«Кханене сатийсаро латтош ю йовхо» Дикачу адамах дош ала гуттар а цхьа атта, юха цхьа хала а хуьлу. Дерриг а диканаш цхьаьний схьа а татталой, муьлхарниг муха дIадоло деза ца хаарна хуьлу дерриг а. ХолчахIиттар хуьлу цунах. Деккъа цхьа цхьана декъана воккхавер, юха ийзавалар а, цу хьайга кхаьчначух воккхаверал а сов дуьйлу, дика ала ницкъ ца кхача магарна ийзавалар а… Иштта хала ду Джумалаева Лулех дош ала а. Лула массарна а евза кху махкахь. Лула кху махкал дехьа а оьшуш ю. Цо мало йоцуш вовшахдетташ долчу, тахана кху ерриг Россехь а суна уггар а тоьллачех хеташ долчу «Нана» журналан и еза, сийлахь цIе шен чулацаме хьаьжжина, цхьана а агIор къестамаш ца беш,машаре дIаяхьа гIерташ схьайогIучу Лулин и гIуллакх вуно дика нис а ло. Къинхьегамо бен цхьа а адам  кхачош доцчу лакхене ша кхачарх тоам бина, я тIетта тIеIитталуш йолчу халонаша эшийна, кIадъелла, цхьана мIаьргонна а юха ца йолуш, денна къахьоьгуш схьайогIуш йолчу Цунна дика хаьа машаро, барто, вовшашка болчу къинхетамо, Делах болчу боккхачу, сийлахьчу тешамо бен вайн нохчийн къам доккхачу дикане кхачор доцийла. Иза иштта хилар шерра хаарца, шен хIора могIанехь, шен хIора олучу дашца, еш йолчу ойланца кху дерриг а дуьнене цо кхайкхамаш а бо.
Тахана йинчу денца даггара Лула декъал а еш, тхуна даггара лаьа, Нохчийчохь евзаш йолчу поэтан, прозаикан, публицистан, «Нана» журналан коьртачу редакторан  Джумалаева Лулин тахханалц хилла дахаран некъ
кхидIа а шера, маьрша, ирсе, могашаллица, кхоллараллехь кхин а баккхийра кхиамаш болуш хуьлийла. Могаш, маьрша, дуккха а шерашкахь ехийла хьо Лула.
Нохчийн Республикан яздархойн Союзан правленис йинчу денца даггара декъалйо Россин а,  яздархойн союзан декъашхо, Нохчийн Республикан «Нана» журнлалан коьрта редактор Джумалаева Лула.
Лараме Лула, тхуна, хьан накъосташна даггара лаьа хьан кхоллараллехь кхин а баккхийра кхиамаш, дахарехь могашалла, ирс, аьтто хуьлийла. Массо хенахь а хьайн дахарх, доьзалх, вайн машаречу Нохчийоьнах йоккхаеш хуьлда хьан дахар. Тхуна даггара лаьа хьан массо а дикачу гIуллакхаш тIехь баккхийра кхиамаш хуьлийла.
Лула Куни (Жумалаева Лулаъ)

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2