30.07.2010 /12:30/ БисмиллахIиррохьманиррохьийм Шуна хоийла хьоме вежарий! Xlopa пхийттара ваьллачу (яьллачу) муьрдашха божаршна а,  зударшна a mlexь хилар xlapa кхо вирд даккхар, шен билгалйинчу хенашца а, шен бехкамашца уьш лелор а. Царех: Волавелла цалелар. Къамел цадар. Къилбехьа вирзина хилар, ламаз эцна хилар, голаштIе охьахиъна. Далла тIе ойла ерзаяр, шен устаз дагалацар. Хьалхара вирд: «ЛаилахIа иллаллахIу» эр ду xlopa ламазал тIаьхьа бIозза. Хьалха: пхоьазза «астагIфируллахI» эр ду. ТIаьхьа: пхоьазза Пайхамарна     салават дуьллур ду. ТIаккха мел кхайкхош эр ду: «АIузу БиллахIиминашайтIаниррожийм. БисмиллахIиррохьманиррохьийм. Айса динчу цхьа бIе зуькаран мел Хьан Элчанна- Мухьаммад пайхамарна,      сайн устазана, цаьршинна юккъе болчу эвлаяашна бели ас. Веза-Воккха Дела, соьгара цIена совгIат дай, цуьнан мел цаьрга кхачабе Ахь. Хьайгара къинхетам, Пайхамарера шафаIат, устазера шафаIат, беркат, шовкъ, марзо, соьга, соьгара со хьашт долчуьнга кхачаде Ахь». «АллохIумма солли Iала Мухьаммадив ва Iала али Мухъаммадив ва саллам, «бихьурмати суратил фатихьа»— аьлла, «фатихьат» (Бисмилла) доьшур ду. ТIаккха хьуна хоийла! Веза- Воккха Дела бохучуьра дуьйна схьа, массо вирдана тIаьхьа догIуш ду. Юх-юха а яздина ца хиларх чекхдаккха деза иза. ШолгIа вирд: Xlopa дийнахь, Iуьйра ламазал тIаьхьа, малх схьакхетале хьалха Пайхамарна              бIе салават дуьллур ду. Кхин вирд даьккхича малх схьакхетар белахь, xlapa хьалха доккхур ду. ХIокхуьнан мел кхайкхор бац. КхоалгIа вирд: Xlopa дийнахь, Iуьйра ламазал тIаьхьа малх схьакхетале              «КъулхIуваллохIу ахьад» доьшур ду бIозза. ТIаккха цхьацца ши ا  « къульаIузу» доьшур ду. Уьш масазза доьшу царна хьалха   «БисмиллахI» эр ду. ТIаьхьа « АллахIу Акбар» эр ду. Цуьнан мел: Айса бIозза дешначу КъулхIанан мел а, цкъацкъа дешначу шина «КъульаIузин» мел а Хьан Элчанна Мухьаммад пайхамарна, сайн устазана, цаьршинна юккъе болчу эвлаяашна бели ас. Абубакарна, Iелина, Iумарна, Iусманна бели ас. Веза -Воккха Дела, соьгара цIена совгIат дай и. дI. кх. Фатихьа... Важа вирдаш чекхдевли. ХIинца бархI вирд ду суннаташ долуш. Хьалхара вирд: «Лaилaxla иллаллахIу» боху вирд ду. Xlopa дийнахь-бусий цхьа бIе, я пхи бIе. Хьалха: кхузза    «АстагIфируллахI» эр ду. ТIаьхьа: кхузза Пайхамарна  салават дуьллур ду. И пхи бIе делахь пхеа ламазна тIедекъна дийр ду, я цхьана метта гулдина дийр ду. Цуьнан мел: Хьан Элчанна, сайн устазана,ا   Адам пайхамарна бели ас.                                 Адам пайхамарера дуьйна Мухьаммад пайхамарна тIекхаччалц элчаналла шайна делла бахкийтинчу пайхамаршна а бели ас, Мухьаммад пайхамарера  дуьйна сайн устазана тIекхаччалц элчанийн метта хIиттинчу эвлаяашна а бели ас. Веза -Воккха Дела, соьгара совгIат дай и. дI. кх.  ا Фатихьа... ШолгIа вирд:  « Лaилaxla иллаллахIу» боху вирд ду. Xlopa дийнахь-бусий цхьа бIе, я пхи бIе. Хьалха: кхузза   «АстагIфируллахI» эр ду. ТIаьхьа: кхузза Пайхамарна  салават дуьллур ду. И пхи бIе делахь пхеа ламазна тIедекъна цхьацца бIе дийр ду. Я цхьана метта гулдина дийр ду. Цуьнан мел: Хьан Элчанна Мухьаммад пайхамарна бели ас, сайн устазана, сайн  дений-нанний бели ас. Веза - Воккха Дела,  и. дI. кх.    ا Фатихьа... КхоалгIа вирд:   «Иза' жа'а» доьшур ду хlopa дийнахь-бусий бIозза. Масазза  доьшу БисмиллахI олуш. Аьлла ваьлча  «АллахIу акбар» - олуш.                                                                         Массарал тIаьхьа ворхIазза Пайхамарна     салават дуьллур ду. Цуьнан мел: Хьан Элчанна, сайн  устазана, цаьршинна юккъе болчу эвлаяашна бели ас. Веза- Воккха Дела,  и. дI. кх.  ا ا Фатихьа... ДоьалгIа вирд : ا «АллахIу акбар» боху вирд ду. Xlopa дийнахь-бусий цхьа бIе, я пхи бIе. И пхи бIе делахь пхеа ламазна тIедекъна дийр ду.  Я цхьана метта гулдина дийр ду. Хьалха: кхузза шахIадат далор ду. Цкъа: «Аманту биллахIи ва малаикатихIи ва кутубихIи ва русулихIи валь явмиль ахири ва биль къадри хайрихIи ва шаррихIи миналлахIи таIала» эр ду. Таккха: Ас тоба дина, Далий, Пайхамарий хьарам дина хIума дарна   дохко вели со. Далий, Пайхамарий фарз дина хIума дан тIеийци ас сайн ницкъ ма кхочу.  Делан Вели сайн устаз вина леци ас. ТIаккха: ворхIазза ا     « АстагIфируллахI» эр ду. ТIаккха « АллахIу акбар» далор ду. БIе кхочуш масазза хили цкъа эр ду: «АллахIу акбар. ЛаилахIа иллаллахIу  ВаллахIу акбар». ТIаккха дерриг чекхдаьлча цкъа эр ду: ا                                                                                                                                                      « АллахIу акбар кабийра, вальхьамду лиллахIи хьамдан касийра, ва субхъаналлахIи букратан ва асыйла, лаилахIа иллаллахIу валлахIу акбар». ТIаккха ворхIазза эр ду: «СубхьаналлахIи вальхьамду лиллахIи ва лаилахIа иллаллахIу валлахIу акбар     ва ла хьавла ва ла къуввата илла биллахIиль Iалиййиль Iазыйм». ТIаккха: ворхIазза Пайхамарна     салават дуьллур ду. Цуьнан мел: Айса ا  « АллахIу акбар» аьлла динчу бIе  зуькаран мел, я пхи бIе зуькаран мел, цуьнца динчу зуькаран тасбихьан мел, Хьан Элчанна Мухьаммад пайхамарна а, сайн устазана а,   ИбрахIим пайхамарна а бели ас.     ИбрахIим пайхамарера дуьйна Мухьаммад пайхамарна тIекхаччалц элчаналла шайна делла бахкийтинчу пайхамаршна бели ас. Мухьаммад пайхамарера дуьйна сайн устазана тIекхачалц элчаналла деллачу, элчанийн метта хIиттинчу эвлаяашна бели ас. Веза -Воккха Дела, цуьнан мел цаьрга кхачабе Ахь. и. дI. кх. ا ا Фатихьа... ПхоьалгIа вирд: ا  «  АллахIу акбар» боху вирд ду.   Xlopa дийнахь-бусий цхьа бIе, я пхи бIе.     И   пхи   бIе делахь              пхеа ламазна тIедекъна дийр ду.   Я цхьана метта гулдина дийр ду. Хьалха: ворхIазза      «АстагIфируллахI» эр ду. ТIаьхьа: ворхIазза Пайхамарна  салават дуьллур ду.                         Xlopa бIе зуькар чекх масазза дели цкъа эр ду: «АллахIу акбар лаилахIа иллаллахI валлахIу акбар». ТIаккха дерриг чекхдаьлча цкъа эр ду: «АллахIу акбар кабийра, вальхьамду лиллахIи хьамдан касийра, ва субхъаналлахIи букратан ва асыйла, лаилахIа иллаллахIу валлахIу акбар». ТIаккха ворхIазза эр ду: «СубхьаналлахIи вальхьамду лиллахIи ва лаилахIа иллаллахIу валлахIу акбар,      ва ла хьавла ва ла къуввата илла биллахIиль Iалиййиль Iазыйм». Цуьнан мел: Хьан Элчанна Мухьаммад пайхамарна, сайн устазана, цаьршинна юккъе болчу эвлаяашна бели ас. Делан дин лакха даккха, Делан новкъахь гIазот дина, гIазотехь вийначу Делан Элчанан девешина   Хьамзатана бели ас. Цигара дуьйна хIокху сахьтаца Делан новкъахь гIазот латтийначу          имамашна бели ас.           Цигара дуьйна хIокху сахьтаца Делан новкъахь гIазот дина,   гIазотехь байинчу гIазоташна бели  ас. Веза- Воккха Дела, цуьнан мел цаьрга кхачабе ахь. и. дI. ا кх. ا Фатихьа... ЯлхолгIа вирд : ا«АллахI»боху вирд ду.                                                                           Xlopa дийнахь-бусий цхьа бIе, я пхи бIе.                               Пхеа ламазна тIедекъна, я цхьана метта гулдина дийр ду. Хьалха: ворхIазза ا  « АстагIфируллахI» эр ду.  Xlopa бIеннал тIаьхьа «АллахI  ва лиллахIиль хъамду» эр ду цкъа.   Дерриг чекхдаьлча эр ду ворхIазза: «Лаилaxla иллаллахIу вахьдахIу ла шарика лахIу, лахIуль мульку ва лахIуль хьамду, юхьйи ва юмийту, бийадихIиль хайру ва xlyвa Iала кулли шайъин къадийр». Таккха ворхIазза Пайхамарна  салават дуьллур ду. Цуьнан мел: Айса  ا   «АллахI» аьлла динчу цхьа бIе, я пхи бIе зуькаран мел, Хьан Элчанна Мухьаммад пайхамарна, сайн устазана, цаьршинна юккъе болчу эвлаяашна,    сайн устазана бала луучу метте бели ас.  Веза -Воккха Дела и. дI. кх. ا ا Фатихьа... ВорхIалгIа вирд : «АллахI» боху вирд ду. Xlopa дийнахь-бусий цхьа бIе, я пхи бIе. Пхеа ламазна тIедекъна, я цхьана метта гулдина дийр ду. Хьалха: ворхIозза «АстагIфируллахI» эр ду. Xlopa бIеннал тIаьхьа : ا «АллахI ва лиллахIиль хьамду» эр ду цкъа. Дерриг чекхдаьлча эр ду ворхIазза: «ЛаилахIа иллаллахIу вахьдахIу ла шарика лахIу лахIуль мульку ва лахIуль хьамду, юхьйи ва йумийту, бийадихIиль хайру ва хIува Iала кулли шайъин къадийр». ТIаккха ворхIазза Пайхамарна  салават дуьллур ду. Цуьнан мел: Айса  ا  « АллахI» аьлла динчу цхьа бIе, я пхи бIе зуькаран мел, Хьан Элчанна Мухьаммад пайхамарна, сайн устазана, цаьршинна юккъе болчу эвлаяашна,       Хизар пайхамарна,  Iuйca пайхамарна, ا   Илъяс пайхамарна, ا    Идрис пайхамарна бели ас.  Веза -Воккха Дела, и. дI. кх.   ا ا Фатихьа... БорхIалгIа вирд: «ЛаилахIа иллаллахIу» боху вирд ду.  Xlopa дийнахь-бусий пхи эзар. И зуькар дийр ду  Iовдийн куьйге веъна, цуьнца тоба динчо. Шена лаахь пхеа ламаз тIедекъна цхьацца эзар дийр ду. Я дерриг цхьанаметта гулдина дийр ду. Хьалха: кхузза ا     «АстагIфируллахI» эр ду. ТIаьхьа: кхузза Пайхамарна  салават дуьллур ду. Цуьнан мел: Хьан Элчанна Мухьаммад пайхамарна, сайн устазана, цаьршинна юккъе болчу эвлаяашна бели ас. Делан Элчанна, асхьабашна, Делан къайлах орцанна эвлаяашна бели ас. Сайн устаз, устаз волуш дуьненчуьра эхарте бирзинчу  сайн устазан муридашна бели ас. Веза-Воккха Дела, соьгара цIена совгIат дай…    и. дI. кх. ا ا Фатихьа... Хетиев Ансар, Нохчийчоьнан муфтин наиб.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2