Иштта цIе яхана халкъалахь Нажи-Юьртан районан Зандакъа юьртара схьаялар долчу эшаршлакхархочун Амаева Машин. ХIокху деношкахь цуьнан кхоллараллин суьйре вовшахтуьйхира Культуран министерствон Халкъан кхоллараллин центро. Амаева Машин нийсса йолу цIе Маржан ю. Дукха яхийта шен еллачу йоьIан Маржанан цIе тиллинехь а, нанас Маша олура цунах. Дукхахболчарна иза оьрсийн цIе ю моттахь а, ишта дац иза. 1946-чу шарахь, доьналлица тIеман цIарах чекхваьлла, накха буьззина орденш, мидалш йолуш, ша винчу Зандакъа цIа веара кхуьнан да Иналу, амма Нохчийчоь цIена яра нохчийх. Генарчу ГIиргIизойн мехкан Ошски областехь карийра цунна шен доьзал, аьлча а, оцу доьзалх ша цхьаъ йисина хIусамнана. ТIаме вахале кхуьнан хилла ворхI бер махкаллиний, мацаллиний деллера. I947-чу шарахь дуьнена яьлла Маша Делера доккха совгIат дара доьзалхо воцуш дисинчу дений, нанний, дукха яхийта шайн еллачу йоьIан цIе а тиллира (Маржан). «Со дуьненах дIахутту маша бу хIара (гезгамаша бохучунна тIера)»,  – олура йоI хьостуш, цунах йоккхаечу нанас. Иштта хилира цунах Маша.
Ткъа халкъалахь Амаева Маша йовзийтинарг дукха жима йолуш цо лекхна «Зандакъара зезаг» йиш яра. Шен дешнашна цо ша мукъам баьккхина яра иза. Къоман музыкин искусствон хазна хилла лаьтта и йиш тахана а.
Машас жигара дакъалоцу исбаьхьаллин самодеятельностан сцени тIехь, СССР-н халкъийн кхоллараллин фестивалийн шозза лауреат а хуьлу цунах (1965-чуй, 1967-чуй шерашкахь). Исбаьхьаллин самодеятельностан артисташна наггахь бен луш ца хиллашехь, 1965-чу шарахь «Нохч-ГIалгIайн АССР-н хьакъйолу артист» сийлаллин цIе а ло Машина. 1965-чу шарахь арахоьцу цуьнан эшарийн экъа. Кхоллараллин боккха кхиам бара иза а.
Тахана М.Амаева евза говза эшарлакхархо, поэт (Россин яздархойн Союзан декъашхо ю иза), юкъараллин дахаран йоккха жигархо санна.
Машин кхолларалла евзаш, езаш хиларан бIаьрла билгало яра вай юьйцучу суьйрене дуккха адамаш гулдалар а, цигахь хилла къамелаш а.
Нохчийн Республикан Парламентан депутата Ширдиев Висруддис, яздархочо Берсанов Хожа-Ахьмада, районийн администрацийн кхеташонан председатела, Грозненски районан администрацин куьйгалхочо Джамалдаев ШахIида, Нохчийн Республикан халкъан поэта Рашидов ШахIида, Нохчийн Республикан Академин академика Дадашев Райкома, Нохчийн Республикан Правительствон Председателан гIоьнчас Дадуев Мохьмада, поэташа Кусаев Iадиза, Саиев Iумара, Нохчийн Республикан арахьарчу зIенийн, къоман политикин, зорбанан, хаамийн министерствон зорбанан мониторинган департаментан директора Газиева Азас, халкъан кхоллараллин центран директора Даудов Рамзана, иштта дуккха кхечара Машех аьлларг даггара а, цуьнга болчу боккхачу ларамца а дара. Кхоллараллин белхан лаккхара мах хадорца цхьаьна, цара уггар хьалха билгалйоккхура цуьнан адамаллин агIонаш: комаьршалла, догдикалла, къинхетаме хилар. Даггара адамаш дезаро адамийн шега безам кхоллабалийтинчех ю Маша.
Гулбеллачара езаш тIеийцира Грозненски кIоштан, ткъа иштта Шуьйтара, Зандакъара исбаьхьаллин тобанаша, «Илли» ансамбло, Нохчийн Республикан халкъан артисткас Абдурашидова Кузанис, кхечара дIааьлла Машин дешнаш тIехь яьхна эшарш, иллеш. Гулбеллачийн дехарца Машас ша а кхочушйира масех йиш а, стихаш а йийшира.
Амаева Машина шена а, цигахь хиллачарна а дикка дагахь лаьттар долуш, хаза цхьаьнакхетар хилира оцу суьйренах.

ХЬ.АБАЕВ. Р.Истамуловн сурт.    

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2