Бахархоша а лардо доза

26 мая в 11:34 (2010 г.) 2423
Кху деношкахь Итум-Кхаьллан районан Бечигехь кхеташо хилира Россин федеральни кхерамзаллин службан Нохчийн Республикехь йолчу дозалардархойн урхаллин а, меттигашкахь шаьш урхалла даран органийн а куьйгалхойн. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикан тIеман коменданта, инарла-лейтенанта Афонин Владимира, Россин федеральни кхерамзаллин службан Нохчийн Республикехь йолчу дозалардархойн урхаллин куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдеш волчу полковника Журавин Андрейс, Итум-Кхаьллан районан администрацин куьйгалхочун заместитела Саидов Руслана, кхечара. Къамел хилира дозалардархоша а, меттигерчу бахархоша а цхьаьна беш болчу балхах лаьцна. Журавин Андрейс дийцарехь, тахана а гIеххачул чолхе ду  дозанца долу хьал. Цундела дозалардархойн органийн болх меттигерчу бахархошца цхьаьна беш хилар вуно мехала ду.
– Кхеташ ду, жимма хьалхо бахархой шайн лаамехь доза лардарна юкъаозор дуьйцучохь а дацара, – элира полковника. – Амма республикехь дикачу агIор хиллачу хийцамаша вайна таро ло дозанца бехаш болчу бахархошца цхьаьна болх баран гIуллакхе юхахьажа. Кхетош-кхиоран болх дIабахьа беза меттигерчу берриг а бахархошца. Пачхьалкхан доза ларийта Iамо беза нах. «Россин Федерацин Пачхьалкхан дозанаш лардарехь бахархой юкъаозоран хьокъехь» болу Нохчийн Республикан Правительствон Сацам кхочушбарехь, дозанца йолчу Итум-Кхаьллан а, Шаройн а районашкахь кхоьллина юкъараллин низам лардаран шайн лаамехь вовшахкхетта тоба.
КхидIа а дийцаре дина ма-хиллара, шо хьалха  вошахтуьйхира ши тоба: Итум-Кхаьллан районехь – вейтта вахархочух а, Шаройн районехь – бархI вахархочух а. Меттигаш а, шайн юьртара бахархой а дика бевзаш болу нах бу уьш. Цундела доккхачу маьIне ду цаьргара хуьлуш долу гIо. ДIаяханчу хенахь дозалардархошца цхьаьна цара бинчу балхе хьаьжча а гуш ду иза.
Кху шарахь пачхьалкхан дозанна тIехь терго латторан Iалашо ю юкъараллин низам лардаран шайн лаамехь вовшахкхеттачу тобанна хьалха лаьтташ, ткъа иштта низам талхош дозанна сехьабевлла, лечкъаш болу нах схьалахарехь дакъалацар а, я дагахь доцуш хиллачу Iаламан бохаман тIаьхье дIаяккхарехь гIо дар а.
 Россин федеральни кхерамзаллин службан Нохчийн Республикехь йолчу дозалардархойн урхаллин куьйгалхочун заместитела Попов Сергейс билгалдаьккхира, дозанца бехаш болчу бахархойн бакъонаш эшор законца цхьаьна догIуш ца хилар. Дозанан рожан бакъонаш бахархошна йовзуьйтуш, хаамийн материалаш дIасаекъна дозалардархоша. ХIора баттахь дозанца йолчу районийн куьйгалхошца дIахьо кхеташонаш.
– Хаза хета юкъараллин низам лардан шайн лаамехь вовшахкхеттачу тобано Россин Федерацин доза лардарехь боккъал а гIо деш хилар, – бохура Афонин Владимира.  Кхечу пачхьалкхашкара къайлаха герз чударан кхерам хIинца а болуш бу. Муьлххачу хенахь дозалардархошна гIо дан кийча ю тIеман комендатураш.
Шен къамелехь Саидов Руслана дийцина ма-хиллара, Итум-Кхаьллан районехь дозанца йогIуш ерриг а йиъ юрт ю. Хьалха хала дара цигара Iер-дахаран хьелаш а, дIасалелар а. Къаьсттина чолхе дара Тусарахь. Ткъа хIинца ламанан бахархой шайн цIа берзорехь Нохчийн Республикан Правительствос тIеэцна йолу программа бахьана долуш, хьал дикка тоделла. Дозанан урхаллин куьйгалхоша тодо некъаш, кхуллу белхан меттигаш. Бахархойн дахар кхиорехь цу тайппанчу гIуллакхех йоккха гIортор хилар билгалдаьккхира Итум-Кхаьллан администрацин куьйгалхочун заместитела.
Белхан меттигаш кхолларан хьокъехь къамел юкъадаьлча, А.Журавинас хаам бира, дозалардархошна цхьацца говзанчаш тIеоьшуш хиларан хьокъехь. Масала, Дозанан урхалло балха дIаоьцур бу автослесарш а, электрикаш а, водительш а, поварш а, крановщикаш а.
Балха тIехь билгалбевллачу юкъараллин низам лардаран шайн лаамехь вовшахкхеттачу тобанан  декъашхошна Сийлаллин Грамоташ елира  цхьаьнакхетарехь.
Къамел дерзош, Журавин Андрейс ма-аллара, доза лардарехь бахархошца цхьаьна бан беза болх кхачам боллуш билгалбаьккхира хиллачу кхеташонехь.

Э.ДАВЛЕТБАЕВ.
Авторан сурт.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет
Картина дня? Картина дня
Песков: в ближайшее время Путин позвонит Трампу и поздравит с вступлением в должностьПесков: в ближайшее время Путин позвонит Трампу и поздравит с вступлением в должность
В мире
Капремонт монумента "Родина-мать зовет" обойдется в 2 млрд рублей   Капремонт монумента "Родина-мать зовет" обойдется в 2 млрд рублей
В России
Р. Кадыров: Очень важно сохранить и передать будущим поколениям уникальные объекты средневековой архитектуры ЧечниР. Кадыров: Очень важно сохранить и передать будущим поколениям уникальные объекты средневековой архитектуры Чечни
Власть и политика
«Кезеной Ам» открыт для зимних видов спорта«Кезеной Ам» открыт для зимних видов спорта
Спорт и здоровье
Прогноз погоды на 21.01.2017 в ЧечнеПрогноз погоды на 21.01.2017 в Чечне
Происшествия
Определились финалисты конкурса "Лучший чтец Корана" Определились финалисты конкурса "Лучший чтец Корана"
Общество
Фотография из
Идет загрузка картинки...
Добавлено:
Просмотров: