Похожие материалы
Гурахь йина яла еза завод
Полиэтиленан биргIанаш арахоьцуш йолу «Бородино-пласт» Московски областехь ю. Кхузахь арахоьцуш йолу биргIанаш тоьлла лерина дуккха а гайтамашкахь а, конкурсашкахь а. Россехь дуьххьара кху заводехь дIадолийра цу тайпана биргIанаш арахецар. Заводо цхьана шарахь 30 эзар тонна биргIанаш арахоьцу. Цаьрга доккха хьашт-дезар ду вайн махкахь а, ткъа иштта дозанал дехьа а.
«Бородино-пласт» заводан генеральни директора Ощепков Михаила дийцарехь, кху заманан тоьлла оборудованица болх беш хиларо царна таро ло дуьненан стандарташна жоп луш йолу продукци арахеца.
Соьлжа-ГIалахь цу тайпана завод оьшуш хиларан цхьа а шеко яц. ХIунда аьлча Соьлжа-ГIалара дукхах йолу хин коммуникацеш ширъелла ю, Iаламат дукха болх бу хин биргIанаш хуьйцуш бан безаш берг. Иза хьесапе а эцна Нохчийн Республикан Президента Кадыров Рамзана пачхьенан администрацин куьйгалхошна тIедиллира оцу декъехь хъокала доллу гIуллакхаш дар. Цул тIаьхьа кIира а далале Соьлжа-ГIалин мэрин векалша дийцарш дан долийра Москварчу инвесторшца. Ширъелла биргIанаш хийцаран болх хIинцале дIаболийна.
Амма биргIанашка доккха хьашт-дезар хиларо лоьху вай долчохь полиэтиленан биргIанаш арахоьцу завод яр. Цо таро лур ю республикана биргIанашца кхачо йина ца Iаш, Соьлжа-ГIалахь кхитIе а белхан меттигаш кхолла. Иза а ма дац кIезиг маьIна долуш гIуллакх. ГIалин Iедало хIинцале билгалйина завод ен йолу меттиг. Йина яьллачул тIаьхьа цо баттахь арахоьцур ю ши эзар тонна тайп-тайпана диаметраш йолу полиэтиленан биргIанаш. Ткъа завод кху гурахь йина ялийта езаш ю. Кхузахь арахецна продукци Нохчийчохь йоьхкина ца Iаш Къилбаседа Кавказан кхечу регионашкахь йохка лоьруш ду.
С.ХАСАНОВ.
Суьрта тIехь: кху тайпа биргIанаш арахьоцур ю заводехь.
Р.Истамуловн сурт.
{mosloadposition user9}
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна
Комментарии
Комментариев еще нет.