Ламаст ма-хиллара, дIадаьллачу шеран жамIашца а, керлачу дегайовхонашца а доладо вай дешаран керла шо. Хьалхарчу сентябрехь вайн дешархой цхьа тIегIа лакхабовлу, ткъа эзарнаш бераша дуьххьарлера гIулч йоккху хаарийн исбаьхьчу дуьнене. Уьш ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь кхетош-кхиор, уьш Iилманца Iамор, церан массо а агIор Iуналла дар – и сийлахь декхарш ду вайн хьехархошна тIехь лаьттарш! Нуьцкъалчу боларехь кхиамийн новкъа схьайогIуш йолчу вайн Нохчийчоьнан дезаршка, цунна хьалха хIора махкахочун долчу декхаршка хьаьжжина, оьзда, доьналла долуш, хьекъале, говза, каде, нуьцкъала, къинхетаме адамаш оьшу вайн къоман кханалера де ирсе хилийта!Цундела, мах хадийна ца валлал, доккха маьIна долуш бу хьехархоша, шаьш-шайн ца кхоош, беш болу болх. Цундела вайн республикан Президента Кадыров Рамзана, дешаран гIишлош цкъа а ца хиллачу кепара меттахIиттийна хиларх тоам бина а ца Iаш, даима шен къаьсттинчу тергонехь латтадо дешаран декъахь долу дерриге гIуллакхаш. Хьехархошна тайп-тайпана аьттонаш бан некъаш а карадо цунна, ткъа тоьлларш, совгIатдеш, билгала а боху.
Хьоме бераш а, хьехархой а!
Ас даггара декъалдо шу дешаран шеран хьалхарчу денца – Хаарийн денца!
Дала вайн къомана беркате хуьлуьйтийла аш хьоьгу къа!
Даима ирс лаьттийла шун хIусамашкахь!

Ларамца МУЗАЕВ Анзор,Нохчийн Республикан дешаран а, Iилманан а министр

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2