Доьзал кхолларан гIуллакх нохчийн юкъараллехь гуттара а къаьсттина тидамехь латтош хилла. Иза тIечIагIдо къоман XIX-XX бIешерийн поэзино. Цу хьокъехь нохчийн фольклориста Мунаев ИсмаьIала «Iаьржа НогIин илли» аьллачу иллех лаьцна дийцира Хаамийн «Чеченская Республика Сегодня» Агентствона. Нохчийн кIентийн турпалаллех а, мехкарийн майраллех а лаьцна ду иза.

«Йерриге а эпос йоI йаккхарна тIейоьгIна йу, - дуьйцу Мунаев ИсмаьIала. – И чулацам болуш дукха иллеш ду вайнехан. Турпалхочуьнан коьрта Iалашо – йезайелла йоI шена реза йар а, иза йалор а йу. Иза эпически хилам бу. Амма эпосехь тайпа-тайпана нюансаш а нисло. Цхьадолчу иллешкахь эпически мотиваш гIолехь гайтина а хуьлу. Царех цхьаъ ду «Iаьржачу НогIин илли». Нохчийн 61 бIаьхо йуьртана тIелата араваларца дIадолало иза.

«ИллахIи ярабби,

Ма довла шу дакъаза,

Ойлара кура кIентий,-

Ва бохуш,

- Хьалахьаьжчи вайна го

Баш лекха ламанаш

Бацалла сенделла,

Охьахьажча вайна го

Шера аренаш

Зезагна мажъелла,

Ламанах духдуьйлу

Шел шийла шовданаш

Охьа ара ма девлла

Аренца ма даьржа,

Хьаннашкахь пепнийн гIаш

Дукъделла ма догIу,

Пепнашкахь къоркхокхий

Дека хан хилла ма ели,

Кхокхашна куьйранаш

Теба хан тIекхаьчна ма ели…

ГIазота хорманаш

Шай дегIа ерзош,

АгIунаш тIехь томмагIанаш йола

Чал дера герзаш

Юкъ къуьйлуш доьхкуш,

Замолах больхаш санна

Шаьш каде кечлуш,

Шаьш гулбала бойлар-кха

Юьртара кура кIентий..»  

​БIаьхой ша вехачу йуьрта схьакхаьчча, хьешашка бан беза лерам беш тIеийцира Iаьржачу НогIичо. Царна хIоттийна той кхаа дийнахь литтира, кхозлагIчу дийнахь шен хьешех шек йаьллачу хIусамнанас элира НогIичуьнга нохчийн кIентий къола дан баьхкина хилар. ХIусамда чIогIа оьгIазвахара хьешашна. И хиъначултIаьхьа иштта вистхилла НогIи шен хьешашка.

«Даьхкан аьлла хетни шу

Цхьанделахь,

Кхузткъа беречуьн дин

ГоътIехь дахьмаллу дола

Ша деший-детий ва дахьа,

И хьойла ва ца хилахь,

Терк тогIешкахь ежаш йола

Шен цIоькъа рема ва лалла.  

Дакъаз ма довла шу,

Нохчий кура кIентий,

Делаххий, шуххий волийла ша

Цхьаъ сов буьзнехь,

Шу кхузткъа беречуьн

ХIора беречуьн

Коьрта цIарах

Цхьацца нисбеш

Кхузткъа патарма буьзна ша,

Ва арадовлийша,-

Бохуш левелир-кх ша

Яр Iаьржа ва НогIи.»

Iаьржа НогIи иштта шайга вистхилча, бIаьхой бехказбийла буьйлабелла, шаьш Теркан тогIешкахь ежаш йолу Эла Сахьарин говрийн рема лалла даьхкина ду бохуш. ТIаккха НогIичо хьешашца шен пхийттара а валанза волу кIант вахийта сацийна.

Кхайкхина схьавалийна ,

Шен куьйга кисийн

КIайн гIовтал кхо вета

МаргIал пIелгаца дIатесна

Элира НогIичо:

- Делах биънарг

Беза дуй бу-кх шен,

Шен жима ва кIанат,

Ша дIатесначу

ХIокху кхаа ветнах  

Цхьа вета хадийна

Хьо шен дуьхьал вагIахь,

Хьан корта боккхарг хилар

Ва боха ша…»

Iаьржачу НогIичуьнан кIантаца цхьана новкъа бевлла бIаьхой шолгIачу дийнахь сатассале Сахьарин дежийла дIакхечира. Шен накъостий цхьана агIор а битина, ша хилдехьа а ваьлла, Сахьарин рема лалла волавелла кIант. ЦIеххьана «тIегIаьрта делар-кха и лоьма кхо кIеза НогIийччу кIантана». Летачу юкъана букъа тIехьашхула тIекхаьттачу кIезано мIара тесна кисин гIвталан кхо вета хадийна. Цунна догдаьттIа, шена тIекхаьтта кIезий туьрца цаста а цестина, говрийн ремаца цхьана бIаьхошна тIевахара иза.


«Генарниг улле оьзна,

Уллерниг гена яьккхана

Турмал хьоьжуш хиллер-кха

Яр Iаьржа НогIи,

Ва юхабирзан гора-кха

Яр дика ва кIентий

Iаьржачу НогIичунна.

Сакъералуш, самукъадуьйлуш

Гора-кха нохчийн кура кIентий,

Шен жима кIант доьхначу дагца гора-кха

Iаьржачу НогIичунна,

Мохь бетта велар-кха

Яр Iаьржа НогIи:

- Дакъаза ма яла-кх хьо,

Шен мерза ва езар,

Ша хир ду аьлларг

Ма хилла даьлла

Ша хир дац аьлларг

Ца хилла даьлла  

Юхбирзина го шена

И дика ва кIентий,

Нохчийн кIентий дой хоьхкуш

Самукъадуьйлуш го шена

Вайшинан жима кIант

Доьхна дагца го шена,

Шенчул бIаьрган са

Хьуна гур дар-кх,

Хьажахь турмале, - бохуш

Кхийдош дIаелар-кха

БархI куьзга дола ва турмал…»


КIентан кхо вета хадийна гича, ша делла дош кхочушдан сацам бина Iаьржачу НогIичо. БIаьхой дехаре бахна НогIичунна къинхетам бахьара бохуш, амма кIентан дас цаьрга ла дугIуш ца хилла. ТIаккха нохчийн кIенташа шина тобане бекъа а белла, вовшашна герзаш детта сацам бина. Цу юкъана гулбеллачаьрга Iаьржачу НогIичуьнан хIусамнана йистхиллира:


«Дакъаз ма вала-кха хьо

Шен Іаьржа ва Hoгlu,

Воккха хилча а

Ца кхийта-кха хьо,

Дехьа-сехьа юьртара

Хьо санна болу элий

Хьуна тІебиссана, элашца

Дош-дашера дуьйлаш,

Хьо шуьна хианчу заманчохь,

Нохчий махкара дуьйна

Хьайна тІевоьссина волу

Нохчий кхузткъа бере,

Дехча дехар ца луш,

Хьо вехачу уьйтІахь

Вовшийн карах валийтар-кха

Ахь ва бохуш,

Хьо санна болчу элаша

Хьайна тІехдетта даьлча

Хазахетар дуй хуна..,

ХІай Іаьржа ва НогІи?

ТІаккхахула ларвала

Ма дика дара

Хьан жимчу кІантана,

Вехча хIунда ца ло ахь

Царна хьайн жима кІант? -

Бохаш, хьойзан чуяхар-кха

НогІичун кІай езар..»


ХIусамнанас бохучуьнга ла а доьгIна, ша реза ца хиларан бахьана дийцира Iаьржачу НогIичо бIаьхошка. Жимаволчу хенахь аренца дукха лелаш хилла иза. Цкъа мацах новкъахь воьдучу заманчохь новкъахь Iуьллучу попана тIекхаьчна иза. И новкъара дIадаккха дагахь ког Iоьттина и дIа а ца даккхаделла, гIевланга нуьйра а йиллина, верта тIе охьавижна и поп дIабаккхалур болуш кхин бере вогIий-те бохуш хьежа ваьлла иза.  


«Наб кIордийна,

Бузачу малхаца

ЙогIачe суьйранна

БІаьргех куьйгаш хьоькхуш,

Ша кІегар хиъна Iачу заманчохь

Яйчу йоргІанца,

Байчу узамца

Бехачу ва новкъа,

Ва вогIаш кхечар и бере

Новкъарчу попа тle,

Охьакхойдан шедакхаж Іоьттан,

Кхоьссар цо новкъара поп

Ва дийна делкъа ва новка.

Хьалаиккхана доьхьал

Хьаьдар ша цу кІантана,

Ша доьхьал кхоччашехь:

- Оссолом-Іалайкум, - аьлла,

Салам делар ша, делча салам

Ца ийцар ва шегар,

Салам цо шегара ца эцча

Новкъа доьхьал хІоьттар ша,

Даг тІе куьг тухаш,

Ша кІегар тухаш,

ТІехъиккхар шена..».


ОьгIаз вахна, Iаьржачу НогIичо шена тIаьхьа секха Iад кхоьссича, бере юха а вирзина вистхилла:  


«Кхиссарш ма е,

КъотIалгIа дина къутIа,

Хьо лата дагIахь,

ГIилйлачу Борзе дола»


Каде шен говра хиъна, новкъа ваьлла Iаьржа НогIи, амма беречунна тIаьхьа ца кхиъна. ГIилйлачу Борзе ша дIакхаьчча, дошло набарна вижна а карийна, ша а садаIа сацам бина Iаьржачу НогIичо а.


ХIокхул тІаьхьа схьакхаьчна

Ала дола хетта,

Кийрарчу даго

И ала ца витана,

ХIокхул хьалха

Схьавеан вижан вар

Эра дар-кх, ва бохуш,

Цхьана кулл тІехьа валла,

Кхаа когах баргол тоьхна

Дин дІалаьллана,

Чергзий нуьйр гIойланга йиллина,

Даржош верта тІетесна

Набарна дІатеIаш воллаш ша,

БІаьргех куьйгаш хьоькхуш

КІегар хиар шена

И дина бери:

- Дижа ма дижа,

КъотІалгІа дина къутІа,

Хьо-м дижа ца далийний,

Хьо-м лата далийний,-

Элар ва шега..»


Иштта къовсам болебелара шина беречунна юккъехь, кхаа дийне бах а белира иза. КхозлагIчу дийнахь малх хьалагIаьттича, беречо элира: «Малх соьца бу», НогIичо цунна жоп делира: «Малх хьоьца белахь а, ДЕЛА соьца ву!», - аьлла. Шен мостагI охьа а тоьхна, легашка урс хIоттийна цо. ТIаккха беречо дехар дина, валале хьалха дош лахьара шена аьлла. Шена пурба делча, коьртара куй охьа а баьккхана, шен еха кIажарш охьа а хецна йоIа.


«Латта тІехула

ДІаволалучу кІанте

Ша охьа тоьхначуьнге

Бен маре ца яха

Дела КъорІан тІехь

Дуй биъна араяьлла

ЙоI-стаг яра ша, - элар шега».


Иштта шен хIусамнана шен йовзарх лаьцна дийцина НогIичо Нохчийн бIаьхошна. Дийцина а ваьлла, нохчийн кIентаршка вистхилла иза:


«Цу зуьдо вина хилча,

Ша пхьуьно вайтана хилча

Эхь дацара шие кІантана

Иштта ледар хилча?»


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна