«Нийса а, хаза а, говза а дийцархьама, мотт к1орггера дика хаа беза. Цуьнца цхьаьна ойла нисъ-ян а, хIуманах бакъонца кхета а, литературни меттан норманаш дика йовза а, меттан Iилманан законех кхоччуш кхеташ хила а веза. Къамелан оьздангалла мотт нийсий, хазий, оьздий бийца хаарх йозу», – аьлла меттан говзанчас, НПУ-н сийлахьчу профессора Джамалханов Зайндис. Ширчу заманахь дуьйна нохчийн халкъан дахар-Iеран хьелаш хийцадаларе хьаьжжина хийцалуш, тахана вай буьйцучу тIегIане кхаьчна дуьненахь ширачех болу нохчийн мотт.Нохчийн маттаца ду вайн къоман дахаран иэс, гIиллакх-оьздангалла а ю вайн къоман силсилан лараш а.
Нохчийн мотт дагестано-нахски тобанан иберийско-кавказски доьзалехь мотт бу. Нахийн меттанийн тобанехь кхо мотт бу: нохчийн, гIалгIайн, бацойн. Нохчийн меттан лексика, муьлххачу а кхечу меттан лексика санна, нохчийн къоман дахар-Iерца йоьзна ю, х1унда аьлча къоман дахарехь мел долуш долу а, керла мел хуьлуш долу а хIума маттахь шен цIе йолуш хиларна. Цундела нохчийн къоман истори талларехь а доккха маьIна долуш ду лексика таллар. Цул совнаха, нохчийн меттан лексико гIо до нохчийн кхечу къаьмнашца ширачу заманахь дуьйна хилла йолу экономикин а, культурин а зIенаш гучуяха.
Нохчийн мотт диалекташка бекъало. Царах коьртанаш хIорш ю: шерачу аренан диалект, аьккхийн диалект, чIебарлойн диалект, галанчIожан диалект, кистийн диалект, итумкхаьллойн диалект. Арен тIера нохчийн диалектан буха тIехь кхуьуш бу нохчийн литературни мотт. Цу юкъа йогIу Соьлжа-ГIалин, Гуьмсан, Шелан, Хьалха-Мартанан, ТIехьа-Мартанан кIоштийн а, АтагIара, Теркайистера а диалекташ. «Бакъду, литературни меттан дешнийн хазна кхочушъеш, гIо до тайп-тайпанчу диалектийн дешнийн лексически хазно, кхечу дешнашца аьлча, вайнехан литературни мотт вайн ерриге а диалектийн гIоьнций бен кхочушхуьлуш бац» – билгалдаьккхина, халкъан академика Джамалханов Зайндис.
«Хьехархо» газетан агIон тIехь (№19. 15.10.2009.) араяьллачу Нохчийн дешаран белхалойн говзалла лакхаяккхаран институтан нохчийн меттан, литературин кафедран куьйгалхочун Успаева Яхин «Нохчийн меттан диалектех боцца хаамаш» балхо шена тIе тидам бохуьйтуш хиларо гойту цуьнан мехалла. Авторо оцу балха тIехь дуккха а къахьегна хилар гуш ду газетадешархочунна. Кхин а мехала ду цуьнан хьехамча а, накъост а меттан говзанча Джамалханов Зайнди хилар. Мелла хилла а шена чохь диалекташ йоцуш мотт дукхахьолахь хуьлуш а бац. Меттан Iилманчаша шена тIе мелла а кIезиг тидам бахийтина нохчийн лексикологин дакъа ду Успаева Яхас довзийтинарг, дийцаре диллинарг. ТIехьажа, пайда эца бух а боцуш цхьа хIума дIадоло, иза талла доккха хьуьнар а, доьналла а оьшу. «Нохчийн меттан диалектех боцца хаамаш» статьян авторо вайна масал гайтина-кх. Жимма а шен ненан маттах дог лозург юьстах Iийр воцуш болх и хиларан тоьшалла ду «Хьехархо» газетан агIонаш тIехь шайна хетарг довзуьйтуш, нохчийн меттан зеделларг долу журналисташ зорбане бийлар.
Лерамечу Дикаев Бексолтас («Чулацаме статья», «Хьехархо» №22. 26.11.2009.) яздо: «Кхузахь суна билгалдаккха лаьа, автора шен статья тIехь юьйцуш йолу диалекташ, сайн ницкъ кхаьчча, ас хуьлуьйтур яцара, хIунда аьлча вай цIена вешан нохчийн мотт бийцарехь уьш вайна оьшуш ца хиларна». ТIаьхьо ша билгалдоккху: «Хаставаларна доцуш, соьга а дика къастало: шото, веданхо, чIебарло, Теркайистера, Нажин-Юьртара, Хьалха-Мартан тIера, ТIехьа-Мартан тIера и хилар». Церан диалекташца бен къасталур барий авторна ша буьйцу нах?
Успаева Яхин статьян чулацам бийцаре беш, нохчийн поэта, «Хьехархо» газетан коьртачу редактора Цуруев Шарипа шен «Нохчийн къам вайн заманан зиэрашна хьалха...» статьяхь («Хьехархо» №22 26.11.2009.) яздо: «Диалекташ дуьнен тIехь дехачу массо а къаьмнийн меттанашкахь хила хилла, йолуш а ю, хетарехь, хир а ю, масех бIе (я масех эзар) стагах лаьтташ долу кегий къаьмнаш ца дийцича. Иза тайп-тайпанчу исторически а, географически а, кхечу а бахьанашца доьзна ду...»
Шен заман чохь меттан Iилманчас Арсаханов Исраила шен «ХIинцалера нохчийн мотт» Iамат тIехь яздина: «Вай лакхахь гайтинчу диалектех аьккхийн а, кистийн а диалекташ бен кхоччуш теллина ца яьлла. Цундела нохчийн языковедийн уггар хьалхара декхар лара мегар ду нохчийн меттан ерриге диалекташ герггарчу заман чохь теллина чекхъяха. Диалекташ талларо доккха гIо дийр ду нохчийн меттан истори Iаморна а, дуккха а долчу дешнийн этимологи гучуяккхар тIехь а.
Масала, чIебарлойн диалекто гучуйоккху нохчийн «кортали» бохучу дешан этимологи. ЧIебарлоша кортилар олу цунах. Цунах хаьа вайна, и дош исторически «коьрта тиллар», «корта тиллар», «корта диллар» бохучу дешнех хилла хилар. И ши дош вовшахкхеташ, шолгIачу деша (тиллар, диллар), хьалхара т охьадоьжна».
Нохчийн литературни маттахь ала - олу - эли - элира - аьлла дешнаш чIебарлойн диалектехь ала - ало - али - алир - алле олу. Овш бохург чIебарлойн диалектехь уьш бохург ду. Вадо - вадий - вадийра - вадийна - вадийнера веданхойн диалектехь вадо - вадай - вадайра - вадайна - вадайнера олу. Кхуссур ю, водур ву, Iуттур ю шуьйтахойн диалектехь кхуссуг ю, водуг ву, Iуттуг ю олу. Нохчийн литературни маттерчу вара, бара, дара, яра бохучу форманийн метта шуьйтахойн диалектехь вер, бер, дер, ер лела. Аьккхийн диалектехь нохчийн литературни маттахь йоцуш йолу, хIума жимъяран, хьастаран а суффиксаш ю: кIант - к1аьтак - кIаьтиг, йоI- йоIаг - йоIиг, кхокха - кхокхалг - кхокхалиг. Эса дедда олуш аьккхаша 1аьса деданд олу. Буорз, к1еза, маж, х1уорд, х1уост кистийн диалектехь буордз, к1едз, мадж, фуард, фуаст олу. Оцу диалектехь хIума жимъяран суффиксаш ю: Iаьсилг, цхьогилг, борхулг. ЦIонтароша цIаа воьду, шуьйтахоша тхо богIуш бу, чIебарлоша со ваг1о, ас бахо, веданхоша хьо вагIаш ву олу.
Алийта – алайта (вед.), жижиг – дилх (орст.),
атйокх – бекург (кист.), сирник – синарка (терк.),
боьха – бIеха (галанч.), х1инца – хIунц (итум.),
гали – тIоьрмиг (гуьмс.), экъа – чуьй (аьккх.).
Бурч ю – бурч бу (терк.),
ручка ю – ручка бу (терк.),
пхьош ду – пхьош бу (шуьйт.),
баьллаш ю – баьллаш ду (гуьмс., нож.).
Вайна дика вевзаш а, лоруш а волчу поэта, журналиста Цуруев Шарипа лакхахь билгалъяьккхинчу статьян тIехь яздо: «Нохчийн литературни меттан лексика кхиоран декъехь диалекташкара пайда хила йиш ю, кхечу къаьмнийн меттанашкара хийла дешнаш тIеиэца а ца дезаш. Нохчийн диалектехь мотт бийцина а нохчийн мотт бийцар бIозза гIолехь ду кхин мотт буьйцучул».
Оьрсийн яздархочо Л.Н.Толстойс нохчийн маттах лаьцна аьлла: «Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь». Вайнехан диалекташа гIо до, аьлла, тешна ву со, нохчийн мотт кхоччуш дика хаа лакхене кхийдачарна, цуьнан хьостанаш довзаран тIехь къахьоьгучарна, къоначу чкъурана ненан маттах синкхача бан гIертачарна.
Лераме хьехархой, шуна хIун хета? Дешархойн лерсине, синхаамашка, даге ненан меттан цIеналла, хазалла, аьхналла дIакхачор тIехь къахьоьгучеран хьалхарчу могIарехь вай ма ду. Муьлхачу тIегIанехь ду аьлла хета шуна Успаева Яхас шен «Нохчийн меттан диалектех боцца хаамаш» статьян чулацамехь газетадешархочунна довзуьйтург вайн а, дешархойн а хааршкахь?
Абдуразаков Шерип, нохчийн меттан, литературин хьехархоГуьмсан кIоштан Комсомольскера ЮЮШ

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2