Копенгагенехь йолчу Россин пачхьалкхан векаллина хьалха Къуран дагийна кху деношкахь Палудан Расмуса – датхойн къомах волчу радикала. Расмуса Къуран дагор доьххьара дац, амма цо дIакхайкхина рогIера ша иза дагор Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, латархочунна Чимаев Хьамзатана а лерина хилар.

Цу хьокъехь Кадыровс билгалдина, Европин пачхьалкхаш «Дала неIалт аьллачу боьхаллех» цIанйийр йолуш хилар:

«Дуьненахь шайн леларца иштта миллиардаш адамийн мехалла долу хIума сийсаздохуш, Къуран а дагош болу нах боцу нах мел беха, сацор йац вай Украинехь ШайтIаналлина доьхьала дIахьош йолу леррина операци. Дала неIалт аьлла йолчу боьхаллех къаьмнаш цIандеш, йерриге Европехула чекхдевр ду. Стешхачу стага полицин векалш шена гонах а хIиттийна Къуран дагор санна болчу хиламаша ма-йарра гучуйоху Малхбузенан мехалаллаш», - язийна Кадыровс шен телеграм-каналехь. 

Ткъа иштта Республикин Куьйгалхочо хаттар хIоттадо Данин Iедална хьалха: 

«Сан хаттар ду и тайпа акциш кхочуш йар магош болчу Данин Iедалан векалшка: Къуран дагор даррехь питанан бух тIера схьадогIуш дуйла шайн хуушшехь, хIунда могийту аша и тайпа хIуманаш лелор? Цу тIедоьгIна дагадаийта лаьа, зуламхочунна бекхам хилча, цунна бехке хин йерг «бусалба терроризм» яц, шу ду», - дIахьедина НР-н Куьйгалхочо. 

Иштта Кадыровс билгалдаьккхира, Палудан бакъволу террорист хилар а, цо динарг ша дуьтур ца хилар а. 

«Сайх хьакхалуш долчу дукха хIуманна геч дан реза ву со, амма динан дуьхьал террориста динарг аса а, 1,5 миллиард бусулба наха а дуьтур дац. Соьга хаьттича, и тайпа зуламхой – бакъболу, къомана йуккъехь бита йиш йоцу, террористаш бу», - яздо Кадыровс. 

Дагадоийта, хьалхе Кадыров Рамзана Европа бехке йинера, динан буха тIехь адамашка вовше болу цабезам а, а тIом марсбахарна а.


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2