Нохчийн къоман дахарехь цхьа ша-тайпа меттиг дIалоцу зудчо. Цуьнца цхьаьна ондда жоьпалла а ду нохчийн зудчунна тIехь. Цкъа делахь, ша кхуьуш дуьйна схьа нохчийн гIиллакхийн а, ламастийн а гураш чохь нис а елла, шен цIенна а, юьртана а, махкана а юхькIам боллуш чекхъяла еза и.. Цул тIаьхьа, шех нана хилча, доьзална масал хилла дIахIотта а еза…Тахана Шелан кIоштара Чуьйри-Эвлара «Муъминат» цIе йолчу зудаберийн хьуьжарехь доьшуш болу мехкарий хIинццехь дуьйна схьа билгалбевлла, нохчийн зудчун хила деззачу вастехь шайн къона дахар дIа а долош.
Ткъа кхузахь-м цецволийла а дац. ХIокху тIаьххьарчу итт шарахь сов хьуьжарехь зудаберашна бусалба динан хазна йовзийтина ца Iаш, иштта ийманехь кхетош-кхиорехь цаьрца болх а беш, гIиллакх-оьздангалла царна хьоьхуш, къахьоьгуш ю Нохчийчохь «Муъминат» цIе йолу зударийн хьуьжар схьайиллина дуьххьарлера цуьнан куьйгалхо Юсупова Мадина. Дукха хан йоццуш вайн республикехь Интеллектуальни Центро хIора шарахь дIахьош йолчу 6-чу церемонин «Синмехаллин орамаш» («Духовные корни») цIе йолчу номинацин зударех дуьххьара лауреат ю Мадина. ТIекхуьу чкъор ийманехь кхетош-кхиорехь жигара болх барца билгал а яьлла иза
Цу Iалашонца хIокху деношкахь Мадинас шен хьуьжаран дешархойн хаарш а зуьйш дIаяьхьира конкурс. Хьуьжаран чоь готта хиларан бахьанехь, и конкурс дIаяьхьира Чуьйри-Эвлан № I йолчу юккъерчу ишколехь.
Конкурс кхаа декъе екъна яра: Къуръан хаза дешар, Ислам динах а, нохчийн гIиллакх-оьздангаллех лаьцна хеттарш, кхача кечбан хаар.
Ткъа хIокху конкурсан жамIаш дан вовшахтоьхнера жюрин тоба. Царна юкъахь вара Нохчийн Республикин бусалба Динан урхаллин векал Халиков Зеламха, Нохчийн Республикин Правительствон кегийрхойн комитетан векал Абдувагапов Джабраил, иштта юьртарчу къанойн кхеташонан председатель волу Эльмурзаев Абу-Солта, маьждиган имам Камайлаев Iусман а.
Конкурс дIайолош жюрин декъашхоша билгалдаьккхира хIара тайпа мероприятеш мехала хилар. Цара иштта тидам тIебахийтира Мадинас бечу беркатечу балхана, даггара цунна баркалла а олуш.
 Конкурсан хьалхара дакъа дIадоладелча, цуьнан кхаа декъахочо жюрин тидаме дохку шайн хаарш. Мукъамечу озаца, ладоьгIучун лерса хьоьстуш дека зал чохь Къуръан доьшучийн аьзнаш. Жюрино билгалдаьхна Къуръанан сураташ дагахь хууш болчарна, уьш дешначул тIаьхьа, Къуръан нийса деша Iаморца хIоттийначу «таджвид» бакъонца дагахь Къуръан дешарх лаьцна а, бусалба динан баххаш дуьйцучу жайнеш тIера а, иштта гIиллакх-оьздангаллех лаьцна хеттарш а дора. Шайгахь эхь-бехк алсам хиларна, мелла а ийзалуш, боьхна хиллехь а, декъашхоша кхоччуш жоьпаш лора хаттаршна. Делахь а цу декъехь тоьлларг билгалъяккха дийзира жюрин. Иза яра хьуьжаран дешархо Сагаипова Маьлх-Аьзни.
ШолгIачу декъехь дакъалоцуш ворхI йоI яра. Кхузахь низам иштта дара: Къуръан тIера сураташ шерра дIадешар. Цаьрга а вай лакхахь хьахийна хеттарш дира жюрин декъашхоша. Кху декъехь билгалъяьккхира кхо декъашхо: хьалхарчу меттигца хьуьжаран уггар а жима дешархо исс шо кхаьчна Абдулкеримова Марем, шолгIачу меттигца – Абдулкеримова Хьава, кхоалгIачу меттигца – Хаджимурадова Милана.
 Ткъа конкурсан кхача кечбан хааран дакъа тIекхаьчча, жюрина хьалха кхехьа йолийра тайп-тайпана, цхьа корматаллица кечйина юургаш. Массо а юургаш чомехь а, хазачу кепехь йина хиллехь а, делахь а уьш кечйинчу ворхI декъашхошна юккъера кхоъ билгалъяьккхира жюрино. Уьш а «кIелхьара ца бевлира» конкурсан хеттарех. Царна юкъахь хьалхара меттиг Дашаева Хьавана елира, шолгIаниг – Тимуркаева Хьавраана, кхоалгIаниг – Тимуркаева Иманина.
ХIокху конкурсехь дакъалаца кечйина яцахь а, амма жюрин декъахойн къаьсттина тидам тIебахийтира хьуьжаран куьйгалхочо Мадинас Къуръанан кепехь, тIехь деза сурат яздеш кечйина йолчу тортана а.
 И мероприяти дIайоьдуш, хьуьжаран дешархоша юкъ-кара йоьшура шайн хьоьхуш йолчу Мадинас язйина йолу байташ, вайн Делан Элча Мухьаммад Пайхамар (IалайхIи ссолату ва салам) хестош, ненан йозаллех лаьцна, иштта нохчийн оьздачу йоьIан васт хIоттош йолу. Кху чохь гулбеллачарна дагах кхеташ, чулацаме, кIорга маьIна долуш яра уьш. Кхузахь а Мадинин корматаллех пайдаоьцу цуьнан дешархоша.
Конкурс ерзош, кхузахь толаман меттигаш яьхначу декъашхошна грамоташ елира, мехала совгIаташ а дира.
Билгаладаккха деза, хьалхарий, тIаьхьарий меттигаш яцара кхузахь къуьйсурш. Конкурсан Iалашо – кху хьуьжарехь доьшуш болчу зудаберийн хаарш зер а, дешарехь вовшашца уьш яхье бахар а, церан ойла кхидIа а алссам исламан динна а, Къуръан дикка Iамадан лаарна а тIеяхийтар.
 Конкурсан цхьа а декъашхо ца висира тидам боцуш, хIоранна а кечдинера совгIат. Цул сов, жюрин декъашхойн терго еш, царна а делира мехала совгIаташ.
ХIара конкурс вовшахтухуш, ерриге а харж шен чоьтах а еш, шайна хIоранна там бан гIертачу Мадинина даггара баркалла элира цуьнан дешархоша. Царна дика хаьа, хIокху массийта шарахь и тайпа мероприятеш а еш, цхьаьнга а хIума а ца доьхуш, луш мах я алапа а доцуш, мел чолхечу хенахь а цхьа а дарс юкъа а ца дуьтуш, кхарна чу са диллина, и схьайогIуш юй. Кегий белахь а, дешархойн леррина тидам бо Мадинас Делан дуьхьа а, шайн дуьхьа а лелочунна. Ткъа царна и дукха хаза масал ду.
Иштта хила а деза и. «Чулацаме» къамелаш а деш дIалеларх тоьуш дац, тIекхуьучу чкъурана вайх схьаэца дика масал дацахь, вай дешнашца а ца деш, бIаьрла гIуллакхаш царна гойтуш дацахь а. Вай дуьйцучуьнга-м леррина ладогIа а тарло цара, амма дукхахьолахь вай лелорриг бен ца до цара а...
«Муъминат» хьужарехь доьшучу зудаберийн наноша а лаккхара мах хадийра Мадинас бечу белхан. Иштта шайн бераш «куьйга кIел а лаьцна», Мадинас Iамадар – царна боккха синтем бу.
 …Кху дIаяьхначу конкурсехь бацара тоьлларш я эшнарш къестош. Тахана бусалба дино ма-бохху духарца нис а белла, сел кегий боллушехь, Къуръанца марзо йолуш, Делан некъа тIе гIертар, гIиллакхца, оьздаллица къаьсташ хилар – кху хьуьжарехь доьшучу хIора зудаберан боккха толам бу и. Ткъа дахаран новкъахь шайн хаарш зен а, совдаха а аьттонаш дуккха а хир бу церан…Коьртаниг – хIинца санна, и шайн лаам цара даг чохь латтийчахьана. Олуш ма ду, жимчохь Iеминарг – тIулга тIе язйина йоза ду.

Арсалиева Суада

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна