БисмиллахIиррохьманиррохьим.Хастам бу Iаламаш кхиош, кхобуш волчу АллахIана. АллахIера салам-салават хуьлийла Iаламех къинхетам беш Дала ваийтина волчу вайн Элчанна Мухьаммадна, цуьнан доьзалшна, асхьабашна, царна тIаьхьа мел баьзначарна а. Бусалба вежарий, йижарий! Де дийне мел дели вайн дахар тоделла догIу. Нехан хьелаш, аьттонаш совбуьйлуш лаьтта. Делан къинхетам бу иза, амма вай дицдан мегар дац, рицкъа луш верг Дела хилар. Шен Сийлахьчу Къуръанехь, Муса пайхамаран (Деле реза хуьлда цунна) дешнашца боху Цо. Шега Делан мостагIчо ПирIуна, шуьшиннан (Мусан, цуьнан вешинХIаронан) Дела мила ву аьлла, хаьттича, Муса-пайхамара (Делера маршалла хуьлийла цунна)  элира: «Тхан Дела – Ша мел кхоьллинчунна оьшшург делла а, оцу Ша деллачух дуьненахь ирс эца, эхартахь декъалхила некъ Iамийнарг а ву».
«ТIахIа» сурат, 50-гIа аят.
Халахеташ делахь а, хьанал-хьарам ца къестош, дуьненан дохнна тIаьхьабевлларш дуккха нисло вайна юккъехь. Хьенех шел вехаш хилча: «Цунна хIунда делла, суна хIунда ца делла?» – хоьттурш а бовлу. Ткъа АллахI ма ву кхайкхам беш: «Царна ца хаьа те, рицкъа совдоккхург, жимдийриг АллахI вуйла. Боккъалла а, рицкъа совдаккхарца а, жимдарца а муъмин нахана Делера билгало ма ю».            «Зумарат» сурат, 52-гIа  аят.
Нехан шайн рицкъанна тIекхачар тайп-тайпанчу некъашкахула нисло. Цхьаверг гIишлошъярхо хуьлу, важа – хьехархо, кхоалгIаниг – куьйгалхо. Амма шеко яц, стаг шена яздинчу рицкъанал совериг цахиларх. Жабира (Дела реза хуьлда цунна)  дийцина, Элчано (I.с.в.) элира, аьлла: «ХIай нах, Делах кхера, шайна хаза рицкъа лаха. Боккъалла стаг шен рицкъан да  хилла бен лийр вац,  и  мел цунна тIаьхьадисахь а. Делах кхера, шайна хаза рицкъ лаха, хьаналдерг схьаэца, хьарамдерг дита».
Вайн махкахь, дерриг дуьненахь а санна, баьржина бу йохк-эцаран белхаш. Нийсонца, хьаналчу некъахь бахь, дика беркате болх бу иза, Элчано (I.с.в.) а  вовшахбиттина болх а бу. Iумаран кIантера (Дела реза хуьлийла цаьршинна) деана, Элчане (I.с.в.) хаьттинера, аьлла: «Муьлха даьхни (рицкъа) ду диканиг (дезаниг)?» Цо жоп деллера: «Стага шен куьйга даьккхина рицкъа а, цIенчу,  хьаналчу йохк-эцарца гулдина даьхни а». ШарIо магийначу кепара йохк-эцар лелор – иза Далла гергахь мел болуш, даьхних беркат долуш болх бу. Харцонца, хьарамчу некъахь йохк-эцар лелош волчо шена, нахана доккха зулам до. Исламо хьарамдина хIокху тайпана йохк-эцар лелор:
1. Бежана, уьстагI озале, церан шура йохкар; уьстагIна тIехь боллушехь, тIаргIа бохкар, хилла а балале дитташ тIехь боллу стом бохкар. Iаббасан кIантера (Дела реза хуьлийла цаьршинна) деана хIара хьадис: «Элчано (I.с.в.) дихкира хилла балале диттан стом бохкар, ларгазчу хьайбанна  тIера (тIехь боллушехь) тIаргIа бохкар, тIераш чуьра шура йохкар, шурех къастийна боцу налха бохкар а»;
2.  Юхкуш йолу хIума кхожаца билгалъяккхар;
3. Цхьанаметта,  шозза йохк-эцар лелор. Масала, ас хIара машен 10000 соьмах юхку хьуна, нагахь санна ахь хьайн цIа 20000 соьмах дохкахь, аьлла йохк-эцар. Абу ХIурайратера деана хIара хьадис: «Элчано (I.с.в.) дихкина цхьана стагаца цхьанаметта, шозза,йохк-эцар лелор»;
4. Мах бале хьалха  хIума юхкучо оьцучунна  хьалхара  махбаларан бехкам хIоттор. Нагахь эцар кхочушхилахь, и мах хIуманан мехах лоруш, ткъа эцар ца нислахь, юхкучунна и мах совгIатна буьсур болуш. Цунна делил IабдуллахI ибн Iамрера деана хIара хьадис ду: «Элчано (I.с.в.) хIума юхкучунна  дихкина хьалхара мах баккха».
5. Декхарна дуьхьал декхар дохкар;
Масала, цхьана стеган кхечунна тIехь декхар ду. Ткъа и дуьххьарлерниг кхоалгIачунна ву декхар. Оцу декхар волчу шиннах цхьамма шен декхар кхоалгIачунна дохкар бохучу маьIнехь далийна лакхарниг. Хьалхарчо олу кхоалгIачуьнга: «И шолгIа стаг суна декхар ву, цо токхур ду сан  декхар». Iумаран кIантера (Дела реза хуьлийла цаьршинна) деана Элчано (I.с.в.) аьлларг: «Пайхамара (I.с.в.) дихкина декхарх декхар дохкар»;
6. Мах дIа а белла эцна йолу хIума каракхачале кхечунна дIайохкар. Цуьнан бахьана ду, шен каракхаччалц эццачун долахь ца лору и хIума. Цуьнан бух Iумаран кIантера (Дела реза хуьлийла цаьршинна) деана хIара хьадис ду: Элчано (I.с.в.) элира: «ЯахIума эцначо, и шена караяллац йохка ма юхкийла»;
7. Хьайба  ца узуш а латтийна, дукха шура луш ду а моттуьйтуш, дохкар;
Абу ХIурайратера деанчу хIокху  хьадисо чIагIдо иза: «Элчано (I.с.в.) элира: «Эмкалш, уьстагIий ца узуш хан дIа ма тетталаш»;
8. ХIума эца дагахь воцуш, эца баьхкинчарна хьалха ша хIоккхул мах ло а аьлла, и хIума эца луучу нахе  (уьш сихбина) и хIума кхин а безчу мехах эцийтар.
Нагахь санна оцу стага хIума юхкучуьнца бертахь и леладахь, шинне а къа хуьлуш ду. Элчано (I.с.в.) дихкина и тайпа йохк-эцар лелор;
9. Шеца йохка хIума йохьуш юьрта, шахьара веанчуьнга бухахь вехачо, ша духкур ду и кIез-кIеззиг духкуш, олий, цуьнга а ца дохкуьйтуш,  мах тIе а тухуш,  и ша дохкар. Цунна делил, Iаббасан кIантера (Дела реза хуьлийла цаьршинна) деана хIара хьадис ду: Элчано (I.с.в.) элира: «Бухахь вехачо тIевеанчун сурсаташ (товар) ма дохкалаш»;
10. Махка (юьрта) сурсаташ дохка богIучу совдегаршна дуьхьал вахана, оцу юьртахочо, шуьгахь долу сурсаташ юьртахь дуккха ду, церан хьашто яц тхан олий, уьш Iеха а бой, лахарчу мехах цаьргара сурсаташ эцар. Цунна делил ду, Iаббасан кIантера (Дела реза хуьлийла цаьршинна) деана  долу хIара хьадис: «Элчано (I.с.в.) элира: «Махка богIучу совдегаршна дуьхьал а гIой,  церан мах бохош, цаьргара сурсаташ ма эцалаш»;
II. Нахана уггар оьшу сурсаташ цхьанаметта схьаоьций, шегахь дуй ца хоуьйтуш, мах хьалабаллалц латтадой, нах гатбеллачу хенахь и сурсаташ лакхарчу мехах кIез-кIезиг дIадохкар. Элчано (I.с.в.) аьлла, и тайпа хIума дийр дац Iесачу стага бен;
12. Бусалба вешера хIума эцначуьнга, кхечо, ша изза хIума кхин а йорах юхку, алар. Я махбинчул тIаьхьа, хIума юхкучуьнга кхечо, ас оцу хIуманах кхин а беза мах ло, алар. И хьарам хиларан бух  Элчано (I.с.в.) аьлларг: «Бусалба стага бусалба стеган мах ма бохабойла»;
13. Дерриг даьхни хьарам некъаца гулдинчуьнца йохк-эцар лелор.
Иштта хьарам ду оцу стеган кхачанах кхетар, я цуьнца  муьлхха болх бар а.
Нагахь санна, стеган даьхних  хьарам рицкъ хьакхаделлехь, цуьнца мах лелор шарIо карахIат (цалелор гIоли долуш) лерина. Элчано (I.с.в.) аьлла: «Хьаналдерг билгала ду, хьарамдерг а ду билгала. Цаьршинна юкъахь цхьацца шеко йолуш, дукхахболчу нахана довза ца девзаш, хIуманаш ду. Царах ларвеллачо шен дин, сий а цIена латтийна».
Йохк-эцарца хила деза гIиллакхаш дуьйцур ду вай.
Йохк-эцар лелорехь вовшашна хало ца яр, вовшийн аьтто бар.
Масала, юхкуш волчо тIех сов мах ца бехар, оьцуш волчо ша оьцучу хIуманан бехкамаш чIагI ца бар. Иштта хаза гIиллакх ду, оьцуш волчун мах бала аьтто бацахь, цхьана ханна и мах схьалург, цуьнга езарг яхьийтар, декхар схьадоьхуш, цуьнан аьтто хиллалц, и  стаг ца хьийзор а… Элчано (I.с.в.) аьлла: «Дала къинхетам бина, йохкарехь, эцарехь, декхар схьадехарехь  нахана хало ца ечу стагах».
Бакълуьйш, пуьташ ца буттуш мах бар.
Масала, юхкуш волчо, шена хIокху хIуманах юьсуш хIумма яц, алар, я – Китайн, Италин… бедар ю, алар гIиллакхе дац. Элчано (I.с.в) аьлла: «Тешаме волуш, бакълуьйш волу совдегар къематдийнахь пайхамаршца, дикчу, бакълуьйчу нахаца, гIазотехь эгначаьрца а цхьаьна хир ву». Кхечу хьадисехь Элчано (I.с.в.) иштта аьлла: «ХIума юхкуш верг а, цуьнгара оьцуш верг а шина некъана хьалха ву: нагахь санна бакълуьйш, цхьа а хIума лечкъа а ца деш цаьршимма мах бахь, и шиъ дIасакъастале оцу мехах шинне беркат хир ду; вовшашна пуьташ буттуш, мехаца цхьацца хIуманаш лечкъа а деш, цаьршимма мах бахь, оцу механ беркат дIаоьцур ду АллахIа».
Дуйнаш цабаар (ша бакълуьйш велахь а).
Абу ХIурайратера деанчу хьадисехь ду, Элчано (I.с.в.) элира, аьлла: «Юхкучу хIуманна тIехь дуй бааро, цуьнца долу беркат дIадоккху».
Махбечу заманахь сагIийна хIума ялар совдаккхар.
 Элчано (I.с.в.) аьлла: «ХIай совдегарш, боккъал а, йохк-эцарна гергадогIу шайтIа а, къа а. Шайн йохк-эцар сагIанашца иэделаш».
Цхьа хан яьлча мах дIалур болуш долчу йохк-эцарна тоьшаллаш хилар а, тайна (хилла) барт дIаязбина хилар а.
Дала боху: «ХIай ийман диллина нах, шаьш цхьана билггалчу ханна  декхарна хIума луш, и барт дIаязбелаш».
«Бакъарат» сурат,
 282-гIа аят.
Лераме вежарий, йижарий! Дуьненахь вехаш верг шена рицкъанан некъаш ца лехча ца волу. Оцу некъах бу вай хьахийна болу совдегараллин некъ а.  Дуьне пана хилла дIадер долуш ду, дуьсу дерг эхарт ду. Йохк-эцар лелош болчара а, вай массара хIокху дуьненахь ялсамане боьду некъ лаха безаш бу. Ткъа массо хIума дика хууш волчу АллахIа вайна йийцина уггар пайден йолу йохк-эцар. Шен Сийлахьчу Къуръанехь Цо боху: «Боккъал, Къуръан доьшуш, ламазаш деш, Дала шайна деллачу рицкъанна тIера къайлах а, гуш а сагIанаш дохуш берш бу Делера хир болчу, цкъа а бовр боцчу пайдане сатуьйсуш».
Комаьршачу АллахIа  вай  лелочух беркат дойла вайна, Шен къинхетамах а ма дохийла вай.

ИЛЕСОВ Iарби,

А-Хь.Кадыровн цIарахчу хаамийн,зорбанан «Некъ» цIе йолчу Кхерчанзорбанан декъан лакхара говзанча.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна