«Нохчийчоь – вайн юкъара Даймохк

29 июля в 11:15 (2010 г.) 2355
29.07.2010 /11:15/ Кху деношкахь хаамийн «Грозный-информ» агентствехь дIаяьхьира «Нохчийн Республика – вайн юкъара исторически Даймохк» цIе йолу горга стол». Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикан арахьарчу зIенийн, къоман политикин, зорбанан, хаамийн министерствон шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула йолчу департаментан мониторинган директоран заместитель Хатуев Ислам, оццу министерствон арахьарчу зIенийн департаментан директор Ильясов Лоьма, Нохчийн Республикан хаамийн политикин Юкъараллин палатин а, къаьмнашна юкъарчу гIуллакхийн комиссин а председатель Хаджимурадов Абухьаьжи, Россин Федерацин Нохчийн Республикехула йолчу УФМС-н бахархойн гIуллакхашкахула йолчу отделан хьаькам Шаипов Хьамзат, Казахстанехь бехачу нохчийн юкъараллин векал Джанхотов Iусман, ткъа иштта ГIиргIазойн махкахь бехачу нохчийн юкъараллин векал Ахматова Зарина. Цигахь йийцаре йира Нохчийчуьра дIабахана Казахстанехь а, Юккъерчу Азехь а бехачу вайнехан проблемаш. Хатуев Ислама дийцира Нохчийн Республикан а, Россин Федерацин а куьйгалхошка а, ткъа иштта кхечу ведомствошка а Нохчийчуьра дIабаханчу бахархойн юкъараллин организацешкара нохчий юха цIаберзарехь гIо лацар доьхуш, дуккха а кехаташ кхочуш хиларх. Ильясов Лоьмас дийцарехь, Нохчийн Республикан Президентан Кадыров Рамзанан тIедилларца Нохчийн Республикан арахьарчу зIенийн, къоман политикин, зорбанан, хаамийн министра Саралиев Шамсаила дуккха а къахьегна Европехь а, Юккъерчу Азехь а бехаш болу нохчий мел бу толлуш. Цигахь 220 эзар нохчи ву. Кхузахь билгалдаккха догIу, Россин Федерацин 33 регионехь циггахь бехачу шайн махкахойн гIуллакхашка хьовсуш Нохчийн Республикан Президентан векалш хилар. ГIиргIазойн Республикан Токман гIалахь бехачу нохчийн юкъараллин векала Ахматова Заринас дийцира, цигахь бехаш болу нохчий 1944-чу шарахь вайн къам махках даьккхина дIадигначу хенахь цIа берзаза бисинчийн тIаьхьенах хилар. ТIаьхьарчу хенахь ГIиргIазойн Республикехь хилла хьовр-зIовр бахьанехь цигахь бахар а тешам боцуш хета нохчашна. Цул сов, Хаджимурадов Абухьаьжас ма-аллара, цу республикехь цхьана а дешаран хьукматашкахь хьоьхуш нохчийн мотт цахиларна, шайн тIаьхьенна вайнехан мотт а, гIиллакхаш а дицдаларна а кхоьру уьш. Я дика-вуон тIедеача, вайнехан Iадатехь ма-дарра зуькар дан а, кхидолу динца доьзна гIуллакхаш дIакхехьа таронаш а ледара ю. Хене вала хала хиларх лаьцна а дийцира Заринас. Джанхотов Iусмана а довзийтира Казахстанехь бехачу нохчийн хьелаш, ГIиргIазойчохьчул рицкъа лахарна жимма гIолехь хилар доцург изза хьал ду церан а. Вовшех дагабевллачул тIаьхьа гулбеллачийн сацам хилира, кхузахь дийцина гIуллакхаш, дика талла а теллина, дозанал арахьа бехаш болу нохчий Даймахка цIаберзорехь Iедалан органашка гIо деха. Р.МУСИПОВ. Аторан сурт.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет
Картина дня? Картина дня
Песков: в ближайшее время Путин позвонит Трампу и поздравит с вступлением в должностьПесков: в ближайшее время Путин позвонит Трампу и поздравит с вступлением в должность
В мире
Капремонт монумента "Родина-мать зовет" обойдется в 2 млрд рублей   Капремонт монумента "Родина-мать зовет" обойдется в 2 млрд рублей
В России
Р. Кадыров поздравил С. Аксенова с Днем образования КрымаР. Кадыров поздравил С. Аксенова с Днем образования Крыма
Власть и политика
Карачаево-Черкесия станет ареной состязаний лучших тхэквондистов России и стран СНГКарачаево-Черкесия станет ареной состязаний лучших тхэквондистов России и стран СНГ
Спорт и здоровье
Прогноз погоды на 21.01.2017 в ЧечнеПрогноз погоды на 21.01.2017 в Чечне
Происшествия
В Карачаево-Черкесию с официальным визитом прибыл Полномочный представитель Президента России в СКФОВ Карачаево-Черкесию с официальным визитом прибыл Полномочный представитель Президента России в СКФО
Общество
Фотография из
Идет загрузка картинки...
Добавлено:
Просмотров: