Нохчийн Республикан Президента Кадыров Рамзана къобалдеш тIеэцна вахош долу малар а мелла машен лелор дехкарехьа деш долу гIуллакхаш. «Ас къобал до вахош долу малар меллачу стагана машен лелор доьхкуш хилар. Оцу адамех некъан боламан бакъенаш талхорхой алар нийса дац. Иза бакъенаш талхор дац, ткъа доккха зулам ду. Вехна а волуш транспорт лелор, суна хетарехь, хаа а хууш доккха зулам дар санна лара дезаш дара», – дIахьедира Кадыров Рамзана кхааридийнахь (29 июнь) Соьлжа-ГIалахь журналисташца хиллачу цхьаьнакхетарехь.«Маьршачу хенахь, бехна болчу водителийн бехкана кхелха иттаннаш эзарнаш адамаш. Цара лазийначу, чевнаш йинчу пассажираша а, гIашлоша а дIаюьзна ю махкара больницаш. Оцу хьелашкахь данне а догIуш дац вахош долу малар меллачул тIаьхьа машен хахка луучаьрца ловзарш лелор. Со теша лууш ву Пачхьалкхан Думо тахана тIеэцна закон – иза вехна а волуш машен хохкуш волчунна таIзар дар чIагIдарехьа яьккхина хьалхара гIулч хиларх.
Вайн законашца билгалдеш ду стеган могашаллина зен дича таIзар даран гIуллакхаш, маршонах ваккхаран биста кхаччалц. Наггахь набахтехь нисло дахарехь-Iерехь кIеззиг долчу хIуманна тIехь зулам динарг а. Оццу хенахь вехна волу водитель, ша некъан боламехь дакъалоцуш болчарна кхераме вуй хуъушехь, машена хуу я гIашлочунна машен тIетуху я шен машен кхечу машенна тIетуху. Машен лелон бакъонаш кIеззигчу ханна дIаяхар доцург цунна деш кхин дIора таIзар дац. Суна хетарехь, молуш волу водитель а, топ карахь некъа тIе ваьлла стаг а цхьабосса кхераме ву юкъараллина», – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.
Нохчийчоьнан Президентана хетарехь, «тахана тIеэцначу законан тIаьхье муха хуьлу а хьаьжна, юкъаяло мегар дара вехна а волуш машен хахка араваьллачун бакъонаш гуттаренна а дIайоху йолу норма».
Кадыров Рамзана иштта билгалдаьккхира «дика хир дара, оцу я вукха регионехь некъан боламца долчу хьолан башхалле хьаьжжина, цу тайппана талхораш дарна таIзарш дар чIагIдарехьа субъектийн тIегIанехь кхитIе а гIуллакхаш дар Федеральни законо магош хилча». Нохчийчохь бехна лелачу водительшца йолу проблема дIаяккхарна, цхьамогIа субъекташкахь йолчуьнга хьаьжча и проблема дIора йоккха яцахь а, оха юккъе озийна  ерриг а юкъаралла. Мелла а волуш машен лелош гучуваьллачуьнца къамелаш до динан векалша, гергарчара. СМИ-шкахь кест-кеста гойту оцу декъехь беш болу болх», – бохура республикан куьйгалхочо.

Цу хьокъехь хаам бо Нохчийн Республикан Президентан а, Правительствон а пресс-службо.

С.ЦАДАЕВ.   

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2