Лаккхарчу вовшахтохараллица

14 июля в 11:47 (2010 г.) 2278
Бакъонашларъярхоша шайн хазна юкъаюьллу Соьлжа-ГIала куьце ялош дIахьочу гIалин юкъарчу белхина. Нохчийн Республикан Президентан Р.Кадыровн кхайкхамна жоп луш, гIевттина, белхех арабевлира республикан адамийн бакъонаш ларъяран Векалан Нухажиев Нурдин юьртахой а. Гуьмсан районан ГIоьрдала юьртан бахархой – 50 стаг сов – хIокху деношкахь бакъонашларъярхойх дIакхийтира, Соьлжа-ГIала куьце ялорехь дакъалацархьама. Векалан аппаратан белхахоша а, правительствон йоцчу бакъонашларъяран организацийн векалша а, гIо дан баьхкинчу бакъонаш ларъяран Векалан юьртахоша а якъаеллачу бецех а, нехех а цIанйира Соьлжа-ГIалин 1-чу микрорайонерчу рынкана юххера еса лаьтта меттиг. Дитташна кир туьйхира, некъаца болчу гIирсашна басар хьаькхира. Бакъонашларъярхойн шайн лаамехь болчу гIоьнчаша мовлад дийшира, зуькарш дира, Нохчийн Республикан хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хьахош, доIанаш дира. Цул тIаьхьа юха а шайн болх бира цара. Бакъонашларъярхоша билгалдаьккхина ма-хиллара, гIо дан баьхкинчу ГIоьрдаларчу бахархоша кхечаьрца цхьаьна белхаш бийр бу Президента дIакхайкхийна болу гIалин юкъара белхи чекхбаллалц. – Президента дIадолийна Дела реза волу гIуллакх. Исламан коьртачу лехамех цхьаъ бу цIена а, оьзда а хилар. Вайн гIаланаш а, ярташ а дика Iалашъеш хила декхар ду. Республикан столица куьце ялорехь ерриг а республика дакъалоцуш йолчу хенахь тхан йиш яц оцу мехалчу гIуллакхана юьстаха латта, – билгалдаьккхира ГIоьрдала юьртан вахархочо Хамзатов Успа-Хьаьжас. Нохчийн Республикан адамийн бакъонаш ларъяран Векалан пресс-служба.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет
Картина дня? Картина дня
Американскую учительницу уволили за троллинг учащихся в TwitterАмериканскую учительницу уволили за троллинг учащихся в Twitter
В мире
Всемирный день снега отметят на курорте «Архыз»Всемирный день снега отметят на курорте «Архыз»
В России
Р. Кадыров провел совещание по вопросам развития Гудермесского районаР. Кадыров провел совещание по вопросам развития Гудермесского района
Власть и политика
Проводить много времени в интернете для детей – вредноПроводить много времени в интернете для детей – вредно
Спорт и здоровье
Потерявшиеся в лесах Чечни сборщики черемши найдены живыми и невредимымиПотерявшиеся в лесах Чечни сборщики черемши найдены живыми и невредимыми
Происшествия
Эксперты составили список самых неблагонадежных паролейЭксперты составили список самых неблагонадежных паролей
Общество
Фотография из
Идет загрузка картинки...
Добавлено:
Просмотров: