – Делан лай хиларан а, Цуьнан Элча хиларан а, Дала и ваийтина нийсо яхьаш а, бакъ-дин дахьаш а, и дин гучудаккхархьама. Делера салават хуьлда вайн Делан Элчанна а, цуьнан цІийнан охІланна а, цуьнан асхьабийн тобанна а, цунна тІаьхьа мел хІоьттинчунна а Къемат-де кхаччалц.ХІай Делан леш, ас шуьга весет до, айса-сайга хьалха а деш, Делах кхерарца: Цунах кхоьрийла шу, Цунна муьтІахь хуьлийла шу – боккъал а И Дела ма ву Шех кхоьручаьрца. Ша магийна дика Іамалш ечаьрца а ву шуна И Дела. Сийлахь а, Лекха а волчу  АллахІа боху Шен Къуръан чохь: «ХІай адамаш, шаьш кхиош-кхобуш Волчунах кхоьрийла шу, боккъал а Къемат-де, мохкбегор доккха а, деза а, хала а хІума ду шуна. Оцу дийнахь гур ду шуна шайна а: бер дакхийначунна дицлур ду ша  и дакхийна хилар, дегІаца мохь (бер) лелочо хеназа охьабуьллур бу мохь, адамаш дехна гур ду шуна, амма  дехна хир дац уьш,  делахь а Делан Іазап хала хир ду, чІогІа а хир ду». Дала боху Къуръан чохь Шех кхоьрийла шу и Къемат-де тІекхачале, валар тІекхачале, Далла дуьхьал шаьш хІиттале Шех кхоьрийла шу.
Тахана вай къамел дийр ду, и къамел вайна Іотталуш делахь а, хала къамел делахь а, бакъдерг ца дийцича ца довлу вай! Тахана вайн къамел хир ду зударийн духарех лаьцна.
Делера салам-маршалла хуьлда цунна, Делан Элчано боху шен хьадисехь:
– Эхьхетар а, ийман а цхьаьна догІуш ши хІума ду, шалха ца долуш ши хІума а ду. Эхь хьоьгахь дацахь, ийман хьоьгахь дац бохург ду иза. Тахана зуда-стаге Іеламнаха хІун боху? Зуда-стеган уггар эхьхетар хІун ду боху?  Цуьнан духар ду боху. Духар дуьйхина яций и зуда-стаг – эхьхетар цуьнгахь дац хьуна боху. Іеламнаха кхин хІун боху?  Нагахь санна зударий нисбелча, Мухьаммадан уммат нисса ах нисделла хир дара боху. ХІунда аьлча, дукхахдолу зуламаш а, питанаш а зударех долуш ду, церан духарех долуш ду. Церан оьзда цалеларх долуш ду Кегий нах хьан Іехош бу?  Зударша Іехош бу. Зударша Іехийча, хІун дІадолало?  Девнаш, питанаш дІадолало. Зуда-стеган уггар чІогІа эхьхетар  −  цуьнан духар ду боху.
(Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делан Элчано боху кхечу хьадисехь:
– «Нагахь санна хьо эхь хеташ вац-кх, – хьайна луъург дойла ахь».
Эхь хьоьгахь дац-кх – ийман а дац хьоьгахь. Ийман дацахь,  хьайна луъург дойла ахь боху. Ахь диначунна бекхам хир бу хьуна бохург ду иза.
Эхь хеташ хуьлий зуда-стаг, Дала шега хьулъе аьлла йолу меже гучу а яьккхина и лелаш  хилча?!
Эхь хеташ хуьлий зуда-стаг, «ерзина» и лелаш хилча?!
Эхь хеташ хуьлий зуда-стаг, шен йоІе йовлакх ма леладе бохуш хилча?!
Хьуьжарехь зудаберашна цхьа хьехам беш, ишколехь йовлакхаш аш лело деза аьлча, цхьана йоІа боху соьга  шен нанас ца леладойту шега йовлакх.
Тахана, валлахІи, боьршачу нахе зударий санна эвхьаза лела деза шу аьлча, боьршачу нахах дукхахберш хІуттур ма бацара иштта эвхьаза лела. Иштта шайн меженаш гайта хІуттур бацара боьрша нах, хІунда аьлча, тахана боьршачу нахехь эхь дукхаха ду зударшкахьчул. Тахана ахь зударшка дІааьлча, духар хІунда ца леладо ахь аьлла, уггар хьалха вайн гергарчаьрга а олуш, цара олу, ва АллахІ, цу дин чохь сан духар доцург кхин хІума дац те?!
