доллар    57.39 $
евро 67.76 €
22 октября, 02:22
+11 в Грозном

Кунта-Хьаьжин хьехамаш

5 мая в 10:18 (2010 г.)
6. Бусалбанаш! Вовшийн дезалаш. Вовшашна гIо делаш. Баккъал а вовшийн вежарий хилалаш. Вайн массеран дегнашкахь тешар хилчий бен вайх баккъал а тешаш дерш ца хуьлу шуна, моттаргIа хуьлу шуна. Цхьана а хIуманан: я седанийн шийлачу стигланан, я дийнатан, Дала кхетам белла доцчу цхьана а хIуманан таро яц адамийн санна динах тешаран ойла шайн дегнашкахь чIагIъян. Лекхахинверг шайн дегнашкахь, ойланашкахь лехалаш. Иза шайн дегнашкахь карийчий бен Иза хезар вац шуна, тIаккхий бен шун тIарикъат (некъ) къобал а дийр дац цо. 7. Лекхахинволчунна деза шуна мурдо диканиг деш хан яккхар. Некъаш, тIайш тодар, шовданаш цIандар, куьце далор, некъийн йистошца дитташ кхиор, маьждигаш дар. Мурдана тIехь ду цомгашчунна тIехIоттар, цуьнга хьажа вахар, къаношна, буоберашна, гIийлачарна хIун оьшу хьажар, царна шайн ницкъ кхочу гIо дар. Мурдан декхар ду дов даьллачу майрачун а, зудчун а барт бар, нана шен берех дIатохар, дIасакъаьстина доьзал цхьаьнатохар. Уьш а ду Далла дукха дезаш долу гIуллакхаш.
8. Шайна вон динчунна дуьхьал вон ма де. ХIунда аьлча, оцо кхин а доккха зулам кхуллу. Лекхахинволчу АллахIана дезна дац цхьана а тайпа вон, зулам. Зуламдайшна таIзар дар а, дика дечарах къинхетам бар а Лекхахинволчун лаамехь ду. Зуламхошний, къизалла лелочарний тIехь аш толам боккхур бу уьш шайх дIахербарца, шайн синош цIандарца, тIарикъатехь нисдаларца. Шун некъ нийса а, цIена а, къегина а, чIогIа а мел хили хала хир ду зуламхошна а, къизалла лелочарна а. Лекхахинверг шун гIо лоцуш хилар гуш болчу цаьрга лалур бац шун бакъдешан ницкъ.
9. Кху дуьненахь ялсмани лоьхучарах бац мурдаш. Амма мурдашна ирс-м хир дара кху дуьненахь кхечарна ялсмани ярх. Цундела, тIарикъатехь болчу мурдаша лардан, хаздан деза хIара дуьне, шайна гонаха мел дерг. Мурдаошел тIаьхьа дика, къеггина лар йита еза, кхечарна а масал хин долу. Лекхахинволчу АллахIе а, дерриг адамашка а болчу безамца вогуш волчу мурдо гайта деза стаг хIунда кхуллуш ву, дуьненахь цо дан дезарг хIун ду.
10. Ламазаш деш, кхийолу Iамалш еш яккхалаш дукхах йолу хан. Лекхахинволчо Шен тидамза ца вуьту ламазехь верг. Ламазаша шун синош цIандо, шун дегнашкахь диканан зIийдигаш кхиайо, аьхкенан догIанаша аренца бецаш санна. Ламазаш вайн синош вай Кхоьллинчух хIуттуш долу тIай ду. Вай цунах кест-кеста хоттадаларе терра чIагIло вайн сатийсам, вайн тIарикъатехь нисдалар.
11. Къинхетаме хилалаш байшца, мискачаьрца, гIийлачаьрца, гIорасиз болчаьрца. Лекхахинволчу АллахIа царал мелла а могаш, хьал долуш, нуьцкъала дина шу. Аш а гайта шайн дикалла, къинхетам. АллахIа аш дечу ламазал а, кхобучу марханел а деза лорур ду-кха иза. Дагахь латтаде Мухьаммад пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадис. Цу тIехь цо аьлла-кх мархано а, ламазо а ялсманин неIаршка кхачаво, амма шуна уьш схьайоьллу шун комаьршалло, шун къинхетамо. Комаьршалло а, къинхетамо а, ур-аттал бIаьрзениг а, тилавелларг а куьг лаьцна тIарикъатца дIавуьгур ву.
12. Шайца герз ма леладе. Цунна гена латталаш. Герзо къизалла дагайоуьйту шуна, тIарикъата тIера дIахьовзадо. Герзан ницкъ хIумма а йоцург ю-кх тIарикъатца нийса воьдучу стеган сица дуьстича. Муьлхха а герз – оьшучу сохьтехь АллахI орцах кхочург хиларх цатешаран билгало ю. Цул сов, Иблис ду даима шун куьг шаьлтанан мукъа тIе я тоьпа тIе ийзош. Шу Иблисан лааме доьрзуш, цо хIаллакдеш ду.
13. Къинхетам безаш хилалаш. Мел хала хиларх а балхах ма кхералаш. Шен къинхьегамца вехаш воцург кхечеран къинхьегамах вехаш ву шуна. Иза къилахь ду. Иза къола дар санна ду шуна. Баьпган хIора цуьрган хама бан, боккха лерам бан Iамалаш. ХIунда аьлча, оцу цуьрго олхазар а, зингат а дузо ма тарло. ТIаккха Везахинволчу АллахIа кхоьллина са кIелхьардоккху ахь. И воцчун кхин цхьаннан а ницкъ кхочур бацар-кха са чохь долу уггар жима хIума кхолла. Сийлахьчу АллахIа кхоьллина дуьне дезалаш, иза шайн ницкъ ма-кхоччу хазделаш, ларделаш.
14. Совнаха долчух юхадовлалаш. ХIунда аьлча, совнах долчун доза дац шуна, оьшуш долчун делахь а. Кхечеран доцург дезар эхье а, къилахь а ду шуна. Духаршца, бахамца я хIусамашца кхечарал тоьлла, къегина хила гIертар эхье а, къилахь а ду шуна. Дуккха а даьхни а долуш мецачарна дакъа ца дар эхье а, къилахь а ду шуна. ХIора денна духарш а хуьйцуш, куро еш эттIа бедарш йолчарна юххех тIехвийлар эхье а, къилахь а ду шуна. Когаш Iуьйра лаьттачунна уллохь еза, хаза мачаш юьйхина латтар эхье а, къилахь а ду шуна. Лекха беза куй тиллина кхечарах къаста гIертар эхье а, къилахь а ду шуна. Дукха яаро, дукха набъяро, совнахчу духарша, совнахчу  хIусамаша вай герга ца даладо, ткъа гена доху Лекхахинволчу АллахIана. ХIора а бусалба стаг хазво эхь-бехко а, хIуманан барам хааро а. Эхь-бехк а, хIуманан барам хаар а – тIарикъатан ринжа схьадоьллу догIанаш ду.
15. Дуьненан сий-ларамашка кхача ма гIерталаш. Уьш бIалгIанаш бен яц шуна. Даккхий а делаш, дозалла а делаш шаьш шайга нийсса болчарах терра хиларх. Нагахь санна шайна царначул дукха хила лаар я церан йолчул алсам хIума шайн хила лаар гучудалахь иза царна дIаяла сихлолаш. ХIунда аьлча, аш дIа ца елларг яйна ю. Ткъа аш дIаелларг Къемата дийнахь теш хилла хIуттур ю.
16. Массо хенахь, массо меттехь, шаьш хIуъа деш хиларх АллахI хьехавелаш, дагахь латтавелаш. Массо а хIума АллахIан дуьхьа а, АллахIан цIарца а делаш. И ду шуна стеган (адаман) коьрта декхар. Майрра а, юха ца довлуш а дIагIолаш тIарикъатца, оцо шеко йоццуш хьакъикъатна тIедалор ду шу, Лекхахинволчунна герга дийр ду шу. ХIунда аьлча, Лекхахинволу АллахI воцург дерриг а гIан ду, бIалгIа ю, мIаьрго ю, адам зуьйш долу. Иза Лекхахинволчунна герга веана я дийнатан тIегIанехь висина гойту оцу зераша.
17. ОьгIаз ма эхалаш. ОьгIазло цхьана ламазера вукху ламазна тIекхаччалц ма латтаелаш. Шайна вас йинчунна къинтIера довлалаш. ТIаккха цунна а эхь хетар ду шуна. Нагахь санна цунна эхь ца хетахь а Лекхахинволчо ахь сатохарна, собар дарна ял лур ю, хьо къинойх цIанвийр ву. Хьакъ а доцуш хьайна динчу халахетарна, кхоьллинчу эладитана, я харцонна ахь Лекхахинволчу АллахIан дуьхьа собарца сатоьхнехь сийлаллехь лекхавоккхур ву хьо. АллахIан дуьхьа дина цхьа а хIума лар йоцуш довш дац. Уьш дерриг дика стоьмаш ду. ТIарикъатехь долчу адаман ницкъ алсамбоккху цара.
18. Вайн кху дуьненан закон – ШариIат (шарI) ду. ШарI – тIарикъат – хьакъикъат – уьш ду-кх бакъволчу суфина некъ хьоьху седарчий. Цара некъах туьлуьйтур вац, галбевллачеран, шеконаш йолчеран некъа тIе дIавоьрзуьйтур вац. Иза зийна некъ бу. Цу некъа тIехь шун са а, ойла а чIагIйийр ю зуькар даро, кест-кеста АллахI хьехоро, диканиг дарехь, Iилма Iаморехь сутара хиларо, вошалла хиларо. Дешар, Iилма Iамор, дуьненан хиламийн законаш Iамор тIехь ду шарI, тIарикъат, хьакъикъат хаьржинчарна.
19. Вайн Iадаташ а, гIиллакхаш а кхолладелла, чIагIлуш, шарлуш схьадогIу эзарнаш шераш ду. Цундела хир ду-кх уьш исламана оццул герга хилар, цуьнца догIуш хилар. Вай уьш чIогIа сийдеш лардан деза, уьш цхьаьнгга а сийсаздайта а ца деза, хIуъа хилла латтахь а. Зуда еза ларар, баккхийчеран сий-ларам бар, хьешаца къаьсттина юкъаметтиг лелор, белхи барца вовшашна гIо дар, диканехь а, вонехь а цхьаьна хилар, дика-вонехь вовшийн гIо лацар – оцу дикачу амалша цхьаьнатуху вай, вайн барт бо, сий лардо. Вайн Iадаташ, гIиллакхаш дохо, аьшнашдан гIертачарна дуьхьал тIом бан беза, тIаьххьарчу нохчочунна тIекхаччалц.
20. Iедалца къийса ма ло. Цуьнан метта дIахIитта ма гIерта. Муьлхха а Iедал Лекхахинволчуьнгара ду. АллахIана дика хаьа муьлха Iедал мичахь а, муьлхачу Iалашонца а хIотто деза. Iедалера Лекхахинволчо къаьсттинчу лехамца жоп доьхур ду. Iедалан бу аьлла хетачу сий-ларамах Iеха ма лолаш. Шун тIарикъат цул дуккха а лекха ду шуна. ХIунда аьлча, (лаьтта тIехь) кху дуьненахь долу Iедалш, коьртачу декъана, дуьненан гIуллакхаш кхочушдан хIиттийна ду. Ткъа дуьненан ниIматех тоам хилла стаг а вац. Кху дуьненан дахар дуьра хи санна хIума ю: ахь дукха мел мийли а хьогалла алсамйолу. Шайн синошна синтем тIарикъатехь лахалаш. Далла тIе ойла яхийтина долу са – иза даиманна а долу воккхавер, ирс ду.
21. Кху дуьненан дахар доца ду, цо Iехаво. Устаза шен мурд тIарикъатан тачанна тIехула цкъа а кхачалур доцчу, бакъдолчу дуьнене кхаччалц дIавуьгу. Дешин гIорза а, лаьттан гIорза а цхьа мах болуш ю шуна. Кху дуьненахь эшам хиларх шайн дегнаш ма дохаделаш, бIалгIа санна бен боцчу бахамах даккхий а ма делаш. Ахь ларбан безаш болу бахам беккъа цхьаъ бу-кх – Лекхахинволчу АллахIана тIебоьду нийса некъ, Иза реза волу некъ хаьржинчу адамийн синош.
22. Шайн дегнаш цIанделаш. Царна чу парггIат Пайхамар а, устаз а, цаьргахула Лекхахинволу АллахI а ваийта. Iилма хааро а, дешна хиларо а кIезиг хIума лур ду дегнаш цIандина дацахь, Кхоьллинче болчу безамах догуш дацахь.
23. Нагахь санна мурд АллахIана, Пайхамарна, устазана ша мел герга ву хаа лууш велахь цо шен даге ладугIийла. Нагахь санна цуьнан ойланаш хьаькам хила лааро дIалецна елахь, нагахь санна мурд Iедале кхача гIерташ велахь, дIахоийла цунна ша АллахIана, Пайхамарна, устазана гена вуйла. Нагахь санна дог лозуш делахь, (нахе) адамашка болчу къинхетамах дуьзна делахь, мурдан дагчохь цабезам, хьагI яцахь, дIахоийла цунна, ша АллахIана, Пайхамарна, устазана герга вуйла.
24. Шен даг чуьра оьгIазло дIаяьккхинарг, шен зулам динчунна къинтIера ваьлларг, АллахI хьехош вехаш верг – иза ву-кх тIарикъата чохь.
25. Чалба хастамна а, цIар-хазманна а ма лелайойла аш, Лекхахинволчуьнга а, исламе а болчу безаман дуьхьа лелайойла. Коьртах чалба хьарчо сих ма лолаш. Цкъа хьалха дагах хьарчаелаш иза. Сийлахь (веза) стаг шен сийлаллех эхь хеташ хуьлу шуна. Цхьана а чоьта боцучара шайна тIе барзакъаш духу, мажош яхйолуьйту, шаьш доцурш ду моттийта гIерташ. Уьш юьхь-юьхьана берш, шалхо лелораш бу, Къуръана чохь уггар доккхачу къила эгнарш бу аьлла хьахийна а бу.
26. Аьшпаш боттар къилахь ду. Къилахь ду аьшпашка ладегIар а. Аьшпаш хьовха, Лекхахинволчунна товр ду аьлла шеко йолу хIумнаш а мегар дац къобалдан. ТIарикъат чохь волчу бусалбанан, мурдан ша юьхьарлаьцначу безачу некъан мехаллех кхеташ даг чохь йогуш бакъ долчун, нийсонан, къинхетаман, кхечунах дог лазаран, доьналлин, стогаллин серло хила еза.
27. Баккъал а ирсе а, хьалдолуш а ву-кх кху дуьненахь кIеззиг долчух а тоам беш верг, амма суьпаллехь кхачам хуьлуш воцург. Шаьш Iамочу, шена хиънарг довзуьйтучу устазана уллохь хилалаш. ТIаккха, халчу минотехь, устаз даима а шуьца хир ву шуна. Мурдаш тIарикъата чохь дIабахийта царний, Лекхахинволчунний юкъара ву иза.
28. Мурдо лара веза шел воккханиг. ХIунда аьлча, цунна дуккха а хIума гина, цо дуккха а хIума лайна, цунна дуккха а хIума хаьа. Мурдо лара веза шел жиманиг. ХIунда аьлча, иза хIинца а дукха къинош лато ца кхиъна хила а тарло. Мурдо массо стаг лара веза, мурд массаьрца гIиллакхе, кIеда-мерза хила веза. ХIунда аьлча, тIаккхий бен цуьнан са паргIат хир дац, тIаккхий бен тIарикъат чохь саца аьтто хир бац.
29. Адамаш элашкий, лайшкий, тIебаьхкинчаьргий, бухарчаьргий ма декъалаш. ХIунда аьлча, Къуръана чохь аьлла ду-кх берриг бусалбанаш цхьабосса бу. Бусалбанаш дикачаьргий, вочаьргий ца бекъна-кх Мухьаммад пайхамара, Делера салам-маршалла хуьлда цунна. Берриг бусалбанаш вежарий бу. Къобал белаш берриг устазаш а, исламах долу Iилманаш а, вовшашца жахьталла а ца лелош, вовшийн хетачунна инкарло а ца еш. ЦIенчунна тIедоьлхуш дуккха а некъаш ду. Коьртачунна тIехь уьш галморзахдовлуш ца хилчахьана хIумма а дац. ТIарикъат чохь верг машар, маслаIат, бакъо, барт лоьхуш воьду.
30. ЦIенчу безамца дезалаш вайна уллохь а, гонаха а долу даьхни, дийнаташ. Царна нийса а, шен-шен хенахь а Iуналла делаш. Аьттан, уьстагIан, говран, жIаьлин я цициган мотт ма бац вайга бийца, вайна шайн хьашт-дезарш довзийта. Вайна довза деза уьш, дагахь латто деза. Докъар далаза, хи малоза даьхни а дитина ламазна дIахIитта сих ма лолаш. Вайн синош цIена а, синтеме а хила деза ламазана АллахIана хьалха дIахIуьтучу хенахь.
31. Адамечул а лерина хьажа веза дохне. ХIунда аьлча, дохнна ша хIун леладо ма ца хаьа. Керта, хасбеша даьллачу бежанна етта мегар дац, неIалт ала мегар дац, къа деха мегар дац. Иза меллаша кех даккха деза. ХIунда аьлча, стеган ледарло бахьанехь ма даьлла иза керта, беша. Дохнехь Iазап латтор, иза хьийзор доккхачех къа ду. Къилахь ду бехк боцу олхазар, сагалмат, чохь са долу муьлхха а хIума ер. Адамашна зулам деш йоцу са долу массо а хIума мурдаша ларъян еза.
32. Ерриг а ораматаш а ю дийна,  са долуш. Хьуьна юккъе воьдуш диг дIалачкъо деза. Хьайна оьшуш долу дитт я сара бен ма хадабе. Хама бан беза массо дечиган, кондаран, некъан тачанан. Уьш дезаш хила веза, шайн дика доттагIий санна. Доккха къа ду стом луш долу дитт хадор, хи йистера, некъа йистера, довхачу дийнахь некъахочунна IиндагI луш долу дитт хадор. Мурдаша массо меттехь синтарш дийгIа деза, уьш Iалашдан деза, кхиъна довллалц.
33. Лекхахинволчо кхоьллинчу массо хIуманал деза ду хи. ХIунда аьлча, Дала мел кхоьллина долу са чохь долу а, доцу а хIума АллахI хесточуьра сецча а хи Иза хесточуьра соцуш дац аьлла ду Къуръан чохь. Доккха къа ду хи бехдар. Шовдан чохь а, охьадогIучу хи чохь а боьха хIумнаш йитта мегаш дац, шена тIера хатташ охьабохуш лийча мегаш дац. И дархьама хи схьа а эцна шовданна, Iинна гена вала веза. Хи чу нехаш кхийса мегар дац. ЧIогIа оьшуш дацахь хин татол дIасахьовзон мегар дац, цу чуьра са долу хIумнаш хIаллак а еш.
Р.Магомедов.
Зорбане кечбинарг – С.Хасанов.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет