Арсанукаев Iабдулла

Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Цуьнан стихаш нохчийн, оьрсийн, азербайджанийн, гIебартойн, гIезлойн,  казахийн, узбекийн, хIирийн,  эрмалойн меттанашкахь зорбатохарал совнаха  арайийлина ингалсан, французийн, немцойн, Iаьрбийн, болгарийн, венгрийн, хиндин, урдун меттанашкахь. Нохчийн къоман литература шуьйра йовзийтарехь мехала хилла, кхиболчу баккхийчу нохчийн яздархойн кхолларалла санна, Ахматова Раисин поэзи а.

Ахматова Раиса йина1928 шеран 30 декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Солтмурдан доьзалехь. Солтмурда деникинцашна дуьхьал латтийнчу къисамехь дакъалаьцна. Соьлжа-ГIалахь лаьттинчу бIединан тIамехь а хилла иза. Раисин дай ШаIмин-Юьртара схьабевлла. Кхелхина бахна, цхьана муьрехь Закан-Юьртахь а  Iийна АхматовагIеран доьзал. Цигахь яхна Ахматова Раиса хьалхарчу классе деша. Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIалин 2-чу школехь дешна цо. Жимчохь дуьйна исбаьхьаллин даше ойла лаьтташ, книгаш еша лууш  хилла иза. Школехь дуьйна а дукха езаш хилла цунна исбаьхьаллин литература. Къаьсттина дукха ешна А.С.Пушкинан, М.Ю. Лермонтовн произведенеш. Нохчийн а, оьрсийн а яздархойн произведенеш йошуш  Iемина Раиса дешан исбаьхьалла йовза, кIаргъелла цуьнан литературе йолу марзо. Доьшуш йолчу хенахь йолаелла иза стихаш язъян. Ахматован Раисин дуьххьара араяьлла стихотворени «ЦIеэскархочуьнга» хилла.  Цунна зорбатоьхна Сийлахь-боккха  Даймехкан тIом болабеллачу деношкахь. Оцу стихотворени тIехь хIинцца поэзехь яздан йолалуш йолчу нохчийн йоьIан  Даймахкана ямартлонца тIелеттачу мостагIашка болу кIорггера цабезам хаалора. Шен дуьххьарлерчу стихотворенина зорбатоьхчхьана хаддаза литературехь къахьега йолаелла иза. ХIетахь Ахматова Раисин стихотворенеш арайийлина республикерчу газетин агIонаш тIехь, цхьайолчарна зорбатоьхна «Пионерская правда» газета тIехь а.

Ахматова Раисас дешна хьехархойн училищехь. 1944 шарахь дерриг нохчийн халкъаца цхьаьна махках яьккхинчу хенахь хьехархочун болх бина цо. Казахстанехь цIерпоштнекъан Кушмурун станцехь юккъерчу школехь юьхьанцарчу классийн хьехархо хилла иза. Алма-Атахь 1955 шарахь нохчийн маттахь «Къинхьегаман байракх» газета археца долийча, цига дIа а яхна, газетан редакци балха хIоьттина Ахматова Раиса. Оцу газетан агIонаш тIехь  Р. Ибраеван цIарца арайийлина цуьнан дуьххьарлера стихаш. Даймахка цIадирзинчу хенахь а юьхьанца болх бина цо республикин газетийн редакцешкахь. Чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институт.

Ахматова Раисин дуьххьарлера поэтически сборник араяьлла 1958-чу шарахь Нохч- ГIалгIайн книжни издательствехь. «Хьоме республика» яра сборникан цIе. Автора хIетталц язийнчу стихотворенех тоьлла ерш яра книги тIехь зорбатоьхна. Хьоме Даймохк, цуьнан адамаш, цуьнан Iалам дезарх дуьзна ду поэтессин лирически турпалхочун дог. Авторан шен махке, халкъе болу бовха безам гучуболу оцу произведенешкхь.  Дуьххьарлерчу «Хьоме республика» книги тIехь дIайолийна даймехкан тема Ахматован Раисин поэзехь коьртачарах хилла дIаяхара.

1958-чу шарахь иза деша яхна Москвахь СССР-н яздархойн Союзехула йолчу Лаккхарчу литературни курсашка. Уьш чекх а яьхна цIаеанчул тIаьхьа, Ахматова Раиса Нохч-ГIалгIайн республикин культурин министран заместитель хIоттийна.

Москвахь 1959 шарахь араяьллачу «Поэзия Чечено-Ингушетии» антологи тIехь зорбатоьхнера Ахматова Раисин бархI стихотврени. Оьрсийн маттахь араелира шолгIа книга. Иза яра Соьлжа-ГIалахь зорбатоьхна «Бей мне, ветер, в лицо» цIе йолу поэзин сборник. Иза а, цул тIаьхьа цхьа шо даьлча Москвахь «Молодая  гвардия» издательствехь араяьлла «Иду к тебе» цIе йолу стихийн сборник а Iаламат дика тIейийцира критико а, книгашъешархоша а.

Ахматова Раиса 1961 шарахь Нохч-ГIалгIайн республикин яздархойн Союзан правлени председатель хаьржина. Оцу даржехь 24 шарахь болх бина цо. Республикин а, ерриг пачхьалкхан а юкъараллин дахарехь доккха дакъалоцуш яра Ахматова Раиса.  Машар ларбаран Советски комитетан декъашхо яра иза; Машар ларбаран а, герзаш дIадахаран Дуьненаюкъарчу конгрессехь дакъалоцуш хилла иза. НГIАССР-н Лакхарчу Советан депутат а, НГIАССР-н Лакхарчу Советан председатель а лаьттина Ахматова Раиса. «Нохч-ГIалгIайчоьнан халкъан поэт» сийлахь цIе яра цуьнан, «Знак почета», «Дружба народов» орденаш еллера цунна.

Ахматова Раисин кхоллараллин хазна йоккха ю. Журналаш тIехь, юкъарчу сборникаш тIехь арайийлина произведенеш ца лерича а,  цуьнан шен 24-25 поэзин книга зорбанехь араяьлла. Царах цхьаерш: «Нийсархошка» (1963), «Сан седа» (1967), «Шовданан йистехь» (1969), «Стихаш» (1972), «Дикалла» (1973), «Цхьаьнакхетар» (1978), «Суьйренан зIаьнарш» (1983);  оьрсийн маттахь: «Бей мне, ветер в лицо!» (1959), «Иду к тебе» (1960), «Трудная любовь» (1963), «Откровение» (1964), «Лунной тропою» (1968), «Избранная лирика» (1970), «Будьте счатливы» (1972), «Доброта» (1973). «Медный листопад» (1974), «Поющая чинара» (1976), «Перевал» (1977), «Ожидание» (1988), «Вдохновение» (1989), «Край любви» (2009). 

 Цуьнан книгех цхьанна цIе «Дикалла» ю. Дикалла — и дош яздан мегар дара Ахматова Раисин ерриг кхоллараллина хьалха, эпиграф санна. Адамашка дикалла, аьхналла, комаьршалла кховдош ю цуьнан поэзи. «ХIора стаг гойла-кха шен ирсе кхаьчна, Комаьрша доькъийла ирс шайлахь наха!» иштта бу цуьнан «безамна, диканна» даим кийча йолчу лирически турпалхочун даггара лаамаш. Ахматован лирикин коьрта турпалхо вайзаманахьлера къона нохчийн зуда ю. Арсанукаев Шайхис яздина: «Раисин поэзехь бIаьсте яра, зударийн «погода». Зударийн дуьне деара цуьнца цхьаьна нохчийн поэзехь». 

Шен дегайовхонца язйинчу исбаьхьчу стихашкахь даймохк, халкъийн доттагIалла, къинхьегам, оьзда безам, машаре дахар чIагIдо автора. Дог доккхадедеш, самукъне, дегайовхо гIаттош ю цуьнан поэзи. Шуьйра тематика ю цуьнан кхоллараллин. Коьрта долчу декъана лирикех лаьтташ ю Ахматован поэзи, амма кIорггера чулацам болу лиро-эпически произведенеш а язйина цо, царах ю поэмаш «Олхазар», «Дагалецамийн новкъа».  Хьаналчу къинхьегамца мехкан сий лакха доккхуш болу вайзаманхой бу «Олхазар» цIе йолчу поэмин турпалхой. Даймехкан лаьттаца бозуш, дай баьхна латта хаздеш, тодеш, цунах Iилманца пайдаоьцуш бу поэмин турпалхой.  Кхоллараллица къахьегаро, керланиг юкъадалоро, беркате Iалашонаш йолуш хиларо гIо до царна балха тIехь баккхий толамаш баха.

«Дагалецамийн новкъахь» цIе йолчу поэмин лирически турпалхочо шен дахарехь хьалха хилла дIадахнарг даймехкан хиллачуьнца дустуш ойланехь юха луьста,  тIаккха цунна къеггина гучуйолу йинчу махкаца шен йолу зIе:

            ДIадахнарг луьсту ас, сагатдар доцуш,
            Дагалоьцу терахьаш, диц ца лун долу.
            Тахана сихачу дийно чулаьцна
            Дерриг а хIинццалц схьа девзинарг суна.

            Сол хьалха дуьненчохь мел хилла дерг а,
            Дагахь а доцуш, кхин тIе мел хиндерг а…
            ХIай, хьоме Даймохк, сан деза латта,
            Хьан ю со, хьан йоI ю, ахь яха Iамош.

Халачу дахаран новкъахь Iиттаеллачу халонаша цуьрриг а лах ца йина оцу сирлачу дагалецамаша луш йолу йовхо, безам. Ша кхиийнчу даймахках дозалла до поэтессас, цуьнан исбаьхьчу Iаламах цецъюьйлу иза, цуьнан хьуьнаречу адамашца ша цхьаьна хиларх йоккхае. Цо дозалла до шен махкахь оьрсийн сийлахь-баккхий поэташ Пушкин, Лермонтов лелла хиларх, мерзачу иллешца цара и хестабарх.

 Исбаьхьа сурт хIоттош гойту цо шена хьоме болу Даймохк. «Тхо долчу дуьйла, москвичаш»  стихотворени тIехь хьомсарчу москвичашка хьошалгIа кхойкхуш авторан яздо:

Ган меттиг хиллий техь хьуна цкъа бIаьрга,
Суьйренца дашо малх чубуза сихлуш,
Гергарчу шовдан тIе йоI хи дан йоьдуш,
Чилхьесан бухкарца, цу цIеста кIудалца?

Хиллий шу тхо долчохь, Кавказан лаьттахь,
Пушкина, Лермонтовс дийцинчу лаьттахь,
Iаламан хазалло кхелинчу махкахь,
Хьешан сий лардечу беркате хьаьттахь?

        Поэтессин лирически турпалхочун дахаран Iалашо диканехь а, вонехь а Даймахкаца, халкъаца цхьаьна хилар ю, шен хьуьнарш, шен хаарш Даймахкана дIадала кийча ю иза, халкъан лехамашца цхьаьна детталуш ду цуьнан кийрара дог. «Хьомечу махкана сайн ницкъаш дIабала со кийча ца хилахь, дIаэца лаьттара!». Халкъана, даймахкана пайдехьа вацахь, стеган вахар эрна лору поэтессин лирически турпалхочо.

Цхьа ша-тайпана аьхна ю Ахматова Раисин лирика, цуьнан дукхахйолчу стихашкахь эшаран интонаци, исбаьхьа кIеда-мерза интонаци хуьлу, кест-кестта хабаран мукъаме а йоьрзуш.

Хуур дац кхолламо хIун кечдо вайна:
Забарна санна цкъа совгIат до цо.
Ткъа, юха, ахь хIинццалц гулдинарг дерриг
Лаххьадой дIадоккхий, дог дохадо.
Сан мел дерг дIаэца – эшац и суна:
Беха некъ бу хьалха – и ду сан хьал!
Амма хьоь, хIай кхоллам, ду сан цхьа дехар:
Адамийн харцонах ларъелахь со!

Лирически турпалхочун дахарца йолу юкъаметтигаш дика билгалйовлу оцу интонацехь.

Ахматова Раисин поэзи шуьйра ю теманашца, жанрашца, мукъамашца, поэтически басаршца. Цо йоккхачу исбаьхьаллица керла дош аьлла нохчийн зудчух, цуьнан поэзии бахьана долуш шорделла нохчийн зудчун дуьне.

Ахматова Раиса кхелхина 1992 шеран 29 январехь. Оьрсийн воккхачу поэта Сергей Михалков яздина: «Никогда не будут забыты прекрасные книги стихов Раисы Ахматовой. На мой взгляд, они – значительное явление в литературе всего Кавказа. Она занимает достойное место в ряду талантливых писателей нашего времени, как яркая звезда в поэтическом созвездии талантов. И ясно одно: она поэт, достигший высшей творческой зрелости и мастерства. У нее есть, что сказать людям. И она говорит об этом в своих книгах, каждая из которых – гордость всех народов Кавказа».   

Ахматова Раисин произведенеш

Нохчийн маттахь

Хьоме республика. Стихаш. Грозный, 1958.
Нийсархошка. Стихаш. Грозный, 1963  
Сан седа. Стихаш. Грозный,1967.
Шовданан йистехь. Стихаш. Грозный,1969.
Стихаш. Грозный, 1972.
Дикалла. Стихаш, поэмаш. Грозный, 1973.
Цхьаьнакхетар. Стихаш, поэмаш. 1978.
Суьйренан зIаьнарш. Стихаш, поэмаш. Грозный, 1983.
Хаьржинарш. Стихаш, поэмш.Грозный, 1987.

Оьрсийн маттахь

Бей мне, ветер в лицо!  Стихи. Грозный,1959.
Иду к тебе. Стихи. М.,1960.
Трудная любовь. Стихи. М., 1963.
Откровение. Стихи.  Грозный,1964.
Откровение. Стихи (2-е издание).  Грозный,1966.
Лунной тропою. Стихи. Грозный, 1968.
Избранная лирика. Грозный, 1970.
Будьте счатливы. Стихи.  М., 1972.
Доброта. Стихи и поэмы. Грозный, 1973.
Медный листопад. Стихи и поэмы. М., 1974.
Поющая чинара. Стихи и по эмы. М. 1976
Перевал. Стихи и поэмы. 1977.
Ожидание. Стихи и поэмы. М., 1988.
Вдохновение. Стихи.  Грозный, 1989.
Избранное. Край любви. Стихи и поэмы. М., 2009. 

www.ChechnyaTODAY.com


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2