©
Похожие материалы
ЗIенаш чIагIъяр лоьху замано
11:30, 26 мая 2010г.
Просмотров: 4546
«Дукха хан йоццуш со Хонкара а, Шема а ваханчу хенахь сан цхьаьнакхетарш хилира цигахь Iаш болчу нохчашца. И адамаш боккъал а Даймахках дог лозуш ду. Уьш баккхийбебо вайн цIахь хуьлуш болчу дикачу хийцамех. Цара дозалла до шаьш нохчий хиларх, цхьаболчарна шайн ненан (нохчийн) мотт ца хаахь а. Царна лерина культуран мероприятеш вовшахтоха еза аьлла хета суна. Цу юккъехь – тайп-тайпана гайтамаш, концерташ, кхоллараллин интеллигенцица цхьаьнакхетарш. И дерриг гIуллакхаш тIехьовсийна хила деза нохчийн мотт, вайн Iадаташ, гIиллакхаш, ламасташ, культура йовзийтарна, марзъярна. Масала, Шемахь Iаш болчу нохчаша дуьйцура «Грозный» телеканал спутникаца гайта долийначул тIаьхьа шайн бераш нохчийн мотт Iамо дуьйладелла бохуш. «Республикан арахьа бехаш дуккха а нохчий бу. Цхьаболчу мехкашкахь дийнна ярташ а, шахьараш а ю шайна чохь Iачарах дукхах берш нохчий болуш. Хонкарахь волчу хенахь суна ларамаза хиира цхьана юьртахь вехаш ворхI эзар сов нохчий хилар. Церан юьртан куьйгаллхо а ву нохчи. И санна йолчу меттигашка вайн векалш бахийта беза, Даймахкаца йолу церан зIенаш хедда йоций хаийта. Уьш болчохь вовшахтоха еза царна хазахеташ йолчу культуран мероприятеш», – бохура Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
Республикан Президентан а, Правительствон а хаамийн-хьесапдаран урхаллин хьаькама Керимов Iалвис билгалдаьккхира оцу декъехь хьокъалла болу болх хIинцале дIахьош хилар.
– Дозанал арахьа бехачу нохчийн мотт ца хуучу вайн вежаршна лерина Iаьрбийн а, туркойн а меттанашкахь йолу киншкаш арахеца лерина ду тхо. Оцу киншкаш тIехь хир ду нохчийн яздархойн, поэтийн говзарийн, фольклоран, и.дI.кх. гочдарш. Биъ бутт балале хьалхара тираж кечйийр ю оха. Уьш дIасаяржор ю нохчий бехачу мехкашкахь, – элира I.Керимовс. Иштта хаам бира Нохчийн Республикан Президентан а, Правительствон а пресс –службера.
Д.ХАМЗАТОВ.
{mosloadposition user9}
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна
test 2Новости СМИ2
Комментарии
Ваш комментарий отправлен на модерацию.
Комментариев еще нет.
См. также