доллар    57.39 $
евро 67.76 €
22 октября, 05:53
+9 в Грозном

Швейцарехь хилла цхьаьнакхетарш

28 июля в 17:19 (2010 г.)
28.02.2010 /17:19/ Кхул хьалхарчу номерехь оха хаам бина ма-хиллара, тхан цхьаьнакхетарш хилира Швейцарин бакъонашларъяран органийн векалшца. Цаьрца хиллачу къамелашкахь цхьадолчу декъана Швейцарин бакъонашларъяран гIуллакх девзинчул тIаьхьа, тхан рогIера цхьаьнакхетар хилира юстицин а, полицин а федеральни министраца Эвелин Видмер-Шлампфица. Юьхьанца цо билгалдаьккхира Россин юстицин министерствоца шайн мехала юкъаметтигаш хилар. Полицин а, прокуратурин а тIегIанехь цхьана болх бо шина пачхьалкхо. Коьртачу декъана йийцаре йо набахташкахь таIзарш даран кепаш. – Дуьненаюкъарчу бакъонийн декъехь гIо дарехь кхиамца болх бо оха, – бохура министра. – Уголовни бакъонийн декъехь ма-барра, махкахойн бакъонийн декъехь а беш бу болх. Юккъерчу хьесапехь хIора шарахь бакъонех кхетор доьхуш 60 дехар кхочу тхоьгара Россера. Дукхахьолахь уьш кхочуш а до оха. Наггахь нисло дехарш кхочуш ца деш дуьсуш меттиг а. Масала, Швейцарис тIеэцна нах бевдда баьхкина Россина дIа ца ло оха. Шайн рогIехь журналисташа хеттарш дира Видмер-Шлампфига. –Кхиазхошна таIзарш даран гIуллакх муха дIахьо Швейцарехь? – Кхиазхойн гIуллакхашка хьовсуш леррина суьдхой бу тхан. Набахташкахь хан токхуш болчу кхиазхоша пайдаоьцуш леррина бакъонаш а ю. Цу декъехь тхан бакъонаш тоьлаш хиларан билгало ю, кхиазхоша чохь хан йоккхучу хенахь церан деша йиш хилар. 18 шо кхаччалц ларалуш бу кхиазхой. Амма 18 шо кхачаза йолчу хенахь цара динчу зуламе хьаьжжина, 22 шо кхаччалц биса тарло уьш оцу системехь. Зулам кхин цадайтарна церан ойла тIеерзор ю Iалашо. Зулам дина болу кхиазхой юьхьанца мелла а къовламечу хьелашкахь латтабо тхан пачхьалкхан набахтешкахь. Амма церан леларе хьаьжжина, юххехь гIарол доцуш чура ара а бовлуьйту уьш. Маьршачу дахарна чохь бохккушехь кечбо оха уьш. Иштта кхин масех хаттар дира Россин журналисташа Швейцарин министре. Царах цхьаъ дара, масала, 2002-чу шарахь Цюрихан аэропортан кеманна хиллачу бохамехь шен доьзал хIаллакьхилча, цунна бехке волу авиадиспетчер вийна волчу Калоев Виталийн хьокъехь. Министра дийцира, Калоевн гIуллакхе хьаьжна йолчу Цюрихан кантонан суьдо хIетахь хIиттина хилла долу дерриг хьелаш хьесапе а эцна, кхиэл кхайкхийна хилар. Къамел дерзош, Видмер-Шлампфас билгалдаьккхира, Россин журналистийн Швейцарех йолу дог-ойла дикачу агIор хилийтар шайн лаам хилар. ТIейогIучу номерехь оха дуьйцур ду Швейцарехь хилла долчу рогIерчу цхьаьнакхетарех лаьцна. Э.ДАВЛЕТБАЕВ.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет