Зорбанан цIийнехь дIабаьхьира Россин Турпалхо,  Нохчийн Республикан хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа винчу денна лерина Берийн бIаьргашца Нохчийн Республика меттахIоттор конкурсе дахкийтинчу берийн суьртийн гайтам. Иштта цIе йолу конкурс апрель баттахь кхайкхийра Вести республики газето. Цу редакцица цхьаьна и дIаяхьарехь дакъалецира Нохчийн Республикан финансийн министерствос. Гайтам схьабелларехь дакъалоцуш хилира Нохчийн Республикан Правительствон Председателан заместитель – финансийн министр Исаев Iела, Нохчийн Республикан арахьарчу зIенийн, къоман политикийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Ахмадов Казбек,Вести республики газетан коьрта редактор Юнусов Хьамзат, кхиберш. Дерриг а 60 сурт дара гайтамехь. Конкурсан Iалашо ю тIекхуьуш долчу чкъуран шайн Даймахке безам кхиор, берийн похIма Iорадаккхар. Шен къамелехь Исаев Iелас билгалдаьккхина ма-хиллара, бIаьрг бузош ду суьрташ тIехь бераша гойтурш: хаза гIала, зезагаш, бошмаш.  – 2003-чу шарахь Москвахь дIабаьхьна хиллачу гайтамехь бераша къоламашца тIамо бохьуш болу бохамаш гойтуш хилла дагадогIу, – бохура министра. –  Боьлхуш наной, танкаш, яккхий тоьпаш, салтий. ХIинца хаза цIенош а, малх а, гIарагIулеш а го вайна церан бIаьргашкахула. Кадыров Ахьмад-Хьажас олуш дара, вайн дайшна а, вайна а 30-40 шо моссазза долу гуш болу бохамаш вайн берашна ган ца беза. Цо дийцинчунна тIедоьдуш ду вай хIинца кхузахь цхьаьнакхетар. Дала тIаьхье беркате йойла. Теша лаьа, жюрис кху конкурсан нийса мах хадориг хиларх.
– Дуккха а вуон гина вайна, тIеман ерриг а къаьхьалла Iаьвшина – элира Юнусов Хьамзата. – Уггар кхераме ду бохаман дакъа вайн берашна а кхаьчна хилар. Бераш вайн дахаран терза ду. Церан дог-ойлане хьаьжжина мах хадо мегар ду юкъараллин. Шайна дагахь дерг бераша Iорадоккху кхоллараллехула: стихашца а, эшаршца а, суьрташца а.
Конкурсан жамIаш дийр долчу жюрина юкъахь хир бу арахьарчу зIенийн, къоман политикин, зорбанан, хаамийн министерствон а, редакцийн а белхахой, кхоллараллин интеллигенцин векалш.
Толамхошна дIалур ду дипломаш а, деза совгIаташ а.

Э.ДАВЛЕТБАЕВ.
Авторан сурт.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна