29.07.2010 /11:13/ Премьер-лигин командашна юккъехь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан 14-чу туран матчаш хилира чекхдевллачу мукъачу деношкахь. Соьлжа-ГIалара «Терек» левзира Махачкаларчу «Анжица» Махачкалара стадион жимма белхаш бан безаш хиларна командаш Владикавказехь, «Алания» стадионехь левзира. Матч дIайолаелла цхьана иттех минотехь вовшашкахь хIун доллу хьовсуш левзира командаш, гIалаташ лоьхура. Амма дукха хан ялале шен тIелатарш алсам даха йолаелира вайн республиканкоьртакоманда.Кацаев Iадлана «Анжин» защитникера схьа а яккхина дIаелла буьрка Бракомонте Эктора генара туьйхира. Вратарь Абаев Илья дика левзира. Цул тIаьхьа Лахиялов Шемала угловойра схьаяийтина буьрка чу ца тоха хало доллушехь гол тохарца билгала ца валавелира Ферейра Антонио. Кхин цкъа а буьрка чу тоха аьтто бара оццу Ферейран, амма цо тоьхна буьрка штангех кхетта сецира. Хьалхара тайм чекхъяла герга яханчу хенахь Асильдаров Шемала коьртаца тоьхна буьрка Абаев Ильяс ларочу кевна жимма лакхахьахула яхара. Счет 0:0 йолуш садаIа яхара командаш. СадаьIначул тIаьхьа а Соьлжа-ГIалара «Терек» дика ловзура, амма гол ца тохалора. ШолгIа тайм йолаелла иттех минот ялале Асильдаровс тоьхна буьрка юха а штангех кхетта кевна чу ца йоьдуш йисира. Цул тIаьхьа а лах ца дора нохчийн футболисташ шайн тIелатарш, амма…. Амма… Бакъду, цу матчехь Дикань Андрейс лардечу кевна дуьххьара тоьхначу буьрканах гол хилира. ШолгIачу таймехь юкъаваьлла волчу Стрельцов Андрейс шега елла буьрка Цороев Давида чутуьйхира. ТIаккха боьхна хьевзинчу «Терекан» футболистийн цхьана а агIор ловзар дIа ца доьдура. Амма хан чекхъялале счет дIанисъян йиш яра Арсэн, юха а шен кевнахь дика лаьттара «Анжин» вратарь Абаев Илья. Тамашийна цхьаьнакхетар дара Владикавказехь хилларг, мел кIезга а пхиъ-ялх гол тоха аьтто хиллачу «Тереко» цхьа а чу ца туьйхира. Динна матчехь цхьаъ бен ца хиллачу тIелатарехь «Анжи» командо вайн кевна буьрка чутуьйхира. Счет 0:1 йолуш ийшира вайн команда. «Даймохк» газетдешархошна довзийта лаьа кхидолчу цхьаьнакхетарийн жамIаш: «Ростов» (Дона-тIера Ростов) – «Зенит» (Санкт-Петербург) – 1:3; «Рубин» (Казань) – «Динамо» (Москва) – 2:0; «Алания» (Владикавказ) – «Томь» (Томск) – 2:1; «Крылья Советов» (Самара) – «Спартак» (Москва) – 0:0; «ЦСКА» (Москва) – «Спартак» (Нальчик) – 1:2; «Сибирь» (Новосибирск) – «Локомотив») – 2:2; «Амкар» (Пермь) – «Сатурн» ( Раменское) – 0:1. 31-чу июлехь 15-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» С.Билимхановн цIарах йолчу стадионехь ловзур ю Владикавказерчу «Алания» командина дуьхьал. АБДУЛАЕВ Адам.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2