Дуккха а хІуманаш ду вайн дин чохь. Делахь а, Дала парз  дина, зударшна тІедиллина, вайна ламаззий, мархий, закат даларрий, Хьаьж-цІа вахаррий санна, духар лелор а ду.
Дала боху Шен сийдолчу Къуръан чохь:
–ХІай Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), ахь алалахь хьайн зударшка а, зудаберашка а, бусалба нехан зударшка (бусалба нехан зударий – вайн зударий а, зудабераш а ду) а шайна тІе духарш духа боху Дала. Иза герга хир ду хьуна царна, боху Дала, ийман долуш зударий хиларан билгалонна. Царна зенаш хир дац хьуна, цаьргара зенаш а хир дац хьуна.
Дала омра дина, Дала омра динарг – парз дина тІедиллина бохург ду – бусалба зударшна шайна тІе духар духа аьлла.
ХІунда духуш ду и? Бусалба ю аьлла цунна билгало хилийта.
ХІунда духуш ду и? Бусалба нахана цуьнгара зен ца далийта.
ХІунда духуш ду и?  Бусалба нахера цунна зен ца далийта.
Зен дац и, ткъа, тахана «ерзина» иза араяьлча, цуьнга хьо хьаьжча, хьуна къа леташ а хилча, цунна къа леташ а хилча,  зен дац и?! Зен дац и, ткъа, тахана «ерзина» иза араяьлча, жимачу стага, тІехволуш, товш доцу дош аьлча?!
Бакъдерг дийций вай – духа ма-деззара духар дуьйхина зуда хилча, боьрша стаг ларло цу зудчух, хІунда аьлча, билгало хуьлу цунна цу зудчун духарх и ийман долуш  хиларан.
Делахь а вайн зударий муха хуьлу хьуна аьлча, духарца нисъелла яцахь а, дог цІена ду шен олуш хуьлу. Дала ца аьлла дегнаш хьулде, дегнашна духар духа а ца аьлла. Хьайн дегІана духар духа аьлла Дала.
Дала шен сийлахь долчу Къуръанан аят чохь хІун боху зударшка:
–ЖехІилан заманчохь шаьш гучуйохуш хилла йолу меженаш гучу ма йохийла аш боху.
ЖехІилан зама хІун ю аьлча,  Ислам-дин доссале хилла зама ю. ЖехІилан заманчохь гучуйохуш хилла йолу меженаш муха хилла аьлла хета шуна, цу хенахь дегІ гучудаккхар хІун хилла моьтту шуна? ВаллахІи ца хилла таханлерчу заманахь дерг-м. Цу хенахь дегІ гучудаккхар хІун хилла аьлча, лаг гуш хилла церан зударийн, чІаба а гуш хилла. Оццул а меже гучу ма яккха боху  Дала. Тахана лаг-м, хьовха…  Тахана питана дац и, ткъа, зуда-стага мел дукха Іамал ярх, цкъа иза араяьлча, бІе стаг хьожу цуьнга – бІе къа латадо цо. ТІаккха мича йоьду цуьнан Іамал? Цо мел дукха Іамал ярх а, иза мел чІогІа цІийндена муьтІахь хиларх а, цкъа чуьра араяьлла иза чу еача,  ша мел динарг, кІиранах динарг дойу цо. Мичахь хир бу цуьнан мела? Мичахь хир ду ийман-беркат? Мичахь хир ду вайн нисдалар?
Цундела хаа деза вайна лакхахь далийначу Къуръанан аятера, Дала парз ламаз, марха кхабар тІе ма-диллара, зударшна духар тІедиллина хилар дуй. Зударийн духар хІун ду хьуна аьлча,  зудчун гайта мегаш ши куьг а, юьхь а бен цахилар ду.
Ахьмад бин Хьанбала бохуш  Іеламстаг хилла. И базархула вогІуш, хьалха йоьдучу цхьана зуда-стеган кучан юх, мох хьаькхна, айбина, кІажа гучубаьлча, Ахьмада бин Хьанбала, Дела реза хуьйла цунна, катоьхна шен оба юьхьа тІе а лаьцна, аьлла-кх: «Питане зама ю хІара!»
Тахана зударий оццул «берзина» лелаш хилча, питане зама муха яц хІара, ткъа?!
Джабраил-малико аьлла-кх (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делан Элчане Хьо дІаваьлча, доьазза дуссур ду ша... ТІаьххьара дуссур ду ша – зударшкара эхь дІаоьцур ду ша!
Хьанна хІун хаьа − тІаьхьара зама хила а мега хІара, Далла дика хуур ду! Делах эхь хетар хила дезара вайн массеран.
(Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делан Элчане зударийн духарех лаьцна и ши аят доьссича, ламаз тІехь (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делан Элчано и ши аят дийшира боху шен асхьабашна. И ши аят дешначул тІаьхьа асхьабаш дІасабахара боху шайн хІусамашка, и Къуръанан аяташ шайн зударшка дІакхачорхьама! ХІун аьлла хета шуна,   маса бутт баьлча церан зударша духар дуьйхира моьтту шуна?! Тахана вешан зударий нисбан вай доьлча, вайна ши-кхо шо хан езар яра аьлла хета. ШолгІа ламазан хан еача, (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делан Элчанан асхьабаш ламазе схьабаьхкира боху, цаьрца цхьаьна церан зударий а, (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делан Элчано билгал ма-даккхара духар а дуьйхина! ХІунда баьхкина уьш  иштта?  Дала бохург хьалхадаькхина цара, хазалла хьалха ца яьккхина цара − куралла а хьалха ца яьккхина цара, керста наха лелош дерг хьалха ца даьккхина цара, церан мода а хьалха ца яьккхина цара. Дала аьллий – чекхдаьлла! (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делан Элчано аьллий – чекхдаьлла! Ваьшка аьлча, вай ойланаш йо: «Иштта дуй техьа и, цу стагах тешам буй техьа, цо хІун юьйцу  те, олий?» Дала боху вайга, (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делан Элчано боху вайга, кхин цхьамма а ца боху вайга. Тахана шадерш тІарикъатан охІла ду вай. ДІаладогІа, цхьана а устазан хІусамнана а, церан зудабераш а духар доцуш леллий?  Ца лелла.
Тахана дерг хІун ду хаьий шуна?! Тарикъатах а, шариІатах а вайна дезарг схьаоьцу вай. Цадезарг нисделча,  ца гуш санна, ІадІа вай, тап-аьлла. Цунах лаьцна цхьа хІума ала догІу кхузахь. (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делан Элчано аьлла-кх: «Бен-башха хеташ воцчу къонахчунна ялсаманин хьожа а кхетар яц».  Бен-башха хеташ воцург мила ву?  Шен зуда-стага йовлакх лелийча а, ца лелийча а бен-башха дац цунна, шен чуьра мехкарша и лелийча а, ца лелийча бен-башха дац цунна, цара ламаз дича а, ца дича а бен-башха дац цунна, цара хІуъа а лелийча а бен-башха доцуш хІокху динехь волу стаг ву. Цу стагана аьлла-кх (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делан Элчано  ялсаманин хьожа а кхетар яц цунна! Ялсаманин хьожа мел гена кхета шуна аьлча, пхеа бІе шеран некъана гергавахача а кхета боху цуьнан хьожа. Оццул герга а гІур вац боху бен-башха хеташ воцу къонах ялсаманина. Бен-башха хеташ дац вай тахана. ХІунда дац  вайн зударшка хьовса, вайн зудаберашка хьовса: уьш цхьанхьара балийна ма бац. Уьш Москвара балийна бац, уьш Петербургера балийна бац − уьш вайн нохчийн зудабераш ду, вайн йижарий бу, вайн зударий бу, вайн наной бу. Нагахь санна вай бен-башха хеташ хилча, хІорамма шен чуьра дуьйна дІаволавелла, нехан зударшна а ца луьйш, шен зударий нисбийр бара!
(Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делан Элчано аьлла шен хьадисехь кегийчу нахе, тахана зуда яло луучунна а, зударшна а хьехам бу хІара:
– Шуна юккъера уггар вон зударий муьлха бу аьлча,  «берзина» лелаш берш бу, аркъалсеттина, кура лелаш берш а бу!
(Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делан Элчано боху вайга: «Вон зударий бу шуна «берзина» лелаш берш. Цундела, хьайна зуда-стаг хоржучу хенахь, диканиг, кура йоцург, духар лелориг харжалахь!
Кхечу хьадисехь боху (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делан Элчано. Кхераме хьадис ду хІара, бакъ-хьадис ду, Муслима дийцина хьадис а ду хІара:
– Шен тобанех шина тобанан нах бу боху (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делан Элчано, жоьжахата чу гІур болуш бу уьш, я шена гур а бац уьш боху (я АллахІ, Везан Дела, цу жоьжахатих тхо лар а делахь, (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делан Элча Къемат-дийнахь гар а лолахь). Хьалхара тоба аьлла (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делан Элчано: «Цхьа къам хир ду шайн карахь шодмаш йолуш, адамашна уьш етташ. И хІун къам ду ца хаьа вайна. ТІейогІучу цхьана заманчохь гучубовла а мега уьш. ШолгІа тоба муьлха ю аьлча, (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делан Элчано аьлла-кх, зударий бу аьлла, духарш дуьйхина, кхузахь дика тидам белаш, духарш дуьйхина а болуш, «берзана» а болуш, бакъон тІера дІахьаьвзина а хир бу уьш, (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делан Элча пайхамар хиларан билгало хилла-кх тІаьхьара зама йогІург хилар хаар, (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делан Элчанна хууш хилла-кх тІаьхьарчу заманахь зударий, духар дуьйхина белахь а, «берзана» хир буй! И вайн зударийн тІелетта, чекх са гуш долу духарш ду-кх уьш. Церан билгало хир ю – церан кортош эмкалан даккъаш санна хилар, эмкалан дукъ гиний вайна, тІе мас а яьлла, тІаргІа а баьлла букъ, цу кеппара берзина кортош болуш зударий хир бу уьш.
 – И зударий, − аьлла  Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) − жоьжахати чу гІур бу, эхартахь шен бІаьрга а гур бац!
ТІаьххьарчу хьадисехь аьлла-кх(Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делан Элчано:
– Ялсаманин хьожа а кхетар яц царна!
Тахана вайна хилларг хІун ду техьа? Аравала йиш яц хьан! Аравалахь-м, юьхь дІакъевлина лела везар ву! Къинойх вузу-кх хьо, араваьлча!
(Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делан Элча а, цуьнан асхьабаш а къонахий хиларан билгало хІун хилла аьлча, (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делан Элчано, цхьана зуда-стеган дегІ гучудаьлла аьлла гІазот дина.  (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делан Элчанан заманчохь цхьа зуда-стаг яхана хилла Мадинатна юххехь йолчу цхьана жуьгтийн шахьара. Цу шахьарехь жуьгташа духкуш деши хилла. Шена деши эца цу шахьара яхча, и базархула йолаелла лелаш, жуьгташа, кІело а йина, оцу бусалба зуда-стагах кхаьрдаш, цуьнан бедарх схьатилла тай схьа а лаьцна, и тай озийна, дегІан меженаш гучуяьхна боху цуьнан. Цуьнан дегІан меженаш гучуяьхча, (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делан Элчанан цхьа асхьаб, и ца ладелла, цхьаъ бен къонах ца хилла цигахь бусалба нахах,  цу жуьгтех летта. Цара вийна боху и. И вийча, (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делан Элчано,  шега и хабар схьакхаьчча, бусалба зуда-стеган цхьа меже гучуяьккхина аьлла, эскар гул а дина, тІом бина, и жуьгтий хІаллакбира боху. Къонах хилла хилар ма ду иза, бусалба зуда-стеган меже гучуяьлча, тІом бина цара!
Тахана вайн зударшца тІом бе а ца боху цхьамма а, и зударий кхио ма-беззара кхиабе боху! Царна дин дІадийца, царна етта ма етта! Довзийта царна дин, хьехам бе боху! Ахь хьехам бахь, хьо санна бусалба нах ма бу уьш а, кхетар бу уьш! Тахана вайн къонахалла мичахь ю техьа?
(Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делан Элчано аьлла-кх:
– Бен-башха хеташ воцчу къонахчунна ялсаманин хьожа а кхетар яц, – аьлла. Дала нисдалар лойла вайна!

Абдулаев Аслана бина хьехам дІаязбина  Абдулкадыров Адама

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2