28.02.2010 /17:17/ Iеламнаха дийцарехь, уггар а мелехь гIуллакхаш ду некъ, тIай, хи тодар. Юьртахь вехачунна а, вогIу-воьдучунна а – массарна а оьшуш, ца хилча йиш йоцуш бу некъ. Хууш ма-хиллара, вайн республикехь тIаьххьара хиллачу тIемаша дохийна, дара дерриг некъаш. ТIаьхьарчу хенахь дуккха а тодина, юхадехкина, карарчу хенахь тодеш а ду уьш. Некъаш дохкуш къахьоьгучех цхьаъ ю «Спектор-ИС» организаци. Карарчу хенахь Грозненски районан Горячеисточенскера Аргуне кхаччалц силамнекъ буьллуш бууьш. Дуккха а хан яра кхузара некъ галбаьлла, машенахь дIасаваха а хала долчу хьолехь болу. Ткъа хIинца буьллуш берг цхьанхьа а «хIара-м мегар бара» аьлла ца буьтуш, машенахь хьо дIавоьдуш цхьана а меттахь машен тоха ца луш, дика буьллуш бу. Организацин директоран заместитела Агуев Iабдуллас дийцарехь, хIара некъ 2008-чу шеран апрель баттахь билла болийна. Некъан бохалла 18 километр ю, шоралла – 9,5, стоммалла – 28 сантиметр, кхо чкъор деш буьллуш а бу. Социйлаш йолчохь а, ткъа иштта гуш долчохь а 13–16 метре кхочу некъан шоралла. Теркан дукъахула чекхболуш бу некъ, цу дукъ тIе хьалайовлуш ницкъ алсам хуьлура кира кхоьхьучу машенашна, ткъа Iай ша хьаьхча шаршарна а Iаламат кхераме дара. Цу дукъахула некъ чекхболучохь 11 метр герга аьхкина, охьатаIийна, ирхе хьалхачул а дикка жимйина. Галдаьлла хилла Соьлжахин тIай тодан ма-деззара тодина, хиэ охьатекхийна, кIелахь гулъелла дечигаш а дIаяьхна. Ткъа карарчу хенахь Керлачу ЦIоьнтарна юххера цIерпоштнекъана тIехула долчу тIайн ший агIо, духь-дуьхьал йогIучу машенаш вовшийн гурриг, ойбуш тодеш ду. Цул сов, 4 социйла а йина – шиъ Чурт-ТогIехь, шиъ Беркат-Юьртахь. 80 гергга белхахо ву цу некъа тIехь къахьоьгуш. Тоъал техника а ю: 4 бульдозер, 3 грейдер, 2 асфальт баржош, 6 некъ батош, 3 хи кхоьхьу машен, 3 экскаватор, 3 кун, 40 кира кхоьхьу машен. Iуьйранна 8 сахьт даьлча тIехIуьттий, сарахь 7 сахьт даллалц беш бу белхаш. Белхалошна дийнахь кхузза луш бовха кхача а бу. Алапа а шен-шен хенахь дIалуш ду, ткъа иштта хIора баттахь а билгалбевллачу белхалошна премиш а ло. Уьш реза бу, шайн балхана, цу тIехь цара тоьшалла а дира. Дика-вуон тIедеъча, ахчанца гIо до организацин директора Шовхалов Ислама, ткъа иштта белхалоша вовшийн а. Бертахь ю коллектив. ХIора сарахь белхан хан чекхъяьлча, нах шайн-шайн цIа дIабуьгуш бу, цунна лелош 2 «Газель» машен, 1 автобус ю. Карара шо чекхдалале биллина баьлла хила безаш бу некъ, билгалйина хан чекхъялале шаьш девр ду аьлла, тешна бу кхузара къинхьегамхойн чекхъяккха йисинарг 1,5 километр бен меттиг яц. Тоьллачу белхалойн цIерш яхар дехча, Iабдуллас делла жоп иштта дара: – Ледара белхалой тхан бан а бац, делахь а къаьсттина цIерш яха луур дара Магомадов Ризванан, Асхабов Мовлдин, Бамбадов Ахьмадан, Дадаев Асланбекан. Р.МУСИПОВ.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2