Март беттан чаккхенехь Нохчийчоьнан МВД-н структурийн подразделенешца хиллачу шен цхьаьнакхетарехь Нохчийн Республикан Президента Кадыров Рамзана дІахьедира цхьа жима стаг а бандитийн гІеранах дІакхетар вайна боккха эшам бу, бохам бу, аьлла. Республикехь болх беш лакхара дешаран заведенеш, спортан ишколаш, театраш, самукъадаккхаран комплексаш, бІеннаш ишколаш, больницаш ю, болх бан меттигаш ю кхуллуш. Цхьа а бахьана дац тахана кегийрхоша герз караэца. Ишттаниг наггахь бен ца нисло, делахь а вайн лазам бу оцу некъа тІе мел хІоьттина жима стаг. Цхьамма Іехийна, тилийна ву-кх иза. Вайн амал дац кегийрхой Іехабайта, харц некъа тІе дІаийзабайта», – бохура Р.Кадыровс.Боккъал а, вайна мехала ву тІекхуьуш волу хІора а стаг, хІунда аьлча царах хІора а – къоман хиндерг ду. Ойла а ца еш харц новкъа хІоьттинарг, бандитех дІакхеттарг цхьаьннан кІант, я ваша, я да, я доттагІа ма ву. Иза дуьненчу валарх кхаъ хилла ма хьийзина цуьнан гергарнаш, къаьсттина да, нана. Цуьнца боьзна боккха сатийсам ма хилла церан. И сатийсамаш аталой дІабовлу шайн доьзалхо, вахабитийн харц хабарех Іеха а белла «джихадан» некъа тІе хІиттича, цкъа а хин йоцу «Кавказан Имарат» ян аравьлча.
Ма-дарра аьлча, экстремистийн «тхьамданаша» кегийрхойх пайдаоьцу шайн политически ловзаршкахь, уьш цІерга а кхуьйсуш. И дарца цара хІаллакдо къоман хІу, болх бан, юкъараллина пайдехь гІуллакхдан стаг воцуш буьту мохк. Цара къайлаха дІахьош ерг Кавказерчу халкъашна таІзар даран политика ю.
Цундела тахана уггар а коьртачех декхар ду кегийрхой оцу зуламечу идеологех ларбар. Иза хьехархой а, Іеламнехан а декхар хилла Іаш дац. Иза хІора стеган а, дийнна юкъараллин а декхар ду. Цунах кхета деза вай. Цунна схьайиллина Интернетехь «Маьрша Нохчийчоь» («Свободная Чечня») сайт. Цо шена хьалха хІоттийна декхар ду экстремистийн оьмар чекхъяьлла хиларх ешархой кхетор. Шайн са дадийна лелаш болу экстремисташ а, террористаш а, шайн ма-хуьллу шаьш долуш дуй хаийта гІерташ, хьере хилла, уггар къиза зуламаш деш хьийзаш бу. Амма царна моьттуш дерг ца хилла даьлла. Уьш цхьанна а оьшуш бац. Царах кхоьруш стаг вац. Экстремисташ дуьненахь а, къемата дийнахь а дакъазабевлла нах бу. Дала бекхам бийр бу царна Шена хьалха хІиттинчу дийнахь. Иштта дуьйцу керла юкъаяьллачу «Маьрша Нохчийчоь» Интернет-сайто.
Иза юкъаяккхар Къилбаседа Кавказехь машар а, синтем а хилийтаран гІуллакха юккъе йиллина хазна ю. Вайн кегийрхойн кхолламца бала болуш мел волчо еша еза цу сайтехь йолу материалаш. Иза пайдехь хир ду вайна массарна а, къаьсттина тІекхуьучу къоначу тІаьхьенна.
«Маьрша Нохчийчоь» Интернет-сайтан электронни адрес иштта ду: http: gruchechnya.ucoz.ru.  
ИСАЕВ Вахийта.
Сурт ду.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2