ТIедогIуш долчу Республикин денна лерина школашкарчу дешархошна юкъахь «Сан Нохчийчоь» темина тоьлла сочинени язъяран конкурс дIакхайкхайо Нохчийн Республикин «Даймохк», «Вести республики» газетийн редакцеша.

Конкурсе нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь (шина номинацехь) сочиненеш яхкийта таро ю 7-чу классе кхаччалц болчу дешархойн. Нохчийн маттахь язйина материалаш  «Даймохк» газетан редакце схьаяла еза я daimoxk@bk.ru электронни адрес тIе схьатаса. Оьрсийн маттахь язйинарш – «Вести республики» газетан редакце я  vestirespubliki@mail.ru адрес тIе.

ХIора номинацехь совгIатан кхоккха меттиг билгалйоккхур ю. Материалаш схьаоьцу кху шеран 4-гIа сентябрь кхаччалц. 

Конкурс вовшахтоьхна Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон а, Журналистийн союзан а гIоьнца.

www.ChechnyaTODAY.com


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна