Соьлжа-гІала. ХІокху тІаьхьарчу шина кІиранах Нохчийн Республикехь къепе далийна, тодина 350 сов маьждиг а, 30 герга зиярт а. Маьждигийн гонаш а, майданаш а, хьуьжарш а, еза меттигаш а, кешнаш а цІандарехь дакъалоцу республикин гІаланийн а, кІоштийн а Іеламнаха. ХІара санна долчу Дела реза волчу хІуманна юстаха латта йиш йолуш дац тхо, − билгалдаьккхира НР муфтис Мирзаев Султана. Ламасталла хилла ду маьждигийн Іуналла дар имамаша деш хилар, амма Іаьнан дохалла гІишлош мелла а куьцах йоьхна, цундела царна кир-басар дан дезаш ду.НР ДУ векалша билгалдеш ма-хиллара, белхешкахь жигара дакъа лоцу имамашца цхьаьна гІаланийн а, кІоштийн а бахархоша а. Цара схьа а гулъеш ягайо нехаш, дитташна кир туху, кешнийн керташна басар хьокху.
НР-н Президента дІакхайкхийначу программица цхьаьна а догІуш, апрель бутт юккъе баххалц ДУ-ло дІахьур ду и тайпа белхаш бар − къепе далор ду 700 маьждиг а, 50 зиярт а.
Петирова Хьомсар

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2