Схьахетарехь, ирсе болчарна шайгара хьал дика хетаран бахьана декъазчара хамталла йоцуш шайн дукъ дIакхехьар ду. Шегара хьолана резавоцуш ирсе волчуьнан неIарехь, карахь жима жIов а йолуш, цхьацца латта везара цунна декъазнаш а хилар диц ца далийта саццаза неIарх и жIов етташ. Мел ирсе и велахь а, цкъа мацца а яьхна а, дахаро шен мIараш гучуйохур ю цунна, кхочур бу бохам – цамгар, къелла, зен, тIаккха и цхьанна а я гур вац, я хезар а вац, хIинца цунна а кхиберш ца гуш а, ца хезаш а хиларе терра!!
А.П.ЧеховХІокху ткъа шарахь «Исламик Релиф» цІе йолчу правительственни йоцчу гІодаран цхьаьнакхетаралло 30 сов пачхьалкхехь дІахьош бу шен болх. РогІера гІодаран болх дІабаьхьира Ерригроссин бІаьрзечийн юкъараллехь. Юучуьнца-молучуьнца гІо дира кху юкъараллехь билгалвина волчу 500 сов вахархочунна. «Хьанас» аьлла долу жижиган дакъош дара массаьрга дІакхачийтинарш. «Исламик Релифца» цхьаьна цу вовшахтохарехь дакъалецира НР арахьарчу зІенийн а, къоман политикин а, зорбанан а, хаамийн а Министерство. Кестта кхин а итт эзар гергга доьзална сагІина жижиган дакъош дала лерина ду.
Хьалдолуш берш цкъа а бицбала ца беза шайга хІун кхочур ду ца хууш хиларна, цундела, меттиг ма-еллинехь, уьш сагІа даларна а, диканиг дарна а кийчча хила беза, хІунда аьлча, церан декхар шайна и хьал деллачу АллахІана хастам бар, АллахІан дуьхьа ахь дечун нийят цІена хиларе хьаьжжина хир ду Цо и къобалдар а. КІеззиг бен дацахь а, Дела реза варехь диначунна йоккха ял а, кхачалур боцу Делан къинхетам а хир бу.
Шариева Iайнаъ

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2