доллар    56.62 $
евро 63.54 €
23 мая, 08:12
Погода в Грозном +14 в Грозном

Кунта-Хьаьжас хьехна вирд

6 июля в 10:46 (2010 г.)
АIузубиллахIиминашайтIаниррожийм. БисмиллахIиррохьманиррохьийм. Дагца нийят дийр ду: «Ас нийят до сайн устаза тIедиллина вирд даккха, сайн Делан дуьхьа». 15-зза «АстогIфируллахI» эр ду. 100-зза «Ла- иллахIа-иллалллахI» эр ду. 4-зза  Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Салават дуьллур ду. Цуьнан мел дIалур бу.
Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна ), шен устазана Хьаьжина а, цаьршинна юккъе болчу берриге эвлаяашна а, устазашна а. ТIаккха пхи Салават дузийтархьама Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), Салават дуьллур ду, тIаккха «Фатихьат» доьшур ду.
 
Дена-нанна вирд даьккхина мел дIабалар.

100-зза  «Ла- иллахIа-иллалллахI» эр ду. Шен зуькар дерзош «Ла- иллахIа-иллалллахI Мухьаммадан РасулуллахI соллаллохIу IалайхIи ва салам» эр ду. ТIаккха цуьнан мел дIалур бу Делан Элчанна а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), шен устазана а,  шен дена - нанна а. ТIаккха эр ду цо: «Везан Дела, цаьршинна рицкъ ло ахь Хьайн къинхетамах, Делан Элчанан а, устазан а беркатах».ТIаккха Салават
дуьллур ду, ТIаккха «Фатихьат» доьшур ду.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет