Баьчча

7 апреля в 15:11 (2010 г.) 2922
Селхана кхо шо кхаьчна Кадыров Рамзан Нохчийн Республикан Президентан дарже хаьржина. Россин гІараваьлла волу къона политик, ондда лаам, доккха хьуьнар долу стаг, кІадвалар девзаш воцу къинхьегамхо, доккха ийман долу муъма стаг, баьчча ву Кадыров Рамзан. Вайн Президентан иштта мах дозанал арахьа а хадош болу дукха хан ю. Цигахь берш эххар а кхетта шеца дика амалш, доккха хьуьнар, доьналла долчу стаге бен тІом хиллачул тІаьхьа дІаяьллачу йоццачу хенахь инзаре баккхий хийцамаш республикехь балург цахиларх. Кхо шо хан бен яц Кадыров Рамзан Президентан даржехь волу. Цецвийлина а ца волу оцу къоначу стеган куьйгаллица Нохчийчохь хуьлуш болчу хийцамех. Мел доккха хьуьнар, майралла хила еза тІеман чолхечу хьелашкахь нисъелла республика овкъаршкара, саьлнашкара гІатторан декхар шена тІелаца! Рамзана иза тІелецира. Тахана, кху республикех дог диллинчара а, дуьненах чам баьлла хиллачара а даре до – Кадыров Рамзан, шеко йоццуш, къоман баьчча ву, ша саннарг кхин хир дуй-те аьлла хеташ адам ду. Цо шен гІуллакхашца чІагІдо Лекхахинволчо башха хьуьнар, похІма деллачу цхьана стаге а историна Іаткъам балург хилар, заманал хьалха а вуьйлуш гІуллакхаш далург хилар.
Россин Федерацехь тахана дукха субъекташ яц Нохчийн Республикехь санна шуьйрачу барамашкахь а, сихачу боларшкахь а гІишлошъян ницкъ кхочу шайн аьлла дозалла дан йиш йолуш. Оцу белхийн жамІаша воккха а вево, бІаьрг а хьоьсту. Хьовсийша вайн аэропорте. Къилбаседа Кавказехь уггар а хазачех ю иза. Хьакъ а долуш елла цунна дуьненаюкъарчу аэропортан статус. Иштта, тоьлла Зорбанан цІа а ду вайн, журналисташна лерина башха сквер а йолуш. Юха йина Пачхьалкхан театрально-концертни зал. Йина аквопарк, самукъадаккхаран марказ (центр), шена чохь кинозалаш, кафеш, хехкадала ша болуш. Кхин хІумма а ца хилча а, вай дозалла дан тоьар дара Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цІарах долу Соьлжа-ГІалара «Нохчийчоьнан дог» цІе йолу исбаьхьа маьждиг. Цунна гуонаха кхоьллина вуно йоккха исламан марказ.
Кадыров Рамзанах лаьцна дийца дуккха а ду. Мел дийцарх кІордор а доцуш. Оцу стеган хьекъал, кхетам, ницкъ, похІма довза лаахь тоьар ду гонаха хуьлуш долчуьнга бІаьрг тоьхча а. ТІаккха а, юх-юха а цецвуьйлу хьо цо деш долчух, цуьнан оьшуш доцчу, гІеллуш доцчу хьуьнарх, бала-гІайгІа дукха лайначу вайн махкахь цо дечу мелехьчу гІуллакхех, цуьнан комаьршаллех.
Вуьшта, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа санна волчу цІеяхханчу, турпалчу ден кІант кхечу кепара хуьлийла а дацара. Оцу хьикмактечу, хьуьнаречу ден кІант воцчуьнга дІабахьалур а барий хьовха Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дІаболийна хилла машаран а, халкъ, мохк когахІотторан а некъ. Цуьнан кІанта далийна вай таханлерчу синтемечу дахаре. Цхьадика, Ахьмад-Хьаьжин а, Рамзанан а бІанакъостий цу шинна муьтІахь а, тешаме а хили. Цо таро ели нуьцкъала, бертахь команда вовшахтоха.
Тамашийна ца хетало Россин куьйгалла Кадыров Рамзанах массо хІуманна тІехь а чІогІа тешаш хилар, Россин пачхьалкхан арахьара политически балхаца доьзна цунна шенна декхарш тІедахкаран биста кхаччалц. Иштта бІаьрла ду республикан берриг а бахархоша шайн Президентан гІолоцуш хилар, иза къобалвеш хилар. Иза къеггина гучудолу Рамзанан юкъараллица хуьлучу дуккха а цхьаьнакхетаршкахь. Боккъал а, тамашийна хІума ду халкъо шен баьччанан а, баьччано шен халкъан а оццул боккха сий-ларам бар.
Оцу дерригено а вай тешадо вайна тІейогІу ерш токхе, зовкхе  заманаш хирг хилларх. Цунна закъалт ду Кадыров Рамзан – Россин регионийн куьйгалхошна юккъехь уггар къона а, хьуьнаре а волу куьйгалхо.
Д.АБДУРАХМАНОВ, Нохчийн Республикан Парламентан Председатель.         

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет
Картина дня? Картина дня
Новейший спутник NASA прислал первые HD-снимкиНовейший спутник NASA прислал первые HD-снимки
В мире
Россиянам разрешили въезд в Армению по внутренним паспортамРоссиянам разрешили въезд в Армению по внутренним паспортам
В России
Р. Кадыров: "В Чеченской Республике самый низкий уровень преступности по России"   Р. Кадыров: "В Чеченской Республике самый низкий уровень преступности по России"  
Власть и политика
Брось курить. А вот если не куришь – не начинай! Брось курить. А вот если не куришь – не начинай! 
Спорт и здоровье
Рекомендации населению в связи с прогнозом на 25.01.2017гРекомендации населению в связи с прогнозом на 25.01.2017г
Происшествия
Сбербанк передал вузам книги из собственной библиотекиСбербанк передал вузам книги из собственной библиотеки
Общество
Фотография из
Идет загрузка картинки...
Добавлено:
Просмотров: