ГIенах санна дагаоьху Серноводскерчу бахархошна стигалхула, дегнашчу кхерам туьйсуш, хехкаделла кеманаш, латта лаамаза дегош Нохчийчохь хехкаелла танканаш а. Итт шарахь куьйган, меттан бакъо йоцуш, лолле дерзийча санна, нохчийн халкъ хьийзина, вайна юкъара буьйлучу баьччанаший, цара кхайкхина балийначу оьрсийн эскархоший. Пенси вайн ворхIе дайша а ца эцна, берийн пособи хIун ю вайн наношна хиъна а дац бохуш, харц мот лебора цара.. Бакъду, шайн барта и схьадуьйццушехь, цара ца диц дора шайн зударшна, берашна, стуннаношна тIекIел хIусамаш ян, тоьлла иномаркаш эца. Делахь, Делан къинхетам боккха бу, харцо лелийначех и шайх яхна, нийсоне гIиртинаш шайн доьзалшца  ирс кхуллуш бу. Дукха бераш долчех ю Серноводскера Сулейманова Марха, Эдиева Зарет а. Хьалхарчун ворхI бер ду, шозлагIчун – пхиъ.– Бакъдерг аьлча, хIокху заманахь доьзал хене баккха атта дац, хIунда аьлча, царна нехан ерг тIеюха, кога юха еза, берашка ца дешийтича йиш яц. Цундела, Iаламат дукха харж ян еза доьзалхо когаирахIотто. Бакъдолуш, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, юха, цуьнан кIант Рамзан бахьана долуш Нохчийчохь машар ца хIоьттинехь, къаьсттина, дукха бераш долчу дегахь-ненехь доьхна хьал дара. ВаллахIи, бала ма хьийгира, пазат хилча куй ца хуьлуш, куй хилча пазат эца йиш йоцуш. Карарчу хенахь, Соьлжа районан белхан а, социальни  кхиоран а декъо тхан терго яр бахьана долуш, наношна мелла а атта ду хIинца. Атта муха дац, луш шен хеннахь берийн пособи хилча, дезачу деношкахь луш совгIаташ, кхачанан сурсаташ хилча. ХIинцца дIадаханчу 9 майхь тхуна массарна дема галеш, иштта, шекаран галеш а делира. Сих-сиха хуьлу иштта гIо дар, – дуьйцу Мархас.           
– Ас а до-кх тоьшалла сайн накъоста аьллачунна. ХIунда аьлча, тахана санна гIо деш, дукха бераш долчу наношна орцах довлуш, зама вайн махкахь еана йоцу дела. Цхьа гIуллакх хилла тхо кхузе даьхкича цкъан-цкъа, рогIехь латта ца дезна сан а, со санначеран а. Суна билгалдаккха лаьа цхьа хIума, и шайн декхар  дацахь а, дукха бераш долу наной ца бицбо хIокхара, схьахетарехь вайн тIаьхье дебар, могаш, ийманехь кхиор коьрта декхар лоруш къахьоьгуш ву вайн Президент Кадыров Рамзан.           
– Тхан районехь 3471 бер ду, царах 936  дукха бераш долчу доьзалшкара а ду  дуьйцу, – Соьлжа районан белхан, социальни кхиоран декъан куьйгалхочо Катаева Сацитас, – Адам  оха бечу балхана реза ца хилча со Iийр а яцара кабинет чу а хиъна. Тхан районера бахархой чIогIа реза бу карарчу хенахь вайн Президента дIахьочу политикина, иштта куьйгалхо вайн исторехь цкъа хилла а вац. Хьуна бакъдерг ала лаахь, цкъацкъа и тхо долчу веана, цо гIалаташ Iорадахарна а кхоьру, мел чIогIа тхо детталахь а. ГIишлош ечохь, ишколашкахь, милцой болчохь и кхача ца кхочуш, цо зиэ ца зуьйш, дакъа дац вайн махкахь. Делан къинхетам бу-кх иза иштта волуш, суна дагахь низам, гIишлош яр, цIиндалар, юьртабахам, промышленность, иштта сихчу боларца кхиъна хьал дац цкъа а.
Лакхахь дийцинчунна тIе ца тан хала ду, хIунда аьлча, гуш долчо къеггина тоьшалла до  дерригенна а. Серноводскехь некъан бохалла го керла йина туьканаш, административни гIишлош, асфальт йиллина шера некъаш. Билгалдакха деза, шаьш меттигера бахархой а бац тIаьхьа буьсуш, ког мел баькхинчохь гуш ду керла дина, деш  долу а цIенош. ДIо регIан дукъахь малхехь шен шортта долу коран бIаьргаш а лепош, лаьтта керла йина «Серноводская» курортан  корпус. Цунна гена йоццуш ю из-за цIе цолу минеральни хи арахоьцу цех а. Оцу хина мехалалла вайн махкал арахьа а евзаш ю, цул сов, «Серноводская» курорте, хьалха санна, кхечу регионашкара дархой бу шайн могашалла тоян схьаоьхуш. Оцу хьоло воккхавево, шо шаре мел дели, Нохчийчоь инвесторшна, садаIа луучарна, могашалла тоян луучарна тIевоьхуш мохк хиларна. Катаева Сацитас ма аллара: «Нанойн сий дечохь, ийман-беркат ца хила йиш яц».

Давлетукаев Анзор.
                    

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2