©
Похожие материалы
Туберкулезца къийсам латто беза
16:44, 14 апреля 2010г.
Просмотров: 4386
Нохчийн Республикехь туберкулезца долчу хьолах лаьцна дийцира Хайдарханова Заремас:
– АВдамашна доккха зен ду туберкулезо деш дерг. 1993-чу шарахь могашаллаIалашъяран Дуьненаюкъарчу организацис дIакхайкхийра Европан регионехь, къаьсттина Россехь, туберкулез шуьйра яьржаш хилар.
Ткъа Нохчийчохь долчу хьолахь дерг аьлча, дIадаханчу шарахь – туберкулез дуьххьара гучуяьлларг 958 стаг вара.
Республикан тубдиспансеран хьесапца цул хьалха дIадаханчу шерашца дуьстича и терахь жимма лахара ду. 2009 шо чекхдолуш республикан туберкулезана дуьхьал йолчу диспансеран учетехь верг верриг а 4058 стаг вара, царах 185 бер а долуш.
– ХIора а шен-шен хенахь лоьрашна тIе а вогIуш, шен могашалла толлуьйтуш хилча, и цамгар генаялале гучу а ер яра, цунна дарба лело атта а хир дара, –дийцира кхидIа Адуев Джабраила. – Вайн цхьаболчу наха, и цамгар шайна юй хиъча а, лачкъош меттигаш нисло я шайга леладе аьлла дарба ца леладо. Цундела и цамгар генайолу. Туберкулез йолчу стагана молханашца дарбанаш лелорах кхачо хуьлуш яц. Цунна Iен меттиг а шатайпа нисъян езаш хуьлу. Ткъа гена яьлла туберкулез йолчо шена гонаха волу 20-30 стаг а цомгаш ван тарло, хIунда аьлча дуьхь-дуьхьал вирзина къамел дечу хенахь а тIеяла тарлуш ю и цамгар. Цундела и дерриг хаа а хууш массар а цхьаьна латто беза туберкулезца къийсам. Къийсам латтор ду – хIорамма а шен хеннахь могашалла таллийтар . Хьалха дIадаханчу шерашца дуьстича, хIинца мелла а аьтту болуш ду таллам бар. 2007-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь 2 бен флюрографи яцара, ткъа хIинца 14 ю. Кхо флюроографи машенаш тIехь ерш ю, цхьана меттера кхечу метте дIасаяхьа йиш йолуш. Уьш хилар бахьанехь оха флюроографеш йира ВУЗ-ашкарчу 20 эзар студентана а, ишколашкарчу 55 эзар дешархочунна а, ишколе доьлху хан йоцчу берашна а.
– Хала хеташ делахь а, дукха долу кхалхарш туберкулез цамгар йолчарна шен хенна и юй а хиъна, цунна дан догIу дарба цалелорна цамгар генаяларна хуьлуш ду. СПИД-на санна дуьхьал къийсам латто езаш ю туберкулез а. ВИЧ—инфекцех, туберкулезах, кхийолчу цамгарех а ларвалар гIолехь ду кхетта яьллачул тIаьхьа цунна дарба лело гIертачул, – билгалдаьккхира Айдамирова Хедас.
– ХIора шарахь а туберкулезца къийсам латторан дуьненаюкъарчу денна лерина акцеш дIаяхьар тхан Центран ламаст хилла схьадогIуш ду. Карарчу шарахь туберкулезна дуьхьал дарба лелоран диспансеран а, СПИД-ца къийсам латторан центран а белхахошца цхьаьна республикерчу ерриг а ВУЗ-ийн а, кхаа ПТУ-н а студенташца а, ткъа иштта республикерчу 11 ишколан дешархошца а адамашна вовшашна т1е йовлучу цамгарийн хьокъехь лекцеш йийшира оха. Ткъа иштта кхоккха эзар буклет а, йовлакх а, «Тебуркулезца къийсам латторехь дакъалаца» аьлла йолу лозунгаш а йийкъира, – дийцира Джухарова Ларисас.
«Горгачу стоьле» гулбеллачара билгалдаьккхира 2009-чу шарахь вайн республикехь туберкулезах кхелхинарг 139 стаг хилар, йоккха йоцчу Нохчийчоьнна и терахь лакхара хилар.
Р.МУСИПОВ.
Авторан сурт.
{mosloadposition user9}
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна
Комментарии
Ваш комментарий отправлен на модерацию.
Комментариев еще нет.
См. также