доллар    56.53 $
евро 63.57 €
23 мая, 18:07
Погода в Грозном +16 в Грозном

Нохчийн халкъан культуран башхалла ларъярехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас лелийна маьIна ДагадогIу.

28 июля в 17:15 (2010 г.)
28.02.2010 /17:14/ Президентан дарже волчу кандидатан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин харжамашна хьалхарчу программехь иштта дешнаш дара: «Ницкъ а, хьикмат а – Нохчийчоь денъярна!» Иза баккъал а чIогIа сагатдеш вара вайн халкъан культура хIаллакьеш хиларна. Цо даима а ойла йора иза денъяран, когахIотторан гIуллакхаш сих муха дийр дара те, бохуш. Ахьмад-Хьаьжа доьналла, хьуьнар долуш стаг а, хьекъале, хьикмате политик а вара. Дала похIма делла вара иза тайп-тайпанчу чкъурах долчу, тайп-тайпана хьежамаш болчу адамашна Iаткъам бан. Юкъаралла ийманехь, оьзда кхиорехь къоман культуро лелош долу вуно мехала маьIна девзаш хиларна иза кхиорна пачхьалкхо массо агIор гIо дан деза аьлла хеташ вара, цу декъехь къахьоьгуш вара. Ахьмад-Хьаьжас лаккхара мах хадабора шен белхан декхарш жоьпаллица кхочушдеш болчу белхахойн. Уггар халчу, кхолламех хиндерг ца хуучу муьрехь цо шен бIонакъост вина юххе озийна хиллачарех цхьаъ ву со. 2000-чу шеран август бутт юккъе боьдуш цо со Нохчийчоьнан культуран министр хIоттийра. Массо хIума дохийна, даржийна, чIана даьккхина дара. Материально-технически бух бацара, корматаллин говзанчаш бацара. ХIинца а кIур оьхуш, саьлнашка йирзина лаьтташ яра республикера а, Соьлжа-ГIалара а культуран а, искусствон а учрежденеш. Даккхий зенаш динера районашкарчу культуран кхерчашна а. ДудаевгIеран-МасхадовгIеран «Iедалан» раж йолчу хенахь тесна йитинера уьш, ткъа тIеман шина кампанино чIана яьккхинера. Къаьсттина хала дара хьалхара беттанаш. Делахь а ницкъаш а лора, дог-ойла ир-кара а хIоттайора муьлххачу хенахь а Ахьмад-Хьаьжица цхьаьнакхета, дагавала аьтто хиларо. Ша мел чIогIа сиха воллуш хиларх, шена хьалха лаьтташ мел чолхе гIуллакхаш хиларх тергал ца веш, ла ца дугIуш, хьехар ца деш ца вуьтура. Культура денъяран юьхьанцарчу муьрехь коьрта некъаш билгалдахарехь дагахь доццу хьехар дора, дан дезарг гойтура. Цо даггара къобалъеш тIеийцира Нохчийчохь кегарий болчу хенахь республикера дIабаханчу культуран а, искусствон а гIуллакххошка кхайкхам баран хьокъехь йолу идей. И кхайкхам «ТIулгаш схьагулден хан» цIе а йолуш зорбатуьйхира зорбанан хаамийн гIирсашкахь, дIабийшира «Чечня свободная» радиочухула. Оцо гIо дира тIамах бевдда бахана артисташ цIаберзорехь. Со-суо Москва а, кхечу регионашка а лийлира. Цигахь кхоллараллин адамаш лоьхуш, цаьрца цхьаьнакхетарш дIадаьхьира. Дехарш дира цIа дерзахьара, республика овкъаршкара гIатторехь, бахархой маьршачу дахаре юхаберзорехь гIодахьара, бохуш. Уггар хьалха цIабаьхкинчарна юккъехь вара Дагаев Валид, Эдилсултанов ШитIа, Дадашева Тамара, Усманов Iимран, Межиева Макка, Хомдиев Мовла, кхиберш. Оцу декъехь болх бина ца хиллехь а, хьалхарчу дийнахь дуьйна министерствон болх вовшахтохарехь шегара доккха хьуьнар гайтира министран заместитела – вовшахтохараллин отделан хьаькама Азизова Тумишас. Лаккхарчу жигараллица къахьоьгура министран заместитела Межидов Iадлана, отделан хьаькама Яндиева Лилияс, кхечара. Ахьмад-Хьаьжин а, сан а хIетахь барт хилира пачхьалкхан билгало хилла лаьттина Нохчийн Пачхьалкхан Х.Нурадиловн цIарах йолу драматически театр а, Пачхьалкхан «Вайнах» хелхаран ансамбль а кхоллараллин дахаре юхаерзо. 2001-чу шеран юьххьехь оха «Вайнах» ансамблан а, нохчийн театран а артистийн хенийн шатайпа мониторинг йира. Гучуделира театран актерийн юккъера хан 49 шо хилар. БIаьрла дара коллектив къаналле лестина хилар. «Вайнах» ансамблан дукхах болу артисташ къоналла дIаиккхина бара. ТIаккха оха ансамблехь ишкол-студи схьайиллира. Министерствон штатийн структури юккъе ялийра хелхаран а, иллин а «Даймохк» берийн ансамбль. Иза Россин хьакъ волчу артистан, «Вайнах» ансамблан артист хиллачу Ахмадов Рамзанан дIадолорца вовшахтоьхна яра. Хьаххийначуьра аьлча, и коллектив 2000-чу шарахь дуьйна хIора шарахь кхиамца дакъалоцуш ю дуьненаюкъарчу фестивалашкахь. Къаьсттина кхиаме хилира Великобританехь, Францехь, Бельгехь дIаяьхьначу фестивалашкахь дакъалацар. Цу тайппана дIаяьккхира «Вайнах» ансамблана тIаьхье кхиоран проблема. Х.Нурадиловн театран актераш алсамбахаран а, театран а, «Вайнах» ансамблан а кхоллараллин болх меттахIотторан а Iалашонца 2000-чу шеран сентябрехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, со а цхьаьнакхийтира хIетахь Россин культуран министр хиллачу Швыдков Михаилца. Цунна оха йовзийтира Нохчийчохь артисташна Iа а, репетицеш дIаяхьа а хьелаш ца хиларца йоьзна йолу гIайгIа. Цуьнга дийхира уьш Къилбаседа Кавказерчу санаторийн-курортийн цхьана учрежденехь дIатарбаран гIуллакх федеральни тIегIанехь чекхдаккхар. Цул тIаьхьа, дуккха дуьхьалонаш, халонаш эшийна и коллективаш Кубански театральни «Премьера» цхьаьнакхетараллин садаIаран базе (Анапа гIала) дIахьовсийра. Кхузахь, шайн доьзалшца цхьаьна (герггарчу хьесапехь 160 стага) ах шо гергга хан яьккхира. Цул тIаьхьа цхьана шарахь сов «Нарт» пансионатехь (Нальчик гIала) Iийра. Цхьана шарахь эха шарахь санаторин-курортин хьелашкахь хан яьккхира. Цо гIо дира артистийн а, церан доьзалийн а синош паргIат даха, могашалла меттахIотто, ойла балхана тIеерзо. Цуьнца цхьаьна кхочушдира и коллективаш когахIитторан декхарш. Керла духарш тийгира, декорацеш, реквизиташ кечйира. Х.Нурадиловн цIарах йолу театр меттахIоттор билгалдаьккхира иза кхоьллина 70 шо кхаьчча Краснодар гIалахь 2001-чу шеран июнь баттахь. Цуьнца доьзна декъалдаран телеграмма яийтира Россин Президента В.В.Путина. Ткъа «Вайнах» ансамбло ша когахIоьттина хилар даррехь дIагайтира 2002-чу шеран 29-чу мартехь Пачхьалкхан коьртачу «Россия» концертийн залехь. Цигахь дакъалоцуш вара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Нохчийн Республикан администрацин куьйгалхо баккъал а верасалла деш вара «Вайнах» ансамблана. Цо иза декъалйира когахIоттарца, дош делира коллективана дуккха а меттигаш йолу аьхна автобус эца. Цул тIаьхьа дукха хан ялале коллективана «Мерседес» автобус елира. Хелхарчашна вуно мехала совгIат дара иза. ХIинца церан аьтто бара сихха Россин регионашка хьовха, дозанал арахьа а гастролашка дIакхача. Къона актераш кхиоран Iалашонца М.Е.Швыдкон гIоьнца сацам хилира Москварчу пачхьалкхан культуран а, искусствон а университетехь Ночхийн «Нахи» актерски студи схьаелла. Цига деша вахара нохчийн 25 жима стаг а, йоI а. Церан дахарна-Iерна а, кхачанна а, духарна а, кхечу хьашташна а федеральни министерствос юккъерчу хьесапехь 4,5 миллион сом къастадора. Культуран а, искусствон а Россин коьртачу университетехь дешаран пхи шо сихха чекхделира. ТIаккха 2006-чу шеран июнехь Москвахь Академически жимачу театрехь «Нахи» студис дуьххьара гайтира Хамидов Iабдул-Хьамидан пьеси тIехь хIоттийна йолу «Бож-Iела» спектакль. Оцу премьерица цхьаьна керлачу актерашца тIеюьзира нохчийн а, оьрсийн а театрийн труппаш. Тхо шозза цхьаьнакхийтира Пачхьалкхан Третьяковски галерейн коьртачу директорца В.А.Радионовца. Оха дIакхайкхийра «Соьлжа-ГIалина музей юхаерзор вай» аьлла йолу дуьненаюкъара акци. Оцу акцин гурашкахь цхьамогIа гIуллакхаш вовшахтуьйхира Третьяковкехь а, ткъа иштта Соьлжа-ГIалахь а. Арахийцира «Соьлжа-ГIалина музей юхаерзор вай» аьлла йолчу материалийн гулар. В.А.Родионовн дехарца гуларна дешхьалхе язйира А-Хь.Кадыровс. Цу тIехь билгалдоккху: «Кху заманан вандалаша а, тIеман цIаро а овкъаршка ерзийна, хIаллакйина тхан музейш, йохийна цу чуьра экспонаташ. Леррина хьовса суьрташка, маьIна доккхуш беша хIора могIа. Цара цхьа а вуьтур вац дог ца Iовжош, бIаьрг ца белхош...» Иштта, 2003-чу шеран юьххьехь, Пачхьалкхан Третьяковски галерейн дирекцис гIо а лоцуш, кечбира П.Захаровн цIарах йолу Нохчийн къоман музей юхакхолларан а, берийн кхоллараллин центр яран а хьокъехь болу барт. Оцу бартан цхьана пунктехь билгалдоккхуш дара: «Пачхьалкхан Третьяковски галерейс кхачойо музей ярна тоьлла проект хIотторан конкурс дIаяхьарна. Россин Госстройца а, Нохчийн Республикан Правительствоца а цхьаьна кхочушдо оцу Iалашонашна харжаш лахаран гIуллакх». И барт чIагIбира Нохчийн Республикан Президента А-Хь.Кадыровс. Музей а, берийн кхоллараллин а, спортан а, реабилитацин а центр яран, оьшучу гIирсашца кечъяран юкъара мах герггарчу хьесапехь 20 миллион 900 эзар США-н доллар бара. Ахьмад-Хьаьжас чIогIа резахилла тIеийцира музей юхаяран гIуллакх. Къаьсттина чIогIа лиира цунна Нохчийчохь музей ян Iаьрбийн мехкашка ваханчуьра цIавирзинчул тIаьхьа. Дамаск гIала кхаьчча Шеман къоман музей вахана хиллера иза. Цо дехха, ма дарра дуьйцура цу музейн хьокъехь (тIаьхьа сан а аьтто белира цига кхача). Цул тIаьхьа, ша кхалхале цхьа бутт гергга хьалха, цо со ша волчу цIа, Хоси-Юьрта кхайкхира. Шен кIанта Рамзана цIахь йинчу музейн экспонаташ гайтира. ХIора экспонатах лаьцна дехха дуьйцура, сих ца луш. Цхьана сохьтехь эха сохьтехь Iийра иза царах лаьцна дуьйцуш. Гуш дара цо царах чIогIа дозалла деш хилар. ТIаккха кхоччуш тийшира со Ахьмад-Хьаьжас музейн а, киншкийн а фондаш тIеюзархьама шен ницкъ кхочург дерриг а дийриг хиларх, Нохчийн Республикан Къоман музей а, Къоман библиотека а яйтарна шен берриг а ницкъ дIалург хиларх. Ахьмад-Хьаьжа доггах воккхавоьра культура меттахIотторан новкъахь цхьа кIеззиг а кхиам хилча. Ша кхайкхинчу муьлххачу а культурни гIуллакхашкахь дакъалаца вогIура иза, республикехула дIасалелар кхерам боцуш ца хиллехь а. 2001-чу шеран июнь. Нажи-Юьртан районан культуран цIа меттахIотторна лерина даздарш дара. Цига веара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Культуран цIенна хьалхара майда юьззина адамаш дара. Декхна, маьлхаде дара. Иэсехь дисина хIетахь хилла цхьа башха хIума. Ишттачу меттигашкахь нохчашна юккъехь хуьлуш ма-хиллара ша-шах ловзар хIоьттира. Пондар озийра. Вота туьйхира. Районан куьйгалхочун Гайрбеков Йиситин бIо буьйлира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хелхаран гонна юккъе озо. Цуьнга деха дехарш дан ца дийзира. Республикан муфти хилла волу, ткъа тахана Нохчийчоьнан куьйгалхо волу иза хIайтъаьлла хелхардан волавелира. Нажиюьртахойн баккхийберан доза дан а дацар. Нагахь санна республикан куьйгалхо хелха волуш велахь, дика хийцамаш хир бу, бохура цара. Ткъа халкъ ишттачохь гал ца долу. Шелковски районан Старогладовскера Л.Н.Толстойн цIарах йолчу литературно-этнографически музейн буха тIехь оццу 2001-чу шеран июнехь дIадаьхьира Л.Н.Толстой дуьххьара Нохчийчу веана 150 шо кхачарна лерина даздарш. Цигахь а дакъалоцуш бара республикан куьйгалхой (А-Хь.Кадыров а, С.Ильясов а), оцо къаьсттина мехала маьIна делира даздаршна. Юбилейн гурашкахь дIаяьхьира «Л.Н.Толстой а, Нохчийчоь а» цIе йолу регионашна юкъара Iилманан-практически конференци. Иза дIайолош къамел динчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжас билгалдаьккхира: «ХIара санна йолу форумаш дIаяхьарца вай юхадерза деза ногIий а, гIезалой а, оьрсий а, нохчий а, кхидолу къаьмнаш а цхьа доьзал санна бертахь Iийначу заманашка». Цу тайппанчу даздаршкахь шен бахархошца хуьлучу къамелашкахь Ахьмад-Хьаьжас цаьрга хьал-де хоттура, церан Iер-дахар муха ду, церан сагатдеш дерг хIун ду хьожура. Иштта хилира 2002-чу шеран февралехь Шелковски районерчу Воскресеновская станицехь хIинц-хIинца меттахIоттийначу культуран цIийнехь НогIийн культуран центр схьайоьллуче тхо даханчу хенахь а. Цо леррина ладуьйгIира ногIийн юкъараллин векалшка. Церан лаам хиъча, циггахь царна ахча делира маьждиг тодан, дош делира ногIийн ярташкара социальни хьелаш тодан. Дагна чIогIа там беш ду ден дош цуьнан кIанта Кадыров Рамзана кхочушдина хилар. НогIаша чIагIдо Ахьмад-Хьаьжин Рамзана динначул шайна гIуллакх советийн Iедало 70 шарахь а дина цахилар. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа комаьрша стаг вара. Цунна чIогIа дезара адамашна совгIаташ дар, церан терго яр. Иштта, цуьнан тIедилларца Нажи-Юьртан районан культуран цIенна «Газель» микроавтобус а, духарш тега ахча а делира. СовгIаташ дира цхьайолчу республикански чрежденешна а, Теркан районерчу Чуьлга-Юьртарчу АрбиевгIеран дозалан ансамблана а. А-Хь.Кадыровна чIогIа дезара похIме бераш. Цуьнан беркате куьг бахьанехь дерриг дуьненна а вевзира къона хелхарча Мусаев Мансур. XX-чу бIешеран гоьваьллачу хелхарчас Эсамбаев Махьмуда даре дира и кIант шен метта дIахIуттург хилар. Ахьмад-Хьаьжина бевзара вайн цIеяххана болу культуран а, искусствон а гIуллакххой. Республикан администрацин гIишло чохь цуьнан цхьаьнакхетарш хуьлура культуран министерствон аппаратан белхахошца, республикан культуран а, искусствон а ерриг а учрежденийн куьйгалхошца, тIеоьцура кхоллараллин белхахой. Иза царна хIун оьшу, царна гIодан хьожура. Шайн юбилейш билгалйохучу хенахь Нохчийчуьрчу иттех сов кхоллараллин белхахочунна «Волга» а, «Жигули» а машенаш елира цо. Дегара и дика ламаст схьаэцна цуьнан кIанта Кадыров Рамзана. Цо а хаддаза гIайгIабо культуран а, искусствон а белхахойн хьокъехь. 