Кху деношкахь Гуьмсехь цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикан Президент Кадыров Рамзан а, ГІалгІайн Республикан Президент Евкуров Юнус-Бек а. Цу шимма дийцаре дира шина республикехь долу хьал. Дийцира Нохчийчохь а, ГІалгІайчохь а социально-экономически кхиоран декхарш кхочушдарехь, инвестицеш юккъеозорехь, белхан меттигаш кхолларехь деш долчух лаьцна.Шина а президента билгалдаьккхира кегийрхой ийманехь, гІиллакхе, оьзда кхиорехь Іеламнаха мехала маьІна лелон дезаш хилар. Р.Кадыровс а, Ю-Б.Евкуровс а иштта дІахьедира шина республикан Іилманан, культуран, искусствон белхахой кест-кеста цхьаьнакхеташ, зеделларг вовшашна довзуьйтуш, цхьаьна гІуллакхаш деш хилча Іаламат дика хир дара, аьлла.
Президенташа бохура шина республикера халкъаш вежарий бу. Церан истори а цхьаъ ю, гІиллакхаш, Іадаташ, ламасташ, дин а цхьаъ ду. Иза даима а дагахь латто деза. ТІаккха юкъаметтигаш аьхна хир ю, уьйраш мерза хир ю.
Россин Федерацин шина субъектан куьйгалхоша коьрта тидам тІебахийтира  терроризмана дуьхьал дІахьочу балхана. И болх цхьаьна, вовшех дага а довлуш, кхидІа а дІабахьа беза бохура цара. 2009-чу шарахь цу декъехь дІаболийначу балхо дикачу кхиамашка кхачийра. Цунна оьшу и болх юха а, ницкъаш  цхьаьна а тоьхна, дІабахьар.
Ю-Б.Евкуровс даггара баркалла элира, шена еза чов а еш, теракт йинчу хенахь Нохчийчоьнан Президента Р.Кадыровс ГІалгІайчоьнан куьйгаллина а, халкъана а доккха гІо дарна. ГІалгІайн халкъана хаьа Нохчийчоьнан Президент Р.Кадыров а, нохчийн дерриг халкъ а шайна бохам хилча гІонна кхочур дуйла.
– Ас даггара Дела реза хуьлда боху Нохчийчуьрчу массо а маьждигехь суна маршалла дар АллахІе доьхуш доІанаш динчу эзарнаш бусалбанашна. Суна иштта хаьа аш иттаннаш эзарнаш доьзалшка суна тІера сагІа делла хилар. Оцо тхуна ницкъ белира, ир-кара а хІиттийра. Тхуна хаалора тхан вешин Кадыров Рамзанан, дерриг нохчийн халкъан гІо-накъосталла, вошалла, – элира Евкуров Юнус-Бека.
Цхьаьнакхетар дерзош ГІалгІайчоьнан куьйгалхочо дийцира ша герггарчу хенахь юха а Нохчийчу ван дагахь хиларх лаьцна. Официальни визитца иза а Нохчийчу вогІур ву шина республикана юккъехь керла барташ баран Іалашонца. Цо чІагІдарехь, цуьнца цхьаьна хир бу министерствийн а, ведомствийн а куьйгалхой, ткъа иштта ГІалгІайчоьнан Парламентан депутаташ. Цу хьокъехь хаам бира Нохчийчоьнан Президентан а,  а, Правительствон а пресс-службо.
С.ДАДАЕВ.    

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2