БИСМИЛЛАХIИРРОХЬМАНИРРОХЬИЙМ!Тоба даран бехкам кхоъ бу:Iесачу, къа долчу, хьарамчу хIуманах юхакхетар. Ша динчунна дохко валар.Кхин цкъа а цу тIе ца верза лаам хиларна тIехь чIагIо яр. ХIокху бехкамех цхьаъ ца хилча тоба дар мегаш дац. Дала боху: «Тоба де аш массара а, хIай бусалба нах, шу декъал  а хуьлда». (Сура «Ан-нур»). Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «ХIай нах, Далла тоба де аш, цуьнга гечдар деха аш», боккъалла а, ша тоба до дийнахь бIозза. Тоба дечо хьалха шахIадат далор ду иштта: «АшхIаду аллаилахIа иллаллахI ва ашхIаду анна Мухьаммадар-расулуллахI. АстагIфируллахI»- кхузза эр ду. Деле гечдар доьху ас, яханчу хенахь сайгара дийлина Дела реза воцучу хIуманашна дохко вели со, тIейогIу заманахь Дала, Пайхамара хьарам динарг ца дан чIагIо йо ас. Иштта, Далла хьаставелла, «тоба къобалде Ахь» - аьлла, Деле доьхур ду ахь Делан къинхетаме дог а дохуш, цуьнан Iазапах кхера а кхоьруш, хьоьгара мел даккхий къинош  девллехь а Дала гечдийр дац алий къинхетамах дог ма дилла ахь. Дала боху хьо дохко валахь хьан къинош дIа а даьхна, церан метта диканиг яздийр ду хьуна. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) боху: «Къиношна тоба динарг – къа ца латийнарг санна ву». Юнус пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) чIеран кийра ваханчу хенахь цо Деле тоба дира: «ЛаилахIа илла анта субхьанака инний кунту миназзолимийн». Дала иза цу балех хьалхаваьккхира. Иштта Дала хьалха бохур бу бусалба нах и аят доьшуш болу. ИбрахIим пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) Намруз паччахьо цIерга кхоьссича ИбрахIима аьллера: «Хьасби яллохIу ва ниIмал вакийл». Дала цу цIеран балех хьалха ваьккхира иза. Иштта цIена шайн болх Деле буьллуш  болу нах Дала массо балех хьалхабохур бу.
АллахI Хьо воцург кхин дела вац, Хьо со кхобуш верг ву, со Хьан лай ву, Хьан чIагIонна тIехь ву со, сайн ницкъ ма-кхоччу Ахь бохург деш ву со, Хьоьца ларло со вонех ас дина долчу, со къера ву хьуна Ахь суна делла ниIматашна, со къера ву хьуна сайн къина, гечдехьа суна сан къиношна, къиношна гечдеш верг вац Хьо бен.

Ахмадов М.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2