2000-чу шарахь шен 60 шо кхочуш дуьххьара «Волга» машен елира массарна а дукхавезаш а, массара а лоруш а волчу Дагаев Валидана. Ахьмад-Хьаьжас тIедилларца 2001-чу шарахь меттахIоттийра оццу Дагаев Валидан цIа а, ков-керт а. ЦIеяхханчу актеран Омаев Дагунан юбилей тIекхочуш похIмечу актерана доккха совгIат дан лаам бара. Амма Ахьмад-Хьаьжа цIахь вацара. Цунна хIун совгIат дийр дара те бохуш ойла еш дикка корта лазийначул тIаьхьа а, цунах гIуллакх ца хилла, хIетахь хиллачу премьера Ильясов Станислава гIуллакх дир доций а хиъна, сайн ийзавалар а иэшийна, буьйса юккъе йоьдучу хенахь мобильни телефонехула Ахьмад-Хьаьжица къамел дира ас, кхолладелла хьал довзуьйтуш. Соьга парггIат ла а доьгIна, цо суна тIедиллира: «Кхана Iуьйранна со волчу цIа – Хоси-Юьрта цунна машен яло стаг вахийта». Цуьнан озехь хаалора и гIуллакх юьхькIам болуш дерзарх иза воккхавуьйш хилар. Iуьйранна Ахьмад-ХьаьжагIеран юьрта стаг вохуьйту ас. Иза тоьлла «Волга» а ялош юхавогIу. ТIаьхьа гучудолу и машен А-Хь.Кадыровна винчу денна совгIатна елла хилла хилар. Шена елла машен республикан тоьллачех волчу цхьана актерана дIаелира цо. Нохчийн Республикан Президентан А-Хь.Кадыровн тIедилларца республикан Правительствос арахийцира «НР-н культуран а, искусствон а декъерчу белхахойн къинхьегамна ял яларехула, уьш социальни ларбарехула гIуллакхаш даран хьокъехь» йолу распоряжени. Цуьнца нийса а догIуш билгалдехира сийлахь цIераш техкинчу а, дуккха а шерашкахь белхаш бинчу а белхахошна республикан бюджетан четах кхитIе а ахчанаш далар. Оцу документо таро елира культуран декъехь юкъахьоьгучу белхахойн алапаш юккъерчу барамехь 40 процентана лакхадаха. Цул тIаьхьа оцу распоряженин положенеш чIагIйира Нохчийн Республикан «Культуран хьокъехь» долчу Законехь. КIеззиг хьахо лаьа Ахьмад-Хьаьжин цхьайолу амалш. Муьлххачу хьолехь а, муьлххачу меттехь а ша верриг хуьлий вуьсуш вара иза: дог цIена, шалхо йоцуш, дагахь хIума доцуш, оьшшучохь башха забар ян хууш, ийна. Цуьнан оцу амалша цунна таро лора хьаьнцца а къамеле вала, цуьнан ойла шена тIеерзо. Дала похIма делла халкъан дипломат – маслаIатхо вара иза. Оцу сихачу, чолхечу, кIуркIаманечу хьелашкахь а цкъа шеца къамеле ваьллачу, цхьаьнакхеттачу муьлххачу а стеган цIе, юьхь дагайогIура цунна. Иштта, цунна йиц ца лора цкъа мацах къонахаллехь гинчуьнан цIе а. Башха иэс долуш стаг вара иза. Цо цкъа а диц ца дора ярташкахь, производственни коллективашкахь, кхечанхьа адамашца шен хуьлуш долчу дуккха а цхьаьнакхетаршкахь ша цаьрга аьлларг, ша царна делла дош. Цкъа а ца еана цо ша аьлларг кхочуш ца деш меттиг. Боккха, цкъа а меттахIотталур боцуш иэшам хилла вайн къомана иза дIаваларца доьзна. ЧIогIа новкъа ду тахана иза вайца цахилар. Дала декъалвойла-кх иза! Дала шен хIусамах воккхавевойла-кх иза! ОСМАЕВ Мовла, Россин Федерацин культуран хьакъволу белхахо.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет