доллар    56.45 $
евро 63.13 €
29 мая, 20:14
Погода в Грозном +19 в Грозном

Бусалбадин тIеэцна Санкт-Петербургерчу вахархочо

4 мая в 17:31 (2010 г.)
Кху деношкахь Нохчийн Республикан бусалбанийн  динан  урхалле  веара Воронежехь  вина   волу  Переятенец Иван. Цо дийцира  ша бусалба  дин тIеэца лууш  хиларх  лаьцна. Дийхира   цуьнца  доьзна шега  тоба  дайтар а, кхидолу  гIуллакхаш  кхочушдайтар а. Цу хьокъехь хаам  бинчу  Нохчийчоьнан  бусалбанийн  динан урхаллин  пресс-службо  дийцарехь, Переятенец  иван  I984-чу  шарахь  Воронеж  гIалахь  вина  ву. Шен I4 шо  кхаьччахьана  Санкт-Петербургехь  Iаш  хилла. Карарчу  хенахь Соьлжа-ГIалахь  Iаш  а, болх  беш а  ву. Республикан бусалбанийн  динан урхаллин динан  гIуллакхашкахула  йолчу  отделан  коьртачу  говзанчас  Кубиев Iусмана цуьнга  хаьттина бусалба  дин тIеэца  лаам  кхоллабаларан  хIун  бахьана  ду, аьлла.
– Ислам цIена, оьзда  дин ду,  цо гойту АллахIана тIебоьду  нийса  некъ. Маьрша а,  кхетамехь а, сайн лаамехь   а  волуш   сацам  бина   ас  бусалба  хила, – элира  жимчу  стага,  цу  хаттарна   жоп   луш.
Кубиев Iусмана  жимчу  стагана  довзийтира   бусалба  стагана   тIехь  долу  фарзаш (декхарш). Цул  тIаьхьа, тоба деш,  тоьшалла  даладайтира  АллахI воцург   кхин Дела   цахиларна а. Мухьаммад Пайхамар  (Делера  салам  маршалла  хуьлда   цунна) Делан Элча  хиларна а. Иванна  керла  цIе тиллира. ХIинца   дуьйна   Iабдул   ву иза.
Кубиев Iусмана  Нохчийчоьнан  бусалбанийн  динан  урхаллин  цIарах  совгIат  дира   Iабдуллина. ДIахаийтира   цуьнан ийман   чIагIдалар,  Исламан бехкамаш цо дукхе  дукха  лерина   ларбар  шена   лууш  хилар.
Д.ПАШАЕВ.
Суьрта  тIехь: тоба деш ву Iабдул.

Р.Истамуловн

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет