НР-н Динан урхаллехь пресс-конференци хилира

15 апреля в 09:41 (2010 г.) 2148
НР Динан урхаллин председатела Мирзаев Султан-хьаьжас журналистийн хаттаршна жоьпаш делира. Іедалан ницкъийн векалица, ойла ца еш, сихбелла, Москвахь теракт йинарш муьлхачу динехь бу аьлла динчу дІахьедарх муфтина хеташ дерг хаа лаьара царна. Пачхьалкхан динан гІуллакхаша массара а цхьабосса емалдира террористийн зулам. Теракташа адамийн дахар хададо – иза Исламо дихкина ду. «Москвахь хиллачу бохамаша вай массо а Іадийна», − элира Мирзаев Султана − Вай кадам бо кхелхинчийн верасашка а, гергарчаьрга а цаьрга деанчу вонах. Терроризмца, вер-ваккхарца, цІий Іанорца Исламан цхьаьнадогІуш хІумма дац. Ислам ша ду диканиг дар, муьтІахь (АллахІна) хилар, къинхетаме хилар. АллахІа (Лекха ву Иза) Къуръана чохь боху: «Цхьана стеган садаккхар, шех долу къа доккха хиларе диллича, дерриг адам дийча санна лору». Кхин дин лелош волчунна гІело ян а, вас ян а мегар дац, мелхо а массо а хІуман тІехь цунна гІо дан хьакъ ду. Пайхамара (І.с.в.с) аьлла: «Къемат-дийнахь ас жоп доьхур ду бусалба пачхьалкхехь вехаш-Іаш волчу бусалбанех воцчунна йинчу восах. Хьеннан а цхьанан Іалашо кхочушъян вовшахтоьхначу тобанийн я исламца а, я кхечу динца а цхьаьнадогІуш хІумма а дац. И тобанаш я совцо еза, я шайн орамашца цхьаьна хІаллакъян еза. Шайн Іалашоне кхачарехь цара цхьаннах а къинхетам ца бо − царах дуьйлучу зуламаша уггар хьалха бусалбанашна гІело йо. Церан цхьа диллар ду: «Тхоьца воцург тхуна дуьхьал ву». Вай доцчунна кхин хьанна хуур бу цуьнан хама. ХІокху вайн республикехь хІаллак ма хилла бІеннашкахь вайн воІарий, йоІарий, наной, дай» − билгалдаьккхира Мирзаев Султана. Исламо дихкина ду терроризм, акхаралла, къизалла, къацахетар, кхидолу адамалла доцу зуламаш. Маьрша адамаш дайарна АллахІа бехкечух къинхетам бийр болуш дац − иза доккха къа ду, жоьжахатин Іазап лан дезар долуш долу. Боккъал АллахІах кхоьруш волчу бусалба стага цкъа а дийр дац и тайпа зулам. И тайпа къизалла шайгара йолучу наха, шаьш мел динехь бу бахахь а, динна дуьхьал бен лелош дац и зуламаш. Дино адамашка кхийдош дерг вовшийн дезар, машар, къинхетам бу, ткъа терроризм динна нисса бІостанехьа нислуш ю, хІунда аьлча, цо адамашна дахьаш дерг зулам хилла ца Іаш, синош дахар, къизалла, гІелояр ду. Цундела, муьлххачу а терактан бахьана хаа лаахь иза лаха деза Іосаллехь, Делах валарехь. Цхьана а хьесапе дац террористийн документаш а, церан цІерш а.
БІаьрган негІар ца тухуш маьрша нах бойуш верг суьпа хуьлийла дац цуьнгахь цхьа а дин дац, и санна верг зуламхо ву, цуьнан Іалашо еккъа-цІена вер-ваккхаррий, къизаллий ю. Ислам дино ма-бохху, бусалбанийн Іалашо ю терроризмна а, и санна долчу зуламашна а дуьхьало яр, дуьненахь машар, маршо, нийсо яржор.
Мустаев Рамзан

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет
Картина дня? Картина дня
Италия  хочет вернуть Россию в G8Италия хочет вернуть Россию в G8
В мире
РФ пригласила США к участию в переговорах по Сирии в АстанеРФ пригласила США к участию в переговорах по Сирии в Астане
В России
Рамзан Кадыров  поздравил Александра Залдостанова с днем рожденияРамзан Кадыров поздравил Александра Залдостанова с днем рождения
Власть и политика
Болельщики смогут посетить все города ЧЕ-2020 без виз при наличии билетов на матчиБолельщики смогут посетить все города ЧЕ-2020 без виз при наличии билетов на матчи
Спорт и здоровье
Рекомендации населению в связи с прогнозом на 20.01.2017гРекомендации населению в связи с прогнозом на 20.01.2017г
Происшествия
Депутаты встретились с жителями ряда населённых пунктовДепутаты встретились с жителями ряда населённых пунктов
Общество
Фотография из
Идет загрузка картинки...
Добавлено:
Просмотров: