БисмиллахIиррохьманиррохьийм ХЬАЛХАРА ВЕСЕТ «Ла илахIа иллаллахI» аларан дозалла Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина хIара: - Ас хаьттира: «ХIай Делан Элча, къематдийнахь, хьоьгара шафаIат бахьана долуш, декъала хинверг мила ву?» - аьлла. Делан Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) элира: «ХIай Абу ХIурайрат, суна хаьар-кха, ахьчул хьалха цу хьадисах лаьцна сайга цхьаммо а хоттур доций, хьо хьадисашна тIехь чIогIа сутара волу  дела. Къематдийнахь соьгара шафаIат бахьана долуш декъала хинверг - даггара «Ла илахIа иллаллахI» аьлларг ву.

Буьззина пайда хилийтархьама, даладо вай цул тIаьхьа догIу хьадис. Сомитан кIанта Iубадата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) элира, аьлла:
     - АллахI воцург кхин дела вац, цхьаъ ву Иза, Шен декъахо а воцуш, Муххьамад - Цуьнан лай а, Элча а ву, Iийса - Цуьнан лай а, элча а ву, цо Марьямана даг чу тесна дош а, Цуьнгара са а ду, ялсамане хилар а бакъ ду, жоьжахати хилар а бакъ ду, аьлла, тоьшалла динарг - Дала ялсамане вохуьйтур ву, иза муьлххачу Iамална тIехь велахь а.
Ткъа Хьубазата (Дела реза хуьлда цунна) тIетуьйхира:
     - ...ялсаманен бархI неIарх - шена луъучех чу вохуьйтур ву,  -
аьлла.
     Муслима а,Тирмизис а дийцинчу кхечу хьадисехь ду:
     - Делан Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) олуш хезна суна: «АллахI воцург кхин дела вац, Муххьамад Делан Элча ву аьлла, тоьшалла динарг  Дала жоьжахатина хьарам вина».

ШОЛГIА ВЕСЕТ

Дела цхьаъ варан хьокъехь долу юкъара весеташ

Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцира:
     - Цхьана дийнахь, Пайхамар (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) хьалха а волуш, тхойшиъ воьдуш, цо элира: «ХIай кIант, хьуна цхьа дешнаш Iамо воллу со: «Дела Iалашве ахь, цо хьо а Iалашвийр ву; Дела Iалашве ахь, Иза хьайна хьалха карор ву хьуна; айхьа доьхуш, Деле деха, айхьа гIо доьхуш, Деле гIо деха. Хьуна хоийла, нах хьуна цхьа пайда бан цхьаьнакхетча, цара хьуна пайда бийриг цахилар, Дала хьуна яздинчуьнца  бен. Хьуна цхьа зен дан уьш цхьаьнакхетча а, цара хьуна зен дийриг цахилар, Дала хьуна яздинчуьнца  бен. Шекъанаш декъаделла, кехаташ дIаъайина».
     Тирмизис дIаяздина долчу  кхечу хьадисехь ду:
     - Дела Iалашве ахь, Иза хьайна хьалха карор ву хьуна; паргIатонехь Дела виц ма ве, халонехь Цо хьо вицвийр вац. Хьуна хоийла, хьоьга кхаьчна доцург, хьуна хила яздина цахилар, хьоьга кхаьчнарг а - хьуна хилар - паргIато а хилар, халонна тIаьххье аьтто хилар а.

КХОАЛГIА ВЕСЕТ

Iилма Iаморан дозалла
      Мухарикъан кIанта Къубайсата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина:
      - Со вахара Делан Элча (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) волчу. Цо хаьттира: «ХIай Къубайса, хIун хилла хьуна?» Ас элира: «Къанвелла со, даьIахк а юткъаъелла сан, (цундела) хьо волчу веана-кх со, Лекха хилла волчу Дала суна пайда бен дерг  хьоьга сайна Iамадайта». Юха цо элира: «ХIай Къубайса, цхьана а тIулгана, я диттана, я лаьттана уллохула а ваьлла, дIавахана ма вац хьо, цара хьуна гечдар дехна а бен. ХIай Къубайса, айхьа Iуьйра ламаз дича, ахь ала: «Субхьанал-ЛахIи-ль-Iазыйми ва бихьамди-ХIи» (Веза хилла волу Дела шех там мел боцчу хIуманах цIанво ас, Цунна хастам барца»), и бахьана долуш, бIаьрзе хиларх а, уьнах а хьалхавер ву хьо. ХIай Къубайса, ахь ала: «АллахIумма инни асъалу-Ка мима Iинда-Ка, фаафид рахьмата-Ка, ва анзиль Iаллайа мин баракати-Ка» («ХIай Дела, ас хьоьга доьху-кх  Хьан дала йишъерг, суна тIейоттахьа Хьайн комаьршалла, Хьайн къинхетам бехьа сох, Хьайн беркаташ диссадехьа суна тIе»)»   ХIокху сийлахьчу весето – Iилма Iамор деза хилар гойту.
 Абу Дардаа (Дела реза хуьлда цунна) дийцинчу хьадисехь ду:
     - Делан Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) олуш хезна суна: «Iилма лохучу новкъа араваьллачунна, Дала, и аравалар бахьана долуш, ялсаманен некъех болчу цхьана новкъа воккхур ву иза. Боккъалла а, маликаша шайн къинхетаме тIемаш мутаIелимна тIе ма дохку, цо лелочунна реза хуьлий. Боккъалла а, Iеламстагана гечдар ма доьху стигланашкахь а, лаьттахь мел долчу Iаламо а, хи чохь долчу чIераша а. Боккъалла а, лайна хьалха Iеламстеган дозалла – седарчашна хьалха къегина кхетта болчу беттан дозаллах терра ду.
Боккъалла а, Iеламнах пайхамарийн верасаш бу, ткъа пайхамарша ирс эца дитина дац я динар, я дирхIам. Цара ирс эца дитина Iилма. И схьаэцначо – доккха дакъа схьаэцна».

ДОЬАЛГIА Весет

ИШТТА IИЛМАНАН ДОЗАЛЛИН ХЬОКЪЕХЬ

     Iассал аль – Мурадан кIанта Сафвана (Дела реза хуьлда цунна) дийцина:
     - Со Пайхамар (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) волчу веара, иза маьждиг чохь, шен цIечу обанна тIе дIа а тевжина, Iуьллуш волуш. Ас цуьнга элира: «ХIай Делан Элча, Iилма Iамо лууш веана-кх со». ТIаккха цо элира: «Марша вогIийла, Iилма лоьхург! Бокъалла а, мутаIеламна маликаша гуо ма бо, цунна шайн тIемашца IиндагI а до. Цул тIаьхьа, цо лоьхушдерг (Iилма) шайна дезар бахьана долуш, уьш вовшийн коьшкала ма хIуьтту, герга йолчу стигала хьалакхаччалц».

ПХОЬАЛГIА ВЕСЕТ

Лекхачу Далла сужда дар
Абу ТIалхьатан кIанта МиIдана (Дела реза хуьлда цунна) дийцина:
     - Со тIекхечира Делан Элчанан (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) гIуллакххочунна Совбанна.
Ас цуьнга элира: «Ахь суна йийцахьа ас йийр йолу цхьа Iамал, и бахьана долуш, Дала со ялсамане вуьгур а волуш». Юха ас элира: «Далла уггар дукхаеза Iамалш а». И вист ца хилира. КхоазлагIа а цуьнга хаьттира ас. ТIаккха цо элира: «Дуккха а сужданаш дан деза ахь; ахь Далла цхьа а сужда ма ца до, и бахьана долуш, Далла хьо даржехь соввоккхуш а, Цо хьан къа дIадоккхуш а бен». Кхоччуш пайда хилийтархьама, даладо вай цу хьокъехь долу кхин ши хьадис а.
                  Хьалхарниг
     Самитан кIанта Iубадата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, шена Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) олуш хезна, аьлла:
     - Лайно Далла сужда ма ца до, и сужда бахьанехь, Дала цунна цхьа дика яздеш а, цуьнан вон дIадоккхуш а, иза даржехь соввоккхуш а бен. Аш дуккха а сужданаш де.
                ШолгIаниг
     Хьузайфата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) элира, аьлла:
     - Лай шена тIехь волчу хьелех, иза, шен юьхь ченала а яхийтина, сужданехь гарал а сов – Далла дукхадезаш цхьа а хьал ма дац.
      (Шен юьхь ченала а яхийтина, бохург – Лекхачу Далла хьаставаларх а, кхоччуш Цунна хьалха сийсаз хиларх а лаьцна дуьйцуш ду).       

Гулдинарг– Хьамзат Мухьаммад Салихь Iужаж

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2