Зорбанан цІийнан актови зала чохь хилира «Нохчийн оьздангалла, мотт  безархойн клубан» рогІера цхьаьнакхетар. Иза схьадиллира яздархочо Юсупов Іусмана. Цо хаам бира клубан декъашхойн рогІерчу цхьаьнакхетарехь дийцаре дан дезачу гІуллакхан тема доьзалехь да-нана ларар хиларх  лаьцна. Цунна лерина дара Хьалха-Мартан районан дешаран отделан методиста Альтемиров Іарбис дина чулацаме къмел.Да-нана ларар нохчийн гІиллакх-оьздангаллехь шен башхалла йолуш ду, – билгалдаьккхира къамел дечо. – Цхьана а къоман доцчу кепара нохчийн ша кепара, коьртачу меттехь ду да-нана ларар, церан сийдар, дахарехь-Іерехь дега-нене ладогІар, церан лаам кхочушбар. Да-нана лоруш воцу кІант цкъа а ца хилла вайн къонах лоруш а, сий-ларам болуш а. Да-нана ларарх, церан сийдарх дуккха а дуьйцу Къуръана тІехь а, хьадисашкахь а. Оцу темина лерина дуккха а произведенеш кхоьллина нохчийн а, кхечу къаьмнийн а яздархоша а, поэташа а.
Юьйцуш йолчу темех лаьцна дара Хьалха-Мартан районерчу Гих-Чуьрчу а, ГІойтІарчу а юккъерчу ишколийн дешархоша хІоттийна сценически сурт. Иза боккха, къеггина чулацам болуш дара. Гуш дара дешархоша цунна лерина, дика кечам бина хилар.
Тема йийцаре ярехь къамелаш дира яздархоша Исмаилов Абус, Берсанов Хожа-Ахьмада, республикан журналистикан къаноша Кагерманов Доккас, Магомаев Салавдис, республикан ярташкарчу цхьамогІа ишколийн хьехархоша а. Цара цхьабарт болуш билгалдаьккхира оцу цхьаьнакхетарехь йийцаре ян юкъаяьккхина тема мехала а, иза къамел динчу І.Альтемировс а, сцена хІоттийначу дешархоша а кІорггера чулацам болуш гайтина а хилар. Къамелаш динчара даггара баркалла элира царна.
Цхьаьнакхетаран дакъалацархоша сацамбира доьзалехь да-нана ларарх, церан сийдарх лаьцна І.Альтемировс дина къамел, кечйина материал тІекхуьуш йолу къона тІаьхье гІиллакх-оьздангаллехь, ийманехь кхетош-кхиорехь мехала маьІна долуш хилар тидаме а эцна, иза республикан ишколашкахь пайдаэца дІасаяхьийта.
С.ЛАЛАЕВ.   

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2