Республикан ерриге ишколашкахь санна, дешаран керлачу шарна лерина даздарш дIадаьхьира Хоси-юьртарчу Нохчийн Республикан хьалхарчу Президентан Кадыров  Ахьмад-Хьаьжин   ц1арахчу ишколехь. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикан дешаран а, Iилманан а министра Музаев Анзора, Нохчийн Республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана, Нохчийн Республикан Президентан гIоьнчас Кадыров Хьасайна, Нохчийн Республикан Президентан а, Правительствон а администрацин куьйгалхочо Селимханов Мохьмада, кхечара.Ишколан духарца кечбеллачу дешархоша а, зезагаша а, бIаьрг бузош  къарзйина яра ишколан керт. Массеран а –дешархойн а, хьешийн а, хьехархойн а, дай-нанойн а – яххьаш тIехь самукъадалар ду хаалуш.  
Гулбеллачаьрга маршалла хоттуш йистхуьлу ишколан директор Садулаева Зарета.
– Марша догIийла, дешархой, – элира  цо берашка. – Даггара шу декъалдан лаьа Хаарийн денца. Кху шарахь хьалхарчу классе 109 дешархо веъна вайн ишколе. Дала аьтто бойла шун тахана  шаьш юьхьарлаьцначу Iилма Iаморан новкъахь. Шаьш ишколера девлча а дагахь лаьттар ду шуна таханлера де. Иштта хьехархошна доккхачу маьIне ду хIара де. Дала собар а, ницкъ а, доьналла а лойла шуна.
Шен рогIехь дешаран керлачу шарца  хьехархой а, дешархой а декъалбира Кадыров Хьасайна.
Цул тIаьхьа ишколан кертахь болчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжина леринчу хIолламна хьалха зезагаш дохку уггаре кегийчу дешархоша.
КхидIа хаарийн денна лерина стихаш йоьшуш, эшарш локхуш дIахьо даздаран гIуллакх. Нохчийн Республикан хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вицвийриг цахиларх а, Нохчийн Республикан Президентана Кадыров Рамзанна тешаме накъостий шаьш хирг хиларх а дийцира хьалхарчу классан дешархоша.
ТIаьххьара а цхьайтталгIачу классан дешархошка ло дош. Хьалхарчу классан дешархошка хьехамаш баран хьокъехь стихаш йоьшу цара.
Дашо догIа дохьуш, дешархошна тIедогIу Буратино а, Мальвина а. Хаарийн Феяс дайитина олий, дуьххьара деша даьхкинчу берашка дIало цу шимма шайгара догIа.  
ТIекхочу хьлхара горгали бекоран хан. И сийлахь гIуллакх кхочушдо хьалхарчу классерчу Кадырова Табарака, Кадырова Марьяма, Тутуев Салахьа.

Э.ДАВЛЕТБАЕВ.
Авторан сурт.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2