©
Похожие материалы
Доза махкана кхерам ца хилийтарна оьшу
09:50, 15 сентября 2010г.
Просмотров: 4130
Уьш республикан бахархойн Конституцин бакъонашна дозадеттарна тIехьовсийна цхьаьнатоьхна болу бехкамаш боцуш, ткъа дуьххьалдIа пачхьалкхан доза лардарна оьшуш долу хьелаш кхолларан хьашташна гIуллакх деш йолу бакъенаш ю
Билгалдаккха деза Итум-Кхаьллан, Шаройн районашкахь дозанан меттиг хиларо шен дика тIаьхьенаш луш хилар. Ша аьлча, лахло бакъонаш талхош долу гIуллакхаш дан ойла йолуш болу нах дозанца йолчу районашка бахкар. Хьелаш кхуллу бандтобанийн болх жигарабаккхарна йолу таронаш дIаяхарна.
Республикан Iалам лардаран органийн векалшца а, республикан культуран тIаьхье ларъяран, цунах пайдаэцаран департаментаца а, Аргунски пачхьалкхан историко-архитектурин, Iаламан музейн-заповедникан администрацица а цхьаьна дIахьо историн, архитектурин башха х1олламаш Iалашбаран гIуллакхаш, къийсам латтабо браконьерашца, таллам латтабо ЦIечу киншки тIе дIаяздина долу Iаламан, динатийн наггахь бен хуьлуш доцу тайпанаш Iалашъдарна тIехь:
Урхаллин белхахоша шайн корматаллин болх бо дозанан талламан посташкахь дозанан рожан бакъенаш кхочушъярна тIехь. Шайн хIора дийнахь болчу балхахь куьйгалла оьцу дуьххьалдIа Россин Федерацин законех.
Дозанан урхаллин куьйгалло дозанан меттигашка боьлхучу бахархошна а, организацешна а, туристически фирмашна а магадо хIара гIуллакхаш довзар:
– шаьш хаьржина йолу юрт, бахамаллин, корматаллин, кхин болу болх бен, садоIу, дуккха а адамаша гулделла юкъараллин-политически, культурни, кхидолу а гIуллакхаш ден меттиг дозанан меттигна юкъайогIу я ца йогIу;
– нагахь санна аш г1уллакх дан билгалйина меттиг дозанна юкъайоьдуш елахь, ткъа хьо цига бакъо йоцуш баха йиш йолчу нахах вацахь, – хьалххе къасто хьажа и бакъо яккхаран гIуллакх (цунах лаьцна оьшуш болу хаамаш бу FSB. ru сайтехь, яр урхаллехь хIокху адресца: Нохчийн Республика, Соьлжа-ГIала, Комсомольски урам, №28, тел./факс 8(87I2) 62-83-80.
Дозанан метте ваха пропуск яккхарна заявлени, я дехар Соьлжа-ГIаларчу Дозанан урхаллин аппарате дина ца Iаш, урхаллин дакъошка а дан мегар ду: Итум-Кхаьллан районехь – Хьачарой, Ведучи отделене а, ткъа Шаройн районехь – Кебасой отделе а.
Заявлени а, дехар а ша юьхьа дуьхьал ца хилча а дан мегаш ду. Факсаца, почтехула, цуьнца цхьаьна электронничухула а дIадахьийта мегар ду, стаг мила ву хоуьйтуш долчу документан ксерокопи юххе а юьллуш. Оцу гIуллакхехь заявлени деллачунна пропуск а иштта почтехула йогIур ю, я иза схьаэца мегар ду Дозанан урхаллин герггарчу декъехь (дозанан талламан посташкахь).
Бахархоша, я организацеша заявленеш а, дехарш а почтехула, я зIенан кхечу кепашца дIадохьуьйтуш хилча, цара кхитIе хьесапе оьцу язйина корреспонденци дIасаяхаран нормативаш а, хенаш а, факсимильни а, электронни а хаамаш дIасабахаран, ткъа иштта жоьпаш кхачаран хенаш а.
Заявленешкий, дехаршкий хьовсу «Россин Федерацин бахархойн дехаршка хьовсаран къепан хьокъехь» долчу 2006-чу шеран 2-чу майхьлерчу №59-ф3 йолчу Федеральни законца билгалйинчу хенашкахь.
Дозанан меттигна юккъе богIуш болу (цунах чекхбовлуш болу), цигахь Iаш болу нах декхарийлахь бу шайн белхан декхарш кхочушдеш болчу дозанхойн лехамца стаг мила ву хоуьйтуш долу тоьшалла, я пропуск гайта.
Нагахь санна пропуск яйча, я талхийча, бахархой декхарийлахь бу цунах лаьцна Дозанан урхаллин герггарчу декъе хаам бан.
Тхо тешна ду шу дозанан рожан бакъенаш ларъяр мехала хиларх нийса кхеташ хилча, дозанан меттиге догIуш нийса доцурш а, къовсаме гIуллакхаш а кхолладалар ца хилийта атта хирг хиларх.
Россин ФСБ-н Нохчийн Республикан дозанан урхаллин пресс-служба.
{mosloadposition user9}
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна
test 2Новости СМИ2
Комментарии
Ваш комментарий отправлен на модерацию.
Комментариев еще нет.
См. также