Депутаташ субботнике арабевлла

7 апреля в 15:16 (2010 г.) 1938
Нохчийн Республикан Президента Кадыров Рамзана дІакхайкхийначу республикан гІалийн а, яртийн а урамаш, некъаш, ков-керташ, майданаш цІанъяран, куьце ялоран беттан гІо а лоцуш, Нохчийчоьнан Парламентан депутаташа жигара дакъа а лоцуш, тайп-тайпанчу кІошташкахь леррина субботникаш вовшахтуху. Иштта, кху деношкахь парламентареша субботник дІаяьхьира Теркан кІоштарчу Чуьлга-Юьртахь. Цу хьокъехь хаам бира Нохчийн Республикан Парламентан пресс-службо. Цо дийцарехь, субботникехь иштта  дакъалецира кІоштан Советан депутаташа а, администрацин векалша а. Субботник цигахь дІаяьхьира Нохчийчоьнан Парламентан Председатела Абдурахманов Дукхувахас тІедилларца.
– Йоццачу хенахь субботникан дакъалацархоша цІанйира, куьце ялийра администрацин ков-керт, цунна хьалхара майда, кир тухуш къагийра некъа йистошкара бардюраш. Цул сов, кхедира диттийн генаш, дитташна кир а тухуш. Цул тІаьхьа дІадаьхьира хин йистош нехех цІанъяр, гулйина нехаш леррина билгалйинчу метте дІаяхьийтар. Кхочушдира кхин а цхьамогІа гІуллакхаш, – элира Нохчийн Республикан Парламентан Председателан заместитела Усманов Идриса. Цо дийцарехь, шайгара йоккха жигаралла гайтира субботникан берриг а дакъалацархоша. Цуьнца цара масал гайтира юьртарчу бахархошна.
– Вайн республикерчу амалехь ду цІано езар, цІена латто езар хьоьху вайна бусалба дино а. Цундела мехала маьІна долуш гІуллакх ду вайн Президента Р.Кадыровс юкъадаьккхинарг. Оха тІедогІучу хенахь а дІахьур ю субботникаш республикан кхечу кІошташкахь а», – дерзийра шен къамел И.Усмановс. Иштта тІедиллар дина депутаташна Д.Абдурахмановс. Иза кхиамца, харжамхошна шайгара масал а гойтуш кхочушдан лерина бу парламентареш.
ХЬ.САИДОВ.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет
Картина дня? Картина дня
Румен Радев вступил в должность президента БолгарииРумен Радев вступил в должность президента Болгарии
В мире
Охранника «Газпрома» обокрали на 200 тысяч рублейОхранника «Газпрома» обокрали на 200 тысяч рублей
В России
 В Грозном обсудили перспективы развития сотрудничества между  Россией и Республикой Черногория В Грозном обсудили перспективы развития сотрудничества между  Россией и Республикой Черногория
Власть и политика
Сотрудники Минздрава Чечни встретились с представителями международной организации "Медесан сон фротиер" Сотрудники Минздрава Чечни встретились с представителями международной организации "Медесан сон фротиер"
Спорт и здоровье
МЧС РФ по Чечне призывает не выходить на лед МЧС РФ по Чечне призывает не выходить на лед
Происшествия
Жителям чеченского села сообщили о частых причинах пожаров зимойЖителям чеченского села сообщили о частых причинах пожаров зимой
Общество
Фотография из
Идет загрузка картинки...
Добавлено:
Просмотров: