Къоман мотт – ерриге а культуран онда бух бу. Маттаца бен кхуьийла дац массо а культуран генаш: йоза –дешар, 1илма, исбаьхьалла, литература, фольклор, кхин масане ду уьш. Цул сов, дахаран ерриге а аг1онаш ю маттаца йоьзна, адамийн юкъаметтигийн коьрта г1ирс бу мотт. Лекъар доцу хьоста санна, даима бекар бу вайн ненан мотт. Доцца аьлча, мотт ца хилча, культура а хир яц, культура йоцург къам а дац. Вовшех доьзна ду и дерриге а, цхьаъ д1адаьлча, вуькхуьнан маь1на довш. Кхетам-хьекъал долчу стагана хуур бу цу сийлахьчу билгалонийн мах. Д1а ойла ер вай: мотт ца хилча, кхидерг ца дийцича а, йиш хир ярий вайн къоман 1илма, йоза-дешар кхиа? Таро хир ярий дуьненан хазни юккъе вайн исбаьхьчуфольклоран дашо хазна  йилла? Йиш хир ярий Далла 1ибадат дан, г1иллакх-оьздаллин башха кеп  лело? Вовшашца уьйр-марзо, гергарло лело, бер 1амо, цунна кхетам бала, вон-диканехь оьзда дош  олуш, дистхила?
Дуьненан хазалла нохчийн маттахь, исбаьхьчу дешнашца, башха васт кхуллуш, гайта таро  хир ярий  вайн? Элчанашка, эвлаяашка нохчийн маттахь орца деха? Делера къинхетам беха? До1анаш дан, назма ала? Нохчийн говза дош дуьненна довзийта, вайн язйина кечйина истори, фольклор, литература къаьмнашна гайта охьайилла!
Иштта онда маь1на долуш, Дала вайна дина совг1ат ду вайн къоман мотт! Иза д1ататтар –  Даймахках валар санна, бохаме ирча г1уллакх ду.
Маттаца доьзна ду вайн кху дуьнен чохь йоккхучу хенахь мел деш долу г1уллакх, дахаран массо а аг1о ю маттах йоьзна, вайн кхетамах, ойланех хьерчаш бу мотт.
Цундела вайн  меттан сий дан деза вай. 1алашбан беза, бицбан, д1ататта мегар бац иза. Сийлахьчу дарже кхачо беза, кегийчарна марзбан беза.
Кхио, дебо, стамбан беза, массо а аг1ор цуьнга заза докххуьйтуш.
«Ненан мотт» - х1унда аьлла цунах? Дера аьлла,  ша дуьнен чу долуш, берана ненера хеза дела шен къоман маттахь дуьххьара дош! Нана санна,  сийлахь, беза и мотт болу дела! Нанас шен беран даг чу дуьллу къоман диканиг, сирланиг, сийлахьниг,  оьзданиг. Шен бераца мерза мотт лебеш, цунна аганан иллеш бохуш ерг нана йолу дела.
… Вайн мотт ца хилахь, я иза бицбахь, денбина,  иза кара ца берзабахь, цуьнан сий ца дахь, вайн кхане  шеконе ю. Шен меттан, мехкан да а хилла, 1едалан  мукъ кара а эцна, вайн къам д1а ца х1оттахь, кху  дуьненан  авгола т1ера доь доцуш дарна кхерам бу вай. Дала  лардойла вай и санна йолчу чаккхенах!
 Г1а-бацана оьшу хи санна, дег1ана оьшу са санна,  къомана а оьшу мотт. Культурина х1ете а хьашт бу  иза, х1унда аьлча маттаца бен ца кхуьу культура а.
Ткъа культура йоцург къам дац, иза вайна хууш ду.
Ма бицбе вай, ма г1елбе вай, д1а ма титта вай, самабаккха вай, серлабаккха вай  Везачу Дала Шен лаамца вайна белла болу нохчийн исбаьхьа, оьзда мотт!
Кхечу къаьмнийн маттал ша хаза бацахь, х1умма а царел г1ийла бац, эшна бац, къен бац иза, муьлхха аг1ор теллича а.
Ламанан сирла шовда санна, ц1ена бу, бийца аьхна бу, олхазарийн эшарех тера, зевне бека иза. Маьлхан йовхо ю цуьнца, беттан нур ду цуьнца. Хьуна хьашт мел ю синонимащ, дустарш, куц кхолларан г1ирсаш бу вайн лексикехь. Пондаран мерз санна, к1еда-мерза бека, шатайпа 1аь ю цуьнца. И билгалонаш хаалур ю шуна, масала, аш вайн фольклорни  произведенеш ешахь, эпически иллеш шуна довзахь, церан поэтикех аш марзо эцахь. Масане ду и  тоьшаллаш, уьш дагардина а вер вац.
 Муьлхха а сюжет елла, исбаьхьаллин васт кхолла г1ирсаш карор бу вайн маттахь, нагахь хьо  цуьнца шовкъ йолуш велахь. Массо а литературни жанрехь шен говзалла зен таро йолуш, беркате хьаьтта  ю вайн меттан лексика.
…. Къона чкъор кхетош-кхиорехь доккха дакъа лоцу  школо, вузаша, юкъаралло. Дукха г1ирсаш бу тахна  школашкахь мотт 1аморан процессаш аттачу яха  лерина.
Шатайпа керла методика ю, электронни технологис  доккха дакъа лоцу цу т1ехь.
Делахь а, тахана къоначарех наггахь верг бен, шера нохчийн мотт бийца хууш ца хуьлу. Йоккха ледарло ю иза. Суна иза церан дай-нанойн бехк хета дукхахьолахь. Ц1ахь, шайн доьзалехь мукъна а бийцича, царна иза шарлур бара, марзлур бара аьлла хета.
Школе дахале, 6-7 шо кхаччалц, бер шен деца-ненаца хуьлу.  Дера, цара буьйцуш хилахь, берана а 1емар ма бу шен къоман мотт! Дай-наной бехке хета суна цу т1ехь.
Берашна и мотт мичара 1емар бу, я школехь а, я доьзалехь царна и буьйцуш ца хезча?!
Телевизорех, видеофильмах «1илманчаш» а бина, цаьрга бераш х1аллакдойту вайнаха. Цу хье бассочу яьшканна – телевизорна д1аделла вай бераш! Ойла ей вай цу ледарлонан!
Шен орамера, доьзалера, х1усамера, дегара, ненера схьа ду цу бераша шайн дагца, сица схьалоцуш дерг. Жимчохь шена буьйцуш хазахь, баккхийчара цуьнан сийдеш хилахь, марзлур бу берана а и мотт. Цкъа а бицлур а бац ша дуьнен чохь йоккхучу хенахь. Кхузахь карладолу вайн шира кица: «Жимчохь эцна кхетам-хьекъал – т1улга т1ера йоза ду».
Мотт - адаман кхетаман, цуьнгарчу иманан, оьздаллин шатайпа «куьзга» ду, матто гойту цу адаман Делаца йолу юкъаметтиг, Даймахкана муьт1ахь иза хилар.
Нохчийн мотт, нохчийн къам, нохчийн мохк – и кхо билгало, и кхо факт вовшех онда йоьзна ю, вовшех къаьстича, церан маь1на довр долуш! Делан кхоллам бу иза, хийца йиш йоцу, боха йиш йоцу, шеконе билла йиш йоцу!
Сайн къоман мотт хезачохь бен, иза бекачохь бен, сан яхар хир дац; цунах хаьдча, боккха эшам хир бара сан дагна. Суо байлахь хетар яра суна, кхечу къомана юккъехь яха хиъча. Сайн мотт буьйцучохь бен, сан дагна, сина, кхетамна маршо хир яц! Дала ларйойла со цу дуьненан балех! Дала лардойла вай массо а цу бохамах!

Зайнап Сулейманова

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна