ШаIбан – Элчанан бутт

30 июля в 12:19 (2010 г.) 8502
30.07.2010 /12:18/ Шех Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олуш беза бу Ша1бан бутт. Оцу баттахь марханаш кхабар суннат, Делера йоккха ял хир йолуш 1ибадат ду. Къаьсттина деза лерина Ша1банан 13, 14-15-чу деношкахь марханаш кхабар. Оцу буьйсанна Джабраил малик деана Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу. Хьалхарчу – 13-чу буса деанчу Джабраил малико аьлла: «Я расулуллах1, хьала а г1аттий, суннат ламаз а дай, хьайн уммат доьхуш, Деле до1анаш де». Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьала а г1аьттина, суннат ламаз а дина, Деле до1анаш дина шен уммат доьхуш. Цу буса, сатосуш, юха а деана Джабраил малик Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу. Цо цуьнга аьлла: «Дала хьан умматах кхоалг1а дакъа делла хьуна». 14-чу буса Джабраил малик юха а деана Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу. «Далла, хьаста а лой, до1анаш де, хьайн уммат доьхуш», – аьлла цо. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Далла, хьаста а луш, до1анаш дина. Цу буьйсанна сатосуш юха а деана Джабраил малик: «Шолг1а дакъа а делла хьуна Дала», – аьлла цо. 15-чу буьйсанна а деана Джабраил малик. Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) до1анаш де аьлла цо. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) до1анаш дина, шен уммат Деле доьхуш. Кхул хьалха а санна сатоссуш юха деанчу Джабраил малико аьлла: «Хьан умматах кхоалг1а дакъа а делла хьуна Дала, Шеца – Делаца накъост лоцурш бац кхарна юккъехь». Юха аьлла Джабраил малико: «Х1ай, Мухьаммад, хьайн корта хьалаайбай стигала хьажахьа. Хьала хьаьжча х1ун го хьуна?». Хьала хьаьжча стигалан не1арш йиллина гира цунна. Маликаш гира цунна. Дуьненна юххерчу стигала т1ера 1арша т1екхаччалц сужуд деш, Муьхьаммад пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) уммат Деле доьхуш. Хьалхарчу стигланан не1арехь малик дара мохь бетташ: «Х1окху буьйсанна руку1а деш болу нах декъала хир бу». Шолг1ачу стигалан не1арехь малик дара мохь бетташ: «Декъала хилар ду-кх х1окху буьйсанна Далла сужуд деш болчу нахана». Кхоалг1ачу стигалан не1арехь мохь бетташ малик дара: «Декъала хилар ду-кх х1окху буьйсанна Дела хьехош болчу нахана». – Йоьалг1ачу стигалан не1арехь мохь бетташ малик дара: «Декъала хилар ду-кх х1окху буьйсанна Деле до1анаш деш болчу нахана». Пхоьалг1ачу стигалан не1арехь мохь беттачу малико бохура: «Декъала хилар ду-кх х1окху буьйсанна Делах кхоьруш, Деле до1анаш деш болчу нахана».Ялхолг1ачу стигалан не1арехь долчу малико мохь беттара: «Декъала хилар ду-кх х1окху буьйсанна дика 1амалш еш болчу нахана». Ворх1алг1ачу стигалан не1арехь мохь бетташ малик дара: «Декъала хилар ду-кх х1окху буьйсанна Къоръан доьшуш болчу нахана», – бохуш. Кхин цхьа малик а хилла мохь бетташ: «Х1ай, Деле доьхуш до1анаш деш цхьа а вуй шуна юккъехь? Шун дехарна жоп лур ду. Ша динчу вуочу х1уманна дохко ваьлла стаг вуй? Дохко а ваьлла цо тоба дахь, цуьнан тоба къобалдийр ду». Мухьаммад пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Делан къинхетаман не1арш шен умматана йиллина ю и буьйса йолаелчахьана сатассалц йолчу ханна». Дала цу буьйсанна хьалха буьту жоьжахате баха хьакъ хилла нах. Ванин-Калба бохуш цхьа къам ду дукха жаш лелош. Церан уьстаг1ашна т1ехь мел болчу чоьнан ц1арах цхьацца хьалха вуьту Дала цу буьйсанна. Вай юьйцург ша1банан 15-г1а буьйса ю. Вайн Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: « Ша1бан баттахь шена цхьа эзар салават диллинчу стеган хьашташ кхочушдийр ду Дала: б1е эзар-дуьненан хьашташ а. Б1е эзар диканиг яздийр ду цунна. Б1е эзар вуониг д1а а доккхур ду. Б1е эзар дарж а лур ду цунна. Веза хинволчу Дала иза ларван эзар малик дохуьйтур ду, массо вуочу х1уманах иза ларвар а доьхуш. Иза дийна мел ву цунна юххехь а, велча цуьнан коша т1ехь а, Деле и воьхуш, къематде кхаччалц лаьттар ду уьш. Иштта деза ду ша1бан баттахь вайн пайхамарна салават диллар. Вай еш йолу кхийолу 1амал маликаша, талла а толлий, Далла т1ехьош ю. Пайхамарна салават диллина 1амал маликаша, талла а ца толлуш, Далла т1ейоьду. Ахь дуьллуш долу салават нийса дацахь а, Дала шегара нис а дой д1аоьцу, Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шена дукха веза дела. Далла Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) мел дукха веза вайга дийцалур дац. Х1етте а Далла Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) везарх цхьа к1еззиг дуьйцур вай. Дала нуьре хен кхоьллина, шен диъ га а долуш. И диъ га Абубакар, 1умар, 1усман, 1ела хилла. Оцу деа гена юккъе к1айчу нуьре, ша горга а йолуш, кад санна х1ума х1оттийна Дала. Цу чу дуьненчохь хирг ма-хиллара вайн Пайхамар х1оттийна. Цунна гонаха дах1иттийна Дала мел кхоьллина синош. Т1аккха дала оцу синошка аьлла: «Д1ахьовсал! Синош д1ахьаьвсина. Д1ахьаьвсича корта гинарш бу. Царах паччахьаш хилла. Юьхь гинарш бу. Царах элий хилла. Беснеш гинарш – хьекъал долу нах хилла. Хьаж гинарш – сий долу нах хилла. Б1аьргаш гинарш – хьафизаш хилла. Ц1оцкъамаш гинарш – Къоръан дукха доьшу нах хилла. Мара гинарш – лоьраш хилла. Лергаш гинарш – х1ума схьалоцуш, ладог1а лууш нах хилла. Балдаш гинарш – Дела дукха хьехош нах хилла. Накха – гинарш – пайхамарш, эвлаяаш, 1улмааш (1еламнах) хилла. Бага гинарш – марха кхобуш болу нах хилла. Цергаш гинарш – сибаташ хаза долу нах хилла. Лаг гинарш – моллалла кхойкхуш болу нах хилла. Ворта гинарш – йохк-эцар лелош болу нах хилла. Ч1ениг гинарш – собаре нах хилла. Мотт байнарш – маттана говза, Дела дуьхьа машар беш болу нах хилла. Маж гинарш – Дела дуьхьа къахьоьгуш болу нах хилла. Белш гинарш г1азотан ох1ланаш хилла. Ши пхьарс гинарш – тур-цхьамза лелош болу нах хилла. Аьтту пхьарс гинарш – дикачу х1уманна ка йолу нах. Аьрру пхьарс гинарш – г1азотана кечам беш болу нах. Ши куьг гинарш – комаьрша нах хилла. Куьйгийн т1еэш (т1ехалонаш) гинарш – б1аьрмециг нах хилла. Аьрру кераюкъ гинарш – ялта нийса доькъу нах хилла. Аьтту куьйган кераюкъ гинарш – шайх беркат долу нах хилла. П1елгаш гинарш – йоза яздеш болу нах. П1елгийн буьхьилгаш гинарш – х1ума тоьгуш болу нах (т1еюха х1ума йоцуш кхиерг тоьгуш – нуьйр, г1омат, и.д1.кх.) Аьтту куьйган п1елгийн т1еэш гинарш – бедарш еш болу нах. Аьрру куьйган п1елгийн т1еэш гинарш – аьчган пхьераш. Аьтту куьйган т1еэш гинарш – мехах силам дуьллуш болу нах. Аьрру куьйган т1еэш гинарш – хьун хьокхуш болу нах. М1араш гинарш – хаза духарш лелон нах. Букъ гинарш – шари1атана муьт1ахь нах. Гай гинарш – Дала шайна деллачух кхачам беш болу нах. Когаш гинарш – г1аш некъ беш берш. Коган к1елонаш гинарш – талла лелаш болу нах. Цуьнан 1индаг1 гинарш – мехах пондарш а, эшарш а лоькхуш лелаш берш. Д1ахьовсал аьлча д1ахьаьвсинарш х1умма а ца гинчарах жуьгтий, эрмалой, керстанаш хилла. Д1ахьовсал алча, ца хьаьвсинарш Ям, Къуддар, Намруз, Фир1ун, Жалут, Сахар, Бухтанасар, Абужах1ил хилла. Муьхьаммадан нур (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) эццахь шайна гинехьара: Адам пайхамарна дуьхьал Иблис дер дацара; Нухь пайхамарна дуьхьал Ям вер вацара, Салахь пайхамарна дуьхьал Къуддур вер вацара, Ибрах1им пайхамарна дуьхьал Намруз вер вацара, Муса пайхамарна дуьхьал Фир1ун вер вацара, Дауд пайхамарна дуьхьал Жалут вер вацара, Сулейман пайхамарна дуьхьал Сахар вер вацара, 1ийса пайхамарна дуьхьал Бухтанасар вер вацара, шолг1а Дажжал хир вацара, Мухьаммад пайхамарна дуьхьал Абужах1ил вер вацара. Уьш дакъаза бевлла дела Мухьаммадан нур ца гайтина Дала царна. Оццул вазвина кхоьллинчу Мухьаммад пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бутт лоруш бу ша1бан. Цуьнан лерам бар, оцу баттахь марханаш кхабар бусалбачу нахана ч1ог1а мелехь ду. Р.БЕРСАНОВ, Соьлжа-Г1алин Ма1ас поселкера 1елим.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет
Картина дня? Картина дня
Песков: в ближайшее время Путин позвонит Трампу и поздравит с вступлением в должностьПесков: в ближайшее время Путин позвонит Трампу и поздравит с вступлением в должность
В мире
Капремонт монумента "Родина-мать зовет" обойдется в 2 млрд рублей   Капремонт монумента "Родина-мать зовет" обойдется в 2 млрд рублей
В России
Р. Кадыров: Очень важно сохранить и передать будущим поколениям уникальные объекты средневековой архитектуры ЧечниР. Кадыров: Очень важно сохранить и передать будущим поколениям уникальные объекты средневековой архитектуры Чечни
Власть и политика
«Кезеной Ам» открыт для зимних видов спорта«Кезеной Ам» открыт для зимних видов спорта
Спорт и здоровье
Прогноз погоды на 21.01.2017 в ЧечнеПрогноз погоды на 21.01.2017 в Чечне
Происшествия
Определились финалисты конкурса "Лучший чтец Корана" Определились финалисты конкурса "Лучший чтец Корана"
Общество
Фотография из
Идет загрузка картинки...
Добавлено:
Просмотров: