доллар    57.39 $
евро 67.76 €
21 октября, 02:38
+-18 в Грозном

Р.Кадыров Iумрат дан вахана

14 июля в 11:43 (2010 г.)
Нохчийн Республикан Президент Кадыров Рамзан Iумрат дан СаIудин Арави вахана. КIирандийнахь Р.Кадыровн кема Джиддан аэропортехь охьадоьссира. Цунна дуьхьал веара Джиддан губернатор Маашааль бин-Абдель Iазиз, Россин Джиддехь волу генконсул Кузнецов Сергей, даржашкара кхин нах а. Маашааль бин-Абдель Iазиза СаIудин Аравин паччахьан цIарах салам-маршалла хаьттира Кадыров Рамзане. «СаIудин Аравина даима а доккха хазахетар, хаза кхаъ бу хьо вар. Хьайн цIахь, хьайн махкахь санна паргIат хила мегар ду хьуна. СаIудин Аравин неIарш даима а хьуна йиллина ю хьуна», – элира цо. Нохчийчоьнан Президента баркалла элира ша везаш, кIеда-мерза тIеэцарна. Цо билгалдаьккхира Россиний СаIудин Аравиний юкъахь йолу доттагIаллин юкъаметтигаш шена доккхачу маьIне хеташ хилар. Иштта цунна мехала хета Нохчийчоьнний СаIуди Аравиний юккъехь мерза юкъаметтигаш хилар. Цо паччахьна Iабдуллина баркалла элира кху махкара бусалбанашна еза а, сийлахь а йолчу меттигийн доладарна, Макка а, Мединате а дахка аьтто барна. СаIудин Аравехь тIех йовха ю. Делахь а цуьнга хьаьжна ца Iаш ша Макка дIа ма-кхеччинехь Кадыров Рамзана Iумрат дира. Нохчийчоьнан Президентана юххе ваьлла вара Махкарчу полицин хьаькам, лаккхарчу даржашкара кхин нах а. Оршотдийнахь, 12-чу июлехь Р.Кадыров цхьаьнакхийтира Маккин губернаторца Халид аль-Фейсал аль-СаIудца. Нохчийн Республикан Президентаца цхьаьна СаIудин Аравехь ву Нохчийчоьнан Iалимийн кхеташонан председатель Кадыров Хожа-Ахьмад-Хьаьжа, вайн Президентан деваша Кадыров Мохьмад, республикан Правительствон Председателан хьалхара заместитель Даудов Мохьмад, правительствон председателан заместитель Эдельгириев Абубакар, сенатор Сабсаби Зияд. Кхул хьалха СаIудин Арави ваханчу хенахь Кадыров Рамзана оцу мехкан паччахьца Iабдуллица цхьаьна дакъалецира сийлахь КаIбат дуьлуш. ДуьххьалдIа йолчу эфирехь СаIудин Аравин телеканалаша дерриг дуьненна а гайтира и деза гIуллакх. Цу хьокъехь хаам кхаьчна НР-н Президентан а, Правительствон а пресс-службера. С.ПАШАЕВ.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет