Нахаца яхь х1унда яц хьан? Юьртахойх, нийсархойх эхь ца хета хьуна? Даим чохь вижина 1уьллу хьо, балхах къехкаш! – х1ора дийнахь шен майрачух бехкаш дохура зудчо, - Цхьана дийнахь мукъне а къа хьегна, чу сом деъна вац хьо! Са ма гатдехьа, зуда! Дала кхобур вара со-м! Къинхетаме ву иза! Цу шиннан дов к1ордийначу лулахочо цхьана дийнахь хаза кеп х1оттийра. Церан рог1ера т1ом болалушшехь, тхов т1е а ваьлла, товхи чухула охьа ахчанан туп кхоьссира цо. И ахчанан туп нийсса дивана т1ехь 1уьллучу х1усамден гай т1е юьйжира.Хьажал!!! Хьажал, зуда! – инзаре мохь белира жуккаран, - Ас ца бехира хьоьга: со Дала кхобур ву!? Вахь-хьа-хьа! Хьажа х1инца! Цо суна диначу совг1ате! Ас г1ийла диинчу дуьненна къинхетам беш, суна ахча дели-кх Цо! Хастам бу Хьуна!..
Цу минотехь чоьхьавелира цу ахчанан да.
- Хаза-м леви ас хьо! Вахь-хьа-хьа! Хьо хьаха ву къа ца хьегна х1ума дукхадезаш! Хьо зен дира ас х1ара. Схьало х1инца сан ахча а, со д1авоьду, - элира лулахочо.
- И хьаха ду хьуна цахиндерг! Тиларчу вахна моьтту суна хьо!... Суна Дала дина дика ду х1ара!
- Ас санна, хьанал къахьега ахь, вижина а ца 1уьллуш, нехан х1умане са а ца туьйсуш! Давай мая деньга!
 - Никакой эта ни твоя деньга! Моя эта!
Цхьана к1иране делира церан дов, кхин йист ца йолуш. Юьртан къеда юкъахьаьвзина, цуьнан говзалла бахьна долуш, ахча шен дега д1а а кхочуш, дирзира и хьовзаме г1уллакх.

Сан ю уьш!
Киров-парк олуш цхьа билгала меттиг яра-кх вайн Соьлжа-Г1алахь т1ом балале хьалха. Ткъа цу паркехь хилла зоо-маь1иг массарна а дагайог1у хир ю.
Цхьана дийнахь цига йигира Белитас шен йоь1ан йо1 – пхи шо кхаьчна Амина.
Цу зоо-маь1игехь дара х1ора а шайн клетки чу хаийна, башха 1уналла деш, лерана терго еш, лелош экзотически (кхечу махкара) олхазарш. Масане дара уьш кхузахь: какаду, колибри, тоти, шоршал, можа-хьоза, канарейка, зарзар, т1аус.
Сел исбаьхьа, безамехь дара и олхазарш: т1ера мас-бедарш я сийна-можа, я к1айн – баьццара, я стигалан басахь, я мокха-бероза, я ц1ен бос бетталуш овкъаран басахь йолуш.
Цхьадолчийн коьртахь месала к1уж бара, я когаш т1ехь шарбалан кепехь дусаделла пелагаш, вукхеран – чухьаьвзина з1акарш. Уьш х1ора а дара шайн цхьацца корматаллаш, говзаллаш йолуш: я эшарш лоькхура, я къамелаш дан г1ертара. Хьуьйсучеран вуно ч1ог1а самукъадолура царех.
Жимачу Аминина ч1ог1а даг чу дижна хиллера и тамашийна, куц хаза, башха олхазарш. Цара цецъяьккхина лаьттара иза, дерриг дуьне а дицделла.
Царна т1е п1елгаш хьежош, саццаза тамаша бора цо: «Ва-а баба! Ва-а баба! Ма хаза ду уьш! Ва-а баба, церан к1ужалш, церан з1акарш ма хаза ю!
1аббалц Амина цаьрга хьежа а хьежийтина, ц1а яха дагахь йоь1ан куьг лоцуш, не1арехьа д1айолаелира Белита. Амма цунна моьттург бакъ ца хиллера.
Аьчган решеткех йиначу кертах тасаелла Амина, бабас мел схьаийзаярх, схьа ца яккхалора.
- Сан ю уьш! Сан ю уьш! Сан ю уьш! Уьш сан ю! Суна еза уьш! – саццаза бохура цо, – Сан ю уьш!
- Ю-те! Дера уьш-м хьан! Кхин цхьанне а яц! Хьан ворх1е а дех йисина, хьан долахь ма ю уьш! Яло, тахна ц1а яхийта вайшиъ! Ма кхардабе нах! Яло, кех ялийта вайша! – бохура собар кхачийначу бабас.
- Ца йог1у со! Сан ю уьш! Сан ю уьш! Сан ю уьш! – иштта гойтура йо1а шен цу олхазаршка бахна боккха безам.
- Са довш ма лаьтта вайна! Вай, хьо ма да адмашка! Ма къарйина-кх ахь со! Кхин ялаяйтал хьо кхуза! Ялохьа бабина, цкъа ц1а яхийтахь вайшиъ! Т1аккха кхана базара а яхна, бабас хьуна кхин а диканиш, хазаниш оьцур ма ю, Амина! Ялохьа, хьайга аьлларг дехьа!
Мел дехарш дарх, хьестаяларх, г1уллакх ца хуьлура. И дов д1ахезна, экскурсовод а, кхиболу хьовсархой а т1егулбелира. Амине дехарш деш бара уьш, бабас аьлларг де бохуш. Хьаьстина, кхетийна, йо1аца т1аьххьаре а кех яьлла, ц1а яхара Белита.
Цул т1аьхаьа ши к1ира а делира, к1еззиг синтеме дара х1усамехь а. Цхьана мукъачу дийнахь (Павел Мусоровн сквер олуш хаза меттиг яра-кх вайн г1алахь) сада1а яхара Белитий, Аминий.
«Лоьхучунна т1енисло экха а» - олуш кица ду оьрсийн къоман. Цунне дайна, царна шашах т1енисъелира цу зоо-маь1игехь хилларг сана йолу тоти. Кхузарчу скверехь ша цхьаъ йолаелла, кхерсташ лелаш хиллера иза. Ма хаза а яра ша, стигалан басахь мас-бедарш а, жимо чухьаьвзина з1ок а йолуш. Буйннал бен яцара дег1ана а.
Бацалхула, бай т1ехула, шен цхьацца г1урт а буьйцуш, сакъоьруш лелаш хиллера иза. Цунах б1аьрг а кхетта, инзаръяьлла, мохь бетта йолаелира йо1:
- Ва-а, баба! Д1ахьажахь! Цигахь хилла тоти ма ю иза! Со евзина цунна! Ва-а баба! Схьалацийтахь иза вайшинга! Ма хаза ю, ма дика а ю! Сан ю, сан ю иза! Ципа-ципа-ципа!
- Схьайола бабина! Схьайола! – аьлла, т!екхайкхира Белитас а и дагахь а доцуш шайна карийна тоти.
Ша х1окхара т1еехаре сатесна йолуш санна, цу минотехь, шен цхьа чалх а юьйцуш, йолаелла кхарна т1ейог1уш йоллу-кх! Сов ч1ог1а цу балхах йоккхаеш, саццаза йоьлура йо1. Доза дацара Аминин г1адъяхаран. Инзаръяьккхинера иза шен сел хиллачу аьттоно.
- Ва-а баба! Ма дика а ю х1ара! Шега аьлларг до, вайга ян лууш хилла х1ара, со евзина кхунна! Ма дика а ду вайна х1ара карийна! – бохуш, саццаза йоьлура йо1.
Аминин кара а хиъна, шек д1а а йоцуш, цхьаъ дуьйцуш 1ара жима тоти. Мел хаза а яра ша: сийна-к1айн мас-пелагаш, коьрта т1ехь к1уж болуш, чухьаьвзина з1ок, месала шарбалан когаш болуш. Безамехь, самукъне олхазар хиллера иза.
- Хоттаелин хьо кхунах? Далла бу хастам, х1ара хьуна еллачу! Цхьаннан ц1ера едда лелаш хир ю, декъала хиларг! Ц1ахь лелочарех ю, кхузара д1абоьлхуш, оьрсаша д1ахецна хила а мега, кхунна новкъахь г1ело ца хилийта.
И нисъелла тоти кхаьргара д1аяха дагахь а яцара: мелхо а адамийн йовхонах, тергонах хьаьгна хиллера и миска.
Шайн ц1а еара иза Белитассий, Аминассий. Йоь1ан марахь яра тоти, саццаза цо т1е ховха куьйгаш хьоькхуш, барташ дохуш, хьоьстура иза.
Шаьш чоьхьа довларцаний мохь бетташ, кхаъ баьккира йо1а:
- Ва-а дада! Хьажахьа х1оккхуза! Со карийна кхунна! Со лоьхуш хилла х1ара! Ша т1ееара, со евзира кхунна! Ва-а дада, ма дика а хилла х1ара! Кхуьнан з1ок мел хаза ю, месаш мел к1еда ю! Хабарш дуьйцу, шега аьлларг кхета! – ирсе кхаьънаш дохура Аминас.
- Далла бу хастам, шу вовшахкхетта! Х1ара чоъ гатйинера ахь и юьйцуш! Тховса парг1ат наб йийр ю ас, цу балхах воккхавеш! Кхана кхунна т1ера мовлад а йоьшур ю вай, нах чу а кхайкхина! – аьлла, забар йира воккхачу стага.
Ткъа Аминин нанас Тоитас базара а яхна, тотина г1еххьа хир йолуш, серех йина ц1аьлг (клетка) а ийцира, иза чухао. Нисъелла яра и клетка, шена чохь пурхнехьа тесина, тотина т1ехаа йина г1ажалг а йолуш. Цу ц1аьлган сонехь лаьтташ жима ной а яра, цунна хи а, юург а чуйилла х1оттийна.
Дерриге а тоделлера х1инца, шен керлачу х1усаме кхалхийра цара и жима хьаша - нисъелла тоти. Массо а вовшашна реза вара, вовшех самукъадолуш, марзо оьцуш, дуьненах воккхавеш.
Шен ц1аьлга чуьрчу г1ожа т1ехь 1ара тоти, цхьацца г1урт а буьйцуш, чохь мел волчун самукъадохуш. Чуоьху лулахой цецбуьйлуш, саццаза буьйлура цу тотех баккхийбеш.
- Кхунна къамелаш дан ма хаьа! Суна дукхаеза х1ара! Сан ма ю х1ара! – олура Аминас хьешашка.
Шен хьомечу тотин 1уналла Аминас ша дора, юург тосура, хи дуттура, ц1аьлга чуьра нехаш д1айохура. Наггахь х1аваэ сада1а ара а хоьцура цара шайн жима доттаг1а. Тотина керла дешнаш 1амо г1ертара йо1, цхьадерш цунна шена хууш а дара, хьалха хиллачу х1усамехь 1емина.
 Масала, цкъа тотис динарг дийца ца к1ордадо берашна цкъа а. Лулахо веара цаьрга тотига хьажа. Тоти дош хеташ вацара и вон бага йолу, к1оршаме стаг. Ц1аьлга улле а вахна, тотина яппарш ян волавелира иза. Беро а лелор дацара цо лелийнарг. Амма тотис цуьнан мах хадийра, хадо хьакъ болу. Иза шен ц1аьлга чу п1елгаш г1ерто волавелча, «Дур-рак!» - элира цо. «Г1огг1!» - аьлла белар иккхира чохь. Шена массо а резахилча, кураяьлла, кхин а масехза «Дурак!» бехира цо цу стаге.
Шен тотис мел динарг вуно хазахетара Аминина. Цунах йоккхаера иза, амал а тоеллера йоь1ан т1аьхьарчу хенахь.. Екхаелла, елаелла хуьлура иза даима.
Иштта цхьана эшшара д1аоьхура цу доьзалан самукъне, маьрша дахар. Цушимма вовшех марзо оьцура, дуьненах, дахарх йоккхаеш.
Амма и тайна, и хаза уьйраш хедира т1аьххьра а цхьана къаьхьачу дийнахь.
Аьхкенан сирлачу дийнахь Аминин нанас Тоитас чуьра арахийцира тоти, цуьнга х1аваэхь сада1ийта. Коьллаш т1ехула, зезагаш юккъехула полларчашна т1аьхьа лесташ, лелачу цунна цициг т1екхаьчна хиллера. Писун м1араша йинчу дерачу чевнех кхин метта ца йог1уш, кхалхар хилира цу нисъеллачу тотин.
Шен хьоме тоти чуеъна, маьнги т1е охьайиллина, цунна хилла бохам ца лалуш, мелачу дог1анах, саццаза йоьлхура Амина. Садаьлла 1уьллучу тотина т1е куьйгаш хьокхура йо1а, цунах къахеташ.
 Цуьнан тийжар ца лалуш, дадас элира:
- Хьо йилхина кхачаяларх, юха денлур ма яц х1ара, ва Амина. Хьайна иштта ницкъ ма бехьа, со а ма вохий ахьа. Дера къа ма хета кхунах, х1ара дахарх хаьдда хьоьга ца лалой а ма хаьа, хьуна х1ара езийла а ма хаьа. Собаре хилахьа, Амина…  

Зайнап Сулейманова

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна