доллар    56.27 $
евро 63.09 €
25 мая, 13:46
Погода в Грозном +17 в Грозном

«ГIиллакхо лайх эла вина...»

26 апреля в 10:10 (2010 г.)
Адамийн уьйрийн, марзонийн, гергарлонийн, йовхачу, оьздачу, мерзачу юкъаметтигийн эла лийрина халкъо гIиллакх. Далла гергахь а веза, сийлахь, цIеначу ийманехь верг ву гIиллакх дерг. Иштта деза дуьйцу гIиллакх нохчийн халкъо шен кицанашкахь а: «ГIиллакх доцург лай ву, хьолаца эла велахь а», «Лай Далла гергахь эла ву, нагахь цуьнгахь гIиллакх делахь», «ГIиллакх доцург бIонца вахана вац», «ГIиллакх доцчун кхиар – виран Iинахдахар ду», «ГIиллакх долчо моз диъна, гIиллакх доцург чено виъна», «ГIиллакх дерг дарже ваьлла, гIиллакх доцург нахалваьлла». Нохчийн нехан хьаьнцца а кхоллаелла юкъаметтиг, деца-ненаца ерг а тIехь, гIиллакхана тIера дIайолалуш ю. ХIунда аьлча цуьнца бу лерам, цуьнца бу тешам, цуьнца ю адаман дикалла, цуьнца ю адаман синоьздангалла, цуьнца ю адаман адамалла а.
ГIиллакхо къестош дац йиша а, ваша а, гIиллакхо къестош вац жима а, воккха а, гIиллакхо эла а, лай а ца къеставо, цо иза билгалвоккху, цо иза вовзуьйту, цо нахана цуьнан ма-ярра йолу юьхь гойту. Цундела ларбелла дуьненан паччахьаш а шайна лай-наха а гIиллакх дац аларх. ХIунда аьлча гIиллакх доцург сий доцуш верг ву, гIиллакх доцург ирс доцург ву, гIиллакх доцург – лай вина, адамо шен цIен тIе вита а хьакъдоцург ву.
Аьрзунаш ламанийн
  кортошкахь еха
Мел лекха ду церан сий,
Дерриге дуьне ду яхь
  йолчун меха –
Вайн лаьмнийн гIиллакх ду и:
Велало, векхало, мел хала
  хиларх,
Даима Iалашде ахь
Лам тIера ло санна дайн
  оьзда гIиллакх,
Кхерчара цIе санна яхь!  
Нохчийн Республикан халкъан яздархочочун Хатуев Iабдулхьамидан оцу башхачу байтийн могIанаша гойту вайн дайша мел деза, мел сийлахь лийрина гIиллакх. Доккха хьекъал ца оьшу: «Дерриге дуьне ду яхь йолчун меха – вайн лаьмнийн гIиллакх ду и» дешнийн маьIнех кхета. Нохчийн къоман сий а, яхь а, лерам а дайн орамашца йолу зIе хилла лаьтта гIиллакх ду боху цо.
Кхузахь шен метта хир ду аьлла хета ешархочун иштта хаттар кхолладалар: «Дан мукъа а хIун ду и гIиллакх?» ГIиллакх – иза уггар хьалха адаман ийман ду, цо ша санна долу адам ларарх лаьтта. ТIаккха цуьнан оьздангалла, цуьнан догцIеналла, цуьнан комаьршалла, цуьнан яхь, эхь-бехк, цуьнан сийлалла, … кхин мел дерг а. Я адаман собаран, хьекъалан, кхетаман юьхь ю гIиллакх. ГIиллакх дацахь, эрна ду адамо адамийн лерам а, сий а, цуьнца цхьаьна ирс а лехар. Иштта кхочушхир яц гIиллакх доцчу стага Далла йина Iамал а.
Iеламнаха дуьйцуш ма ду Дала мел кхоьллинчу адамашлахь уггар гIиллакх дерг вайн Элча Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хилар.
ТIехула хаза, юккъехь бехка стом санна деса а, хIуманна пайденна доцуш а лору нохчийн Iедалехь гIиллакх доцу зудий, стаггий. Бусулба динехь а кхин лерам бац церан.
Цхьаьннан къестамаш я харжамаш беш лелош ца хуьлу гIиллакх. Иза гIиллакх дацар а, моттаргIа а лерина халкъо я лайн гIиллакх. ГIиллакхана башхалла яц жима а, воккха а, гIийла а, миска а, онда а, эгIаз а. Иза цхьаьннан а дикане сатесна лелош а ца хилла къонахаша, шаьш къонахий болу дела лелийна.
Цхьаболу нах бу вайна юкъахь гIиллакхах тарйинчу моттаргIанех байракх йина, хьал, бахам, таро, дарж долчарна гонах хьийзаш, шайн цаьрца йозаелла лайн юкъаметтигаш гIиллакх а
хеташ. ХIаъ, лайн юкъаметтигаш. Хьолан да, хьаькам ву аьлла, лело гIиллакх – гIиллакх а, гергарло а дац, и стаг хьолах, даржах воьхча, иза духуш хиларна. Цунах вайн дайша моттхьекхар я лайн гIуллакх аьлла.
ГIиллакх дерг хьал, бахам, дарж долчара билгалваьккхина хила ца веза. Иза къастийна хила ца веза Iедалан сацамца а. ГIиллакх дерг ша шен халкъалахь билгалваьлла хила веза, цуьнан ларамца а, цо сий дарца а, цо гIиллакхе, оьзда ву аьлла, еллачу цIарца а.
Хийра нах болчохь деца-ненаца, йиша-вешица кIеда, мерза хуьлуш, уьш боцчохь церан цхьана а кепара лерам боцуш йолу еса хIумнаш а евза вайна. Бевза чохь, арахь, лула-кулахь нахаца тар ца луш, гена дIасабаханчохь эвлаяаш хила гIертарш а. «Гали чохь маха хьуллур бац», – олуш ду халкъан. Иштаниш сиха гучубовлу хийрачу нахана а, шайгахь доцчу гIиллакхца. МоттаргIанех йоьттина гIала, тхьамарх йинарг санна, хаьрций дIа ма йоьду.
Дуьненахь мел веха адамашна юкъахь адам хилла а, Де¬лан эхартахь декъал хилла а дIахIотта амал дац гIиллакх доцу а, гIиллакхах моттаргIа йина лела а адам.
Уциев Абу

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет