доллар    57.49 $
евро 67.69 €
23 октября, 05:52
+12 в Грозном

БIаьргех хи доккху хазачу гIиллакхо

14 июля в 11:53 (2010 г.)
ТIаьхьарчу деношкахь вайн республикехь дIахьочу белхенна шен мехала дакъа юкъадиллина гIишлошъяран «Казбек» фирмо. Цуьнан генеральни директор ву Абуезидов Iилмади. Россин Пачхьалкхан Думин депутатан Делимханов Адаман жоьпаллехь йолчу секцина юкъайогIуш йолчу Октябрьски районерчу Мичуринан цIарах йолчу поселкехь белхаш беш бу оцу фирмин белхахой. Гордановн урамехь 1970-чу шарахь дуьйна ехаш ю пенсехь йолу Ахмадова Яха. ТIаьххьара тIом дIатийча шен керта еъначу Яхина дохийна цIенош, аьтта поселок карийра. Делахь а доьзал дийна бара, йоьхна ца хьийзаш, шен кIантаца чохь Iен цхьа бахьана дира, цIенош паргIатох дийр ду аьлла. 2004-чу шарахь милицехь болх беш хиллачу цхьаъ бен воцчу кIентан кхалхар хилира. ХIетахь дуьйна ши куьг лехна, дуьненан синкъерам дIабаьлла Iаш яра нана. Луларчу Абдулазиева Маликас шайга Яхехь долу чолхе хьал дийцича, «Казбек» фирмин куьйгалхоша керла цIенош дан барт бира. – Боккъал, сайн кIант велчахьана суо дуьне диъна яьлла, суна хьан хIун дийр ду бохуш, догIа мел догIу ладарна кIел кедаш хIиттош Iаш яра со. Iай массо агIор шело чуоьхура. Соьга сайн пенсех хIумма ма ца дало. Керта баьхкина сайна керла цIенош дийр ду, ков хуьйцур ду аьлча, юьхьанца тешара. Шифер, кибарчиг, пластикан кораш, аьчган неIарш, гIишлошъян мел оьшу гIирс бохьуш, схьабаьхкина кху иттех дийнахь керла цIа дина суна хIокху кегийчу наха. ХIокхара ца динехь дан стаг воцуш лаьттар дара, – бохуш, бIаьргех хи даьллера зудчунна. Гордановн урамехь ечу объекташна куьйгалла деш ву участкан хьаькам Умаров Мохьмад. Шайн ницкъ ца кхоош, цIар-хазмана доцуш, къахьоьгуш ву: Эпсирханов Iабдул-Халид, Самбиев Баввай, Геримсултанов Юсуп, Эпсирханов Ислам, Шамсаев Мохьмад, Касумов Казбек. Гордановн урамехь 11 цIа тодина, 400 метров керт йина, кевнаш хийцина. Мехала гIуллакх деш болчу кхарна шега балун там бан гIерташ гуонаха хьийза Яха, цуьнан оьзда лулахой Хусаинова Роза, Абдулазиева Мадина, Ахмадова Куржан, Амаев Билал. Дела реза хуьлда хIара белхи бан дIакхайкхинчу вайн Президентана Кадыров Рамзанна, гIишлошъяран гIирсаш латточу Россин Пачхьалкхан Думин депутатана Делимханов Адамна, белхахой бахкийтину Абуезидов Iилмадина. Везахинволчу Дала сий дойла шун. ХIара белхи бахьана долуш дуккха а наха вовшашца гергарло теси. Дала тIаьхье беркате йойла вайн. З.АХМАДОВА. ЧГУ-н студент.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет