доллар    56.41 $
евро 63.11 €
25 мая, 06:03
Погода в Грозном +11 в Грозном

Нохчийн Республикан Парламентан Председательца цхьаьнакхетар

14 апреля в 16:19 (2010 г.)
ХIокху деношкахь Нохчийн Республикан Парламентан Председатель Абдурахманов Дукхуваха цхьаьнакхийтира «Даймохк» газетан коллективаца. Дуьненахь а нохчийн маттахь ша цхьаъ бен доцчу газетан журналисташа дийцира шайн белхан хьолах лаьцна, йовзийтира кхоллараллин планаш. Нохчийн меттан де тIекхачале редакцин белхахоша дан лерина дуккха а  гIуллакхаш ду. Уьш дерриг а ненан меттан сий лакхадаккхарна тIехьажийна а ду. «Хууш ма-хиллара, Нохчийн меттан де, 25-гIа апрель, чIагIдина Нохчийн Республикан Президентан Указца, – элира Д.Абдурахмановс. Цул совнаха, нохчийн мотт оьрсийн мотт санна, республикехь пачхьалкхан мотт а бу», – тIетуьйхира цо. Тайп-тайпанчу министерствоша а, ведомствоша а «Даймохк» газета яздаран хьокъехь долу гIуллакхаш а дийцира гулбеллачара. Парламентерчу берриг а белхахоша а, депутаташа а нохчийн газет яздийриг хиларх а тешийра Д.Абдурахмановс редакцин белхахой, иштта, кхечу учрежденийн организацийн а коллективашка кхайкхам бира, «Даймохк» газета язде, аьлла. Цхьаьнакхетар дерзош, спикера элира: «Парламента кхидIа а болх бийр бу нохчийн меттан дозалла а, сий а ойъуш».
Б.ДУДАЕВА.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет