ТаIзар кхочушдаран Федеральни Службин вайн республикерчу Урхаллин куьйгаллин дIадолорца хIокху деношкахь Чернокозоверчу №2 йолчу колонехь дIаяьхьира «Къуръан хаар» аьлла йолу конкурс. Иза лерина яра вайн республикан хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа винчу денна. Лецначу нахана юккъера дуккха а нах бара цигахь дакъалоцуш. Жюри юкъахь бара Невран районан къеда Дадаев Ризван-Хьаьжа а, Соьлжа-ГIаларчу доккхачу маьждиган имам Абдулаев Аслан а, Федеральни Службин Урхаллин белхахой а. Гулбелларш цецбохуш Къуръан хаар гайтира конкурсе баьхкинчара.Тоьллачарна Къуръанаш а, ламазан кузаш а, жайнаш а делира. Цул совнаха, Урхаллин куьйгалло царна баркалла а олуш,  гергарчаьрца кхин цкъа а вовшахкхета пурба делира. Лецна нах кхетош-кхиош ХIара санна йолу мероприятеш колонехь кест-кеста хуьлу. Шайгара девлла гIалаташ нисдан дуккха а некъаш ду чубоьхкинчарна. Исламо ма-бохху, Делан некъаца нисбала аьтто бу церан. Дешар чекхдаккха ца кхиинчеран, йиш ю цигахь тайп-тайпана говзаллаш Iамо, спортаца гергарло долчарна болх беш ю секцеш. Иштта, хIокху деношкахь, лецначу наха дакъа а лоцуш,  Соьлжа-ГIалахь дIадаьхьира кхозлагIчу спартакиадин финальни къийсадаларш. Спартакиадин программи юккъе ялийнера мини-футбол а, легкоатлетически кросс, гиревой спорт, канат дIасаозор а. Даккхий хьуьнарш гайтира Федеральни Службин Урхаллин командо бакъонашларъяран а, органийн а, белхахошца дIадаьхьначу къийсадаларшкахь. Республикехь хуьлучу цхьана а хиламна юьстах ца буьсу колонехь болу нах. Культура кхиоран болх а бу цаьрца хаддаза дIахьуш. Эшаршца, иллешца гергарло долчеран йиш ю музыкальни  инструментех пайдаэца. Цул совнаха, уьш болчу кест-кеста богIу Нохчийн филармонера артисташ. Ца бицло чубоьхкинарш Нохчийн Республикан Правительствон Кегийрхойн г1уллакхашкахула йолчу комитетан белхахошна а. Церан тутмакхашца ца хедаш йолу зIе ю. Иштта дукха хан йоццуш КВН команда яхара Чернокозове. Лецначу нехан самукъадаьккхина ца Iаш, дуккха а пайдехь дерг кховдийра комитетерчу кегийрхоша цхьацца бахьанашца колоне кхаьчначаьрга. Кхетош-кхиоран болх кхин а лаккхарчу тIегIана тIе баккха лерина бу УФСИНАН куьйгалхой.

Б.ДУДАЕВА.  

